ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хиндерг дуьйцу рузма" арахецна Дагестанехь


"Вон денош" билгалдоху 2019 шеран бусалба рузма яьржина Дагестанехь, цхьаболучара дечу тоьшаллица, шен автор мехкан муфтият а йолуш.

Бусалба динца йогIуш хиларх шеко юьту арахецначу рузмано. "Там-маха бан, хьаькаме дехар дан, юьртара юьрта ваха, дитт догIа, ялта ден, гIишло йотта мегаш доцу денош" ду цо къастош. Арахецна иза, "Кавказ.Реалиин" хьостанаша дийцарехь, муфтиято (бакъду, дац цуьнан мухIар я цIе рузманна тIехь).

И тайпа рузма яржор питане ду - цо кхойкху нах Исламан орамаш охкучу къийсамашка. Марсайоккху и санначу "тептарша" суфешний, салафийашний юкъайоьлла гамо: суфешна хетарехь, "къайле" ю шайхашца, царна девза хиндерг, ткъа салафийаш тешна бу цхьа АллахI бен къайленаш евзаш вацарх, церан кхетамехь бидIа (динехь керла хIума юкъадаккхар) ду арахецна рузма.

Дагестанан муфтин гIовсо Магомедов (Кахибский) Мохьмада "Кавказ.Реалии" тешийра "2019 шеран хиндерг дуьйцу рузма" шайн хьукмато арахецна яцарх.

Бакъду, официалехь цкъачунна дIакхайкхийна дац муфтиято ша оцу рузман автор яцар.

Делахь а, шалхадаьлла имамашна хетарг: цхьаболучара, муфтият сийсазъеш, цхьамма арахецна иза, боху, ткъа кхечара бакъйо рузма, къобалдо "муфтиято иза арахецар".

Шена гина рузма муфтиятан цIарх дIасаяржош, амма иза динан урхаллина тIе IиндагI дожорхьама деш ду, элира тхоьга шен цIе цаяккхар дехначу Гунибан кIоштарчу цхьана маьждиган имамо.

Ткъа кхечу кIоштарчу имамо шен WhatsApp чуьрчу тобанера дIаваьккхина рузма муфтиято арахецна бохуш хьийзина шен юьртахо.

"Кавказ.Реалиин" къамел хилира оцу имамца а, Дагестанан кхин а массех вахархочуьнца а.

Цара массара а дийхира тхоьга шайн цIерш хьулъяр.

Къамелдинчех хьалхарчо иштта элира: цхьаболу дагестанхой теша рузманах, царна хетарехь, "шайхашна а, устазашна девзаш хилла хиндерг".

"ТIерикъатерчу имамаша а боху-кх, къайле йовзар, хIуманах стаг тешор (ильхьам) ШариIато дихкина дац. Ткъа ШариIато магош доцург – мегаш дац, цо стаг куфре кхачаво (динах воккху)", - элира имамо.

Шена бен-башха ду арахецначу рузманна гонах леларг – ша а ву тIерикъатехь, "кхетамца эшна болчу тIерикъатан мурдашна кхуссу тIулг шайна а кхета", аьлла хета тхоьца къамелдинчунна.

Ислам уллера девзачех ву тхоьца къамел дина шолгIаниг. "Хиндерг дуьйцу рузма" туьдуш, цо тоьшаллаш даладо Ибн Раджаб ал-Хьанбали Хьафизан "ЛатIаиф ул-МаIариф" жайни тIера.

Сийлахь Iеламча тешна ву, массарел а деза де АллахIна гIуллакхдеш даьккхинарг хиларх а, минот, сахьт, де-буьйса шайх хIумма а дозуш доцу дуьненан хIоттам хиларх а. "Ахь чохь бепиг деъна тIоьрмиг – дика тоьрмиг бу, ткъа чохь къаьркъа деънарг – вон тIоьрмиг бу бохург санна ду денош "диканаш-вонаш" аьлла декъар. Ца хуьлу денош диканаш я вонаш, ца хеддаш йоьду зама, элира "Кавказ.Реалига" оцу шолгIачо.

Цо масал далош билгалдаьккхира, цхьаболчу бусалбанаша Сафар-беттан тIаьххьарчу кхаарийндийнахь адамна тIе эзар бала бужу олу, амма ШарIе диллича, иштаниг хуьлийла а дац, аьлла.

"Бовла тарло вайна цахуург хууш шайхаш а. Цара бина сацам хьарам бу бохург ма даций иза", аьлла дерзийра Iеламчас шен къамел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG