ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтерчу къизалло айина "цIийн протест"


Мордоверчу №5 набахтера тутмакхаш, Вачаев Идрис - аьрро агIор
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:16 0:00
Линкана тIе

ГIело лан собар а кхачийча, шаьш-шайн гайш этIийна Мордоверчу набахтехь тутмакхаша. Царна иза дан бахьана дацара, аьлла Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло.

Мордоверчу №5 набахтехь тутмакхашна етта, тIехь Iазап латтадо, цигахь кхобучу нохчийн гергарчара дийцарехь. Трофимов Валерий ву луьрачу хьелашкахь таIзар токхуьйтучу оцу набахтин коьртехь.

Кхелашкахь а, ницкъаллин хьукматашкахь а белхаш бина нах бохку юьйцучу набахти чохь.

Гуьмсан кIоштан Комсомольское юьртарчу вахархочо Вачаев ИбрахIима дийцира "Кавказ.Реалиига" хилларг: карарчу беттан юьххьехь цуьнан вашас Идриса а, кхин шиммо а ирачу аьчкаца шайн гайш этIийна, набахтин белхахоша шаьшшиъ хьийзор ву аьлча.

Шаьш-шайна чевнаш йинчу дархошна гIо ца дина. Гангрена йолаелла. Цаьрца агIолоцуш, кхин а ворхIаммо йина шайна чевнаш. Цул тIаьхьа вигина гайнаш этIийна итте а дарбар цIийне.

Тутмакхийн гергарчара цIийца протест яржийнарг 10 ву бахахь а, "Набахти а, бакъо а" юкъаралло бовзуьйту шаьш-шайна зен динарш – 15 стаг ву цо цIеяьккхинарг.

Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо Саратова Хедас хаамбира, ша къамелдина тутмакхаш чуэцначу дарбан цIийнан лоьраца, аьлла. Карарчу хенахь тутмакхаш толуш хиларх тоьшалла дина медико, "бела а боьлу хIорш-м " тIе а тухуш.

"Бела бен дуьсий царна?! Сан къамел хилла оцу набахтехь хан а текхна, араваьллачуьнца. Цара дийцарехь, набахтин буьйрачас Трофимов Валерийс ша а етта, хьийзабо чохьбохкурш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу адамийн бакъонийн кхеташонан цIарх оха оцу набахтерчу хьелийн хьокъехь хаттар дийр ду Оьрсийчоьнан набахтийн урхалле, зIене девр ду Мордоверчу нохчийн диаспорица", - элира Саратовас.

№5 набахтера "цIийн гIаттам" берзанза бу, дийцарехь. Бутт гергга хьалха хилларг нахала даьлча, цигарчу хьаькамашка телефонаш етта буьйлабелла журналисташ, бакъоларъярхой. Чохь бохкучийн гергарчара бечу хаамашца, дIадахначу кхаарийдийнахь (беттан 20-гIа де) йиттина рогIехь арздинчу тутмакхашна – оцу бахьанийца цара а этIийна шайн гайнаш. И хаам баьржина тIаьххьарчу пIераскана (22-чохь), оцу ханна лоьрашкара гIо кхачаза бара дархой.

Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин Мордоверчу декъаца набахтехь лелачу къизаллин хьокъехь зIене елира "Кавказ.Реалиин" корреспондент. Набахтешна тIехьожучара бакъдира 8 тутмакхо шайн гайш этIийна хилар, дисинарг дерриг а дацаре дира.

"2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь №5 йолчу Мордоверчу набахтин ГIудан Изоляторехь (ШИЗО) а, Готтачу Чоьнехь а (ПКТ) валлочу 8-ммо шайн межешна сакхташ дина", аьлла дара Набахтийн урхаллийн декъан пресс-гIоьнчаллин жоп. Цо бахарехь, "хьукматан администрацино низам кхочушдаре шаьш кхайкхича, протесте а бевлла, шаьш-шайна зен дина" тутмакхаша.

Дархошна хеннахь лоьралла дина, уьш хIинца кхерамзаллехь бу, боху Набахтийн урхаллан декъо. " Буьйцучара шаьш-шайна зенаш дина хьаькамашна кхерам тасархьама, таIзар токхуш лан дезарг цалархьама. Билгалдаккха догIу, цIерш яьхнарш бу набахтера низамаш диллина талхочу тутмакхийн могIарахь", боху урхалло шен жоьпехь.

Цо бахарехь, "кху беттанан 20-чу дийнахь Мордоверчу Исламан центрехь вовшахкхетта Мордовин а, Нохчийчоьнан а набахтешна тIехьожу комиссеш, цара дийцаредина Къилбаседа Кавказера болчу тутмакхашкара хьал".

Амма Нохчийчуьрчу тIехьажархоша латкъам бина, шаьш №5 набахте ца кхачийтина, шайна ца хаьа муьлхачу хьолехь бу лецнакхобурш, аьлла.

Луьрачу Хьолан Баракехь кхо шо

"Кхо шо гергга ду сан ваша Луьрачу Хьолан Баракехь (БУРехь) а, ГIудан изоляторехь а (ШИЗО) кхобу, иза чIогIа хьийзаво. Ши шо хьалха хилла со иза волчохь, цул тIаьхьа кхин гайтина вац тхуна – даима а тIаIзарна кIел кхобу Идрис. Цхьа шой, кхобуттий бисина иза аравала. Нохчийчохь зуда а, диъ жима бер а ду иза цIаваре хьоьжуш", дуьйцу Вачаев ИбрахIима.

Идрис цIенна гергавалор доьхуш, дуккхаза а яздина цуьнан гергарчара Оьрсийчоьнан набайтийн урхалле. Амма кхочучу жоьпашкахь боху, 1989-1991-чу шерашкахь цо милицехь болх бина, цундела Iедалан ницкъаллин структурашкахь къахьегначу нехан набахтехь бен иза кхобийла дац, ткъа ишта набахти яц Нохчийчохь.

Сайхьат ю Мордоверчу оццу №5 набахтехь хан токхуш волчу Аюбов Идрисан нана. Цо дийцарехь, кIант чохь валлочу деа шера чохь цкъа а ца йитина иза цунна тIе. Стаг верна 18 шо хан токхуш ву Сайхьатан воI. Шаьш-шайн гайнаш этIийначийн могIарахь ву иза а.

"ГIело йо оцу набахтин хьаькамо Трофимовс. Зударий санна хьийзор бу лецнарш бохуш кхерамаш туьйсу. Дуьххьара дац цигахь тутмакхаша шаьш-шайна чевнаш яр. Хьалхо сан кIентан куьг каггийра цигахь. Веъначу тIехьажархочо хаьттина, "кху куьйга яздирий ахь арз?". Аьчка неIара юкъа а Iаьвдина, кагдина куьг. Йиттинера, хьатIца цIий оьхуш, вехха Iиллира Идрис лазартнехь," – леткъа Сайхьат.

Набахтера араваьлларг

Ша дукха хан яц Мордоверчу набахтера мукъаваьлла, элира "Кавказ.Реалица" зIене ваьллачу Нохчийчуьрчу вахархочо Бисинаев Абубакара.

"№5 набахтехь Iийна со. Хьаькамо Трофимов Валерийс ша йиттина суна массийттаза. Ас аьрзнаш яздора, царех пайда а болура. Дукха хьолехь набахтера ара ца долуьйту арз. Адвокатехула бен ца кхочу ахь хьажийначе. Ткъа аьрзнаш дийраш даима а санна кхобу таIзар дечу баракехь, я изоляторехь. Набахте бакъоларъярхой баьхкича, аьрзнаш деш хьо велахь, дIалачкъаво лазартне я Готтачу Чоьне (ПКТ), ткъа хьан цIе тIехь йолу бейдж уллу набахтина муьтIахь волчу кхечу тутмакхна. Цо аьшпаш бутту, ша со а ву, шен дерриг дика а ду, олий. Иттаннал а сов ву №5 набахтехь кху муьрехь шаьш-шайн гай датIийнарг, боху Бисинаевс.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG