ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасера кхел: протестан деношкахь мобилан зIе нийсса дIалакъийна


Магасехь буьйса
Магасехь буьйса

Магасера кхел: яц харцо протестан деношкахь мобилан зIе дIалакъор

Настоящее Время (Керла Хан)

Магасерчу вахархочо Хазбиев Мурада чуделла арз листина яьлла кIоштан кхел, хаам баржийна бакъоларъяран "Агора" юкъараллин куьйгалхочо Чиков Павела. Цо бахарехь, нийса хадийна мобилан зIе гуламаш боьлхучу юкъанна, аьлла бина сацам.

Кхел тIетевжина "ЗIенах" цIе йолчу низаман 64-чу артиклна: цо зIенан операторш декхаребо, "бух боллуш ядина довзийтинчу бахьанашца а догIуш", ханна зIе дIалакъо.

Чиковс дийцарехь, ГIалгIайчуьрчу къайлахчу сервисо (ФСБ) даредина махкхахь кху тIаьххьарчу шерачохь 8-зза мобилан интернет "диверси я терроран тохар дарна болучу кхерамца" дIасацийна хилар. "Агорин" лидеро бинчу тидамца а догIуш, зIе хедор хIоразза а кхочу ГIалгIайчохь протестан гуламаш лаьттинчу деношна.

Хазбиев Мурада чIагIдо: интернет дIаяьккхина латтийна гуламех болу хаамаш дIаса ца баржийта йолчу Iалашонца. Кхелан сацамна арздан дагахь ву иза хIинца.

  • 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша тIечIагIбира шина махко дозанийн хьокъехь кечбина барт. Цуьнца а догIуш, мехкаша вовшашца хийцира цхьатерра долу лаьттан ши дакъа: Теркйистан дакъа дIаделира Нохчийчоьне, МаьлгIабекан дозанашца догIу латта кхачийра ГIалгIайчоьнна.
  • Гезгмашин бутт боьрзуш Магасехь а, цунна гонах а юьйлаелира хийцамашна резабоцучийн митингаш. Цхьайолу акцеш Iедало а магош дIаяьхьира протестхоша. Амма хеда юьйлира оцу муьрехь интернет, мобилан зIе.
  • Гезгмашин-беттан 19-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вахара ГIалгIайчу, шена "жаIу" аьлла бохуш вуьйцург жоьпе веха. Шиммо а къинтIера ваьккхира шаьшшиъ вовшашна.
  • Гезгмашин-беттан 25-чу дийнан сарахь нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд) кхечира гIалгIайн кхечу лидеран, Керлачу Редантерчу Барахоев Ахьмадан кевне. Барахоевга, ша иза шарIан кхеле кхойкху, элира Лорда.
  • Гезгмашин-беттан 26-чохь Кадыров юха а вахара ГIалгIайчу – протестан кхечу жигархочуьнга, гIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийначу Погоров Ахьмаде Магасерчу гуламехь шех лаьцна дийцинчух жоп деха. Иза хиинчу наха шатайпа гулам хIоттийра Погоровн цIенна хьалха. Оцу юкъанна, шаьш а бевлла, дийцарш дIадаьхьира хIусаман деца Кадыровс а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутато Делимханов Адам а, спикеро Даудов Мохьмада а, церан уллерчу гоно а. Цул тIаьхьа уьш Погоровца цхьана хIиттира наханна хьалха, къинтIера бевлира вовшашна.
  • Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан Конституцино юхабаьккхира шина мехкан дазанех болу барт, иза богIуш бац ГIалгIайн Республикан конституцица", аьлла. И сацам къобалбира гIалгIайн къоман Дуьненаюкъарчу конгрессо, лаьттан хьокъехь референдум хIотто Iедал декхаре а деш. Цул тIаьхьа шина а республикан куьйгалхой бевлира Оьрсийчоьнан Конститцин кхеле – дийхира дозанийн хьокъехь шаьш бина барт зер, цуьнан мах хадор.
  • Оьрсийчоьнан Конституцин кхело ГIуран-беттан 6-чу дийнахь шен кхеташонехь сацийра Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедало лаьттанийн хьокъехь бина барт къолбан. ГIалгIайчоьнан парламенте кховдийра керлачу низаман проект - махкахь референдум дIаяхьа магош йолу бакъо хийца Iалашо ю цуьнан.
  • Референдуман низамца бан беза аьлла хета хийцамаш кховдийра Iедало ГIалгIайчоьнан парламенте. Мехкан доза хуьйцуш референдум дIаяхьа ца оьшу, бохура проектан дакъо.
  • Проект, шолгIачу ладегIаршка а кхаьчна, кхушеран Зазадоккху-беттан 28-чохь парламенто йийцареян езаш а йолуш, мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека (20-чохь) юхайийхира – хьукматийн кхин а болхбан беза цунна тIехь, аьлла дара бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG