ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши бIаьрг баьлла Фемида


Садовская Алёна

Нальчик гIалин кхелахочо Жигунов Асламбека дов луьстучу чоьнашка ца вуьту Вольный эвлара жигархо Иритов Аслан. Ткъа кхел-м ю шена Иритовна тIехь еш. Болх беш хьийзачу полисхошна тIелатарна бехкево иза.

Лурчах гурахь Вольный юьртарчу вежарийн ИртовгIеран – Асланан а, Бесланан а – керта баьхкина полисхой, коьртехь экстремизмца къийсам латточу "Э" центран, полицерчу бехктакхаман декъан куьйгалхой а болуш.

Шаьш ИртовгIаьрга официалехь полице кхайкха даьхкина аьлла цара. Олуш-дуьйцуш, дош дашера а даьлла, вовшахлетта баьхкинарш а, бухарнаш а. Бесланан пIенда кагбина, Асланан дерриг а дегI Iарждина, ткъа цуьнан зудчун Маринин пIелг чуьрабаьккхина, цушиннан йоьIан, Анжеликин, корта лазийна.

Иритов Аслана куьйгашца легаш Iийдина цхьана полисхочун, боху хIиттийначу кехаташа. Ткъа Аслан-м ву ший а куьг доцуш!

Дов иккхина хан йогIу Нальчико шен лаьттанаш дIасадаларна резайоцуш, Вольный юьрт гуламе яьлла леллачу деношца.

Нехан керта а баьхкина, леттачу полисхошка хIума ца боху Iедало. Ткъа ИритовгIар, царна тIелатарна, вуно сиха ийзийна жоьпе. Дов шина декъе а даьккхина, долийра листа. Яхначу гурахь Иритов Бесланна ах шо кхайкхийра набахтехь даккха. Амма Асланан кхел яц тахана а йирзина.

Ши бутт хьалха кхелахочо Жигуновс ладегIаршкара ханна араваьккхира Аслан. Кху деношкахь гуттаренна а дихкина цунна шен кхеле ван.

"Тоьшалла дан баьхкинчу полисхоша дуьйцу кхеле, шайх летта, шайга боьха лийна тхан кертара зударий, бохуш. Ас кхел дIахьочуьнга дийхира, тешашка аьшпаш ма битта алахьара, аьлла. "Хьуна ган ма гина видео, стенна могуьйту ахь полисхошна харц лен"" – элира ас. Амма кхелахочо ца совцийра полисхой аьшпаш буьттучуьра", боху "Кавказ.Реалиига" Иритов Аслана.

Аслана кхидIа дийцарехь, полисхоша дIаязйинчу видеога хьажар дехна цо кхелахочуьнга Жигуновга. Иза реза ца хилла. "Со оьгIазвахара, ас юх-юха а доьхура видеога хьажар, рогIерчу полисхочо доцург дуьйцийла гайтархьама. Кхело со чуьра араваьккхира", чIагIдо шен дов ша тIехь а воцуш луьстуш хиларна резавоцчу Иритовс.

"Сан бакъо ю къовса. Харцо къовсуш, прокурорний, тхуний юкъахь хила торуш ду дош дашера далар. Амма юьтуш яц тхоьгахь и бакъо. Ас дуккхаза а дехна прокуроррий, кхелахой хийцар, иза хезаш дац Iедална", дуьйцу Иритов Аслана.

Цо дагалоьцу цхьана дийнахь кхелехь иккхина хьал. Полисхоша вовшашна хьоьхуш хилла тоьшалла муха дан деза, царна уллехь хиина Iачу цхьана зудчо кхелахочуьнга аьлла: "Кхузахь тешаш вовшашна хьехамаш беш Iа, иза стенна могуьйту аш?" Цунна тIетайна кхин а масех зуда. Кхелахочо ладегIаршкара арабаьхна и зударий!

"Хуьлу иштаниг кхелехь. Регламент ларъеш ца хилча. Низамо магадо нах, цара балханна новкъарло еш елахь, чуьра арабаха", элира "Кавказ.Реалиига" Иритов Асланна цхьана юкъанна накъосталла деш хиллачу адвокато Бондаренко Романа.

Бондаренкос бахарехь, Иритовс баккъал а талхош хилла регламент.

"Кхелахочо цуьнга собаре хила олу, ткъа иза ца соцу луьйчура. Дуккхаза а нисделира ишта. Ши бутт хьалха, иза кхелера аравоккхучу дийнахь, со вара цигахь, кхелахо харц вацара. Иритовн бакъо хир ю ладегIарш дирзича, жамI дечу муьрехь, шен кхеле ван, вистхила. Цьунгара бакъо ца яьккхина цхьаммо а", элира адвокато.

Делахь а, Бондаренкос бакъво Иритов Аслан цунна прокурор, кхелахо цатарца. "Оха дуккхаза а баьхна кхелехь, тхан бакъонаш талхайо, кхелахо полисхошкахьа вуьйлу, адвокатна аьтто ца бо цаьрга хеттарш дан", дуьйцу дукха хан йоццуш девнан декъараваьллачу Бондаренкос.

Ткъа Нальчикера кхин адвокат, Караваев Александр (Иритов Бесланан агIолоцуш вара иза), реза вац шен коллегас бохучуьнца. Аслан шена тIехь ечу кхелера араваккхар данне а дац нийса, аьлла хета цунна.

"Кхело шена ма-луъу кхеточух тера ду низам. Иритовс оццул чIогIа, шен кхелера араваккхал, дина хIума дац – харцхьа ца лелла, ца летта, стенна вокккхуш ву ара? Стеган дов муха хотту иза декъахь а ца вуьтуш? Иза ладогIархо ма вац, цунна тухуш ма ю хан. Кхело дIахаийтина шен дагахь дерг – цо, "яц тхан Iалашо дов нийса листа, оха тхайна луъург дийр ду, резавоцург аравала", бохуш санна нисло", цецвуьйлу Караваев.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Путин велла дIаваллалц президент хила веза аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG