ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненко Александр вер гойту опера хIоттош ю Британехь


Оьрсийчуьра ведда, Лондонехь ваьхначу, цигахь полоний-дIаьвшаца вийначу ФСБ-н офицеран Литвиненко Александран кхолламах лаьцна опера кечъеш ю Суррей-махкан шахьарара Гилфорд гIалара Grande Opera Park.

2020-чу шарахь хIоттонйолчу оперина мукъамаш кхоьллина Болтон Энтонис. Гайтаман продюссеро бечу хаамца, Болтона уьш кечбина Оьрсийчоьнан эскаран тIеман маршан а, оьрсийн футболан а, Нохчийчоьнан а гимнаш тIехь.

Оьрсийчуьра стенна ведира къайлахчу сервисан эпсар Литвиненко, хIун дара иза вен кхачийнарг гойтуш, авторша шуьйрра пайдаоьцу Оьрсийчохь а, Лондонехь а гулйинчу видеохроникех.

Лондонера Old Viс Theatre яра дуьххьара Литвиненко Александран дахарх а, кхалхарх а лаьцна спектакл Британехь хIоттийнарг - стохка бIаьста дара иза. Бухе йиллира авторша The Guardian газетан цIарх Москвахь корреспондент Iийначу Хардинг Люка яздина тептар – "ТIех деза дIовш".

ХIинца кечъечу Гилфордерчу операн коьрта маьIна ишта ду: Оьрсийчуьра ведда, Лондонехь вехачу Литвиненко Александре хаам кхочу, цуьнан сурт гIокхе а хIоттийна, цунна тIе тапчанаш етташ, герз тоха Iемаш бара ФСБ-ра цуьнан коллегаш, олий. Оццу муьрехь хуьлу, ша санна Оьрсийчуьра ведда, Британехь веха бизнесхо Березовский Борис вен омра динера ФСБ-но, аьлла, Литвинкос прессехула хаам баржийча. Оперехь, дахарехь а санна, дIовш ло цунна Оьрсийчуьра баьхкинчу шпионаша, иза ле.

ФСБ-н коьрта хьаькаман васт ловзош ву оперехь Уотт Эндрю, Березовскийн васт – Слейтер Эндрю, Литвиненкон – Дуайер Эдриан, Литвиненкон зудчун Маринин васт ловзадо Боттоне Ребеккас.

Ингалс маттахь, оьрсийн къамелаш юкъа а далош, хIоттийна опера.

Дагалацам

1999-чу шарахь Москох лецира ФСБ-н эпсар Литвиненко Александр, иза шена даржо лучу бакъонел совваьлла аьлла. Кхело бехказваьккхира иза.

Амма ФСБ-но, дов дирзина а далале, кхин бехк кховдийра цунна тIе. Шо даьлча и дов а къевлира дIа, зулам дина ала бух а ца карийна.

КхоазлагIа а бехк кховдийра цунна тIе – эццахь Литвиненко шен доьзалца цхьана ведира Оьрсийчуьра. Британино тховкIело елира.

Велла Литвиненко Александр 2006-чу шеран Iай. Британино чIагIдарехь, къайлахчу сервисехь эпсар лаьттинчу, тахана Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Луговой Андрейс а, цуьнан доттагIчо, бизнесхочо Ковтун Дмитрийс а дIовш тесна Литвиненкон чайна чу, шаьш иза кафе кхайкхича. Амма Луговой а, Ковтун а кIера ца хилла шайн бехканна, ца вахара иза шиъ шайна т1ехь Лондонехь еш хиллачу кхеле а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG