ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахь хIун дина нохчийн мотт ца балийта?


Оьрсийчуьрчу къаьмнаша ненан меттанаш ледара буьйцуш ца ловчарна дуьхьалдаха бахьанаш даима а карадо. Иштта хила дезаш санна даладо дешарх жоп лучу пачхьалкхан хьаькамаша хIара бахьана: дай-наношна ца лаьа берашка ненан мотт Iамабайта.

Меттанаш лекъа къаьмнийн векалша аьтто а беш.

Къаьмнийн меттанашкара хьал дика гойту деношкахь «Эхо Москвы» радиона, шега шайн махкахь ненан мотт хьоьхий, аьлла, хаьттича, Баркортостан лидеро Хамитов Рустэма деллачу жоьпо.

- ХIаъ, кIиранах 1-2 сахьт ду луш, - элира цо.

ХIораннан а бакъо ю шен ненан маттахь юкъарло лелон, бер кхион, Iамон…

Формалехь хIора республикехь а бу ненан мотт, оьрсийниг а санна, пачхьалкхан мотт ларалуш.

Оьрсийчоьнан конституцино шен 26-гIа артиклца билгалбоккху къоман меттан меттиг. «1. ХIораннан а бакъо ю харжа а, билгалъяккха а шен къоман башхалла… 2. ХIораннан а бакъо ю шен ненан маттахь юкъарло лелон, бер кхион, Iамон…».

Нохчийн маттана пачхьалкхан меттан статус луш ду Нохчийчоьнан конституцин 10-чу артиклан 1-ра дакъа. Махкахь дехачу ден а, ненан а бакъо ю берана ненан маттахь хьоьху школа къасто а, ненан маттахь иза Iамадайта а («Нохчийн Республикерчу меттанех» низам, 7-г1а артикл, 4-5-гIа дакъош).

Ненан мотт, хаьттича, массарна а бу беза, лаьа иза могуш-маьрша бехийла. Иза ца хеддаш дийца а дуьйцу. Ткъа дийцаро еш яц кхачо. Бац нохчийн мотт Нохчийчохь оьрсийн маттаца цхьабосса бекъалуш я арахь а, я Iедалан чоьнаш чохь а. "Пачхьалкхан бу" алар дисина конституцина шенна.

Лингвистан Вагапов Iаьрбин ойланаш

Нохчийн мотт кIаргбарехь, цуьнан Iаманташ шаръярехь, дошамнаш хIиттош, керла терминаш кхуллуш - дуккха а филологехь къахьоьгучу Iилманчица Вагапов Iаьрбица тIаьххьарчу заманахь Маршо Радионо динчу къамелийн кийсакаша гойту мел ледара ю вайн меттан могашалла.

Вагаповна хаьа, муха, хIун дича нохчийн мотт денлур бара, дено-дено лацалуш лаьттачуьра басталур бара.

Вагапов: «Оьрсийн мотт буьйцучу пачхьалкха юкъахь ду вай. Мотт вайниг а, цераниг а цхьатерра бу аьлла ду, амма цхьатерра хила ма ца хуьлу. Массо а пачхьалкхан некъ а, гIуллакх а оцу маттахь лелош хилча, вайн маттахь кIеззиг бен ца хилча.

Нехан кхетам муха бу? Атта лела стагна атта ду. Стагна чолхе лела, хала лела ца лаьа. Ткъа ши мотт цхьатерра лелон атта дац. Цундела шайна хьалха багадеана дош дIаолу.

Маттаца белхан функцеш хила еза. Йозан жигаралла. ХIинцца гулам хили, цуьнан сацам нохчийн маттахь дIаязбеш хилча, дIадохьуьйту кехат, пачхьалкхан кехат, схьадоуьйту кехат, документаш нохчийн маттахь хилча, тIаккха меттан функцеш шорло, бух, лард чIагIло. Иза ца хилча, чохь буьйцу мотт а хуьлий буьсу мотт. «Чай да», «ахь школехь тахана хIун дина?» - чохь ойла къадоррий бен, кхин цо деш хIума дац.

Iилманах дерг аьлча, термин кхолла хьо воьлча, гочдан воьлча - «хIара хIунда оьшу?», «кхунах хIун до?», «и хьанна хуур ду?», «и маца хуур ду?..» - уьш дуьйцу наха. И нийса дац.

…Коьртаниг, меттан белхан функци ю, школехь сахьташ алсамдахар ду. Ткъа иза лахлуш лаьтта.

…Тахана ахь муха лелабо мотт, муха буьйцу ахь иза? Телевизор чохь мел буьйцу иза? Белха тIехь лелош бу иза я бац? Базара вахча, ахь эриг нохчийн маттахь олу, ца олу? …Ур-атталла, мегачохь а, далучохь а деш дац вай.

Дан хала а, къахьега а дезаш долу хIума цхьанна тIетотту хIораммо, «ас хIун дан деза?», «ас хIун дан деза?», бохуш. Шена тIе ца лоцу цо иза цкъа а. Иза ду уггаре а кхераме хIума. Цхьадерш сица а ду, бах ас, цIийца ду. Кхана хIун хир ду, бохург, иза хила деза стеган коьрта чохь.

…Нехан матта тIе девр долуш ду вай, вайн тIаьхье аьлча а, нагахь санна вешан мотт ца ларбахь. Масал даладо ас, башха «эхь-аьлла» дацахь а. Пен, масала, цIийнан, кертан пен, лесташ хуьлу иза. Иза ган а гуш, хIумма а ца дешверг вуй, цуьнан дола дан дезашверг вуй, цо иза охьакхетийтахь, вуй и бехке, охьакхетарна?..»

... Ма олийла ахь, хьуо вацара ненан мотт дIатеснарг

Маттах, цуьнан баланех дийца даьккхича а карадо вайна къамел адамийн тобанашца лелачу гамонех, цабезамех доза бахьана. «Политика ю хьан къамела бухахь» ала торуш хуьлу вешан меттан хазалла ларъян еза вай, и дан аьтто кхачошъерг уггаре хьалха пачхьалкх ю, цуьнан дай бу аьлча а!

Ткъа шашах мотт гIоттур боцийла, урамийн аннаш тIе ша язлур боцийла, пачхьалкхан кехате ша боьрзур боцийла кхета милла а...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG