ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Барт эгIийна майда - Фатанга


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:34 0:00
Линкана тIе

ХIирийчохь берийн беш ян дIаелла Iаламан Iаламатийн майда

Фатанга – Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ламанан Дигорера, шена тIехь генарчу заманийн тешаш, вуно шира чхарнаш лаьтта атагIи, Iаламан Iаламатийн майда. Пайдаэца хьолахошка дIаелла халкъо шена еза лору и меттиг. Стенна иза дина, муха магийна, хала ду ала хьаькамашна: мехкан реестрехь хьаян цамагош йолу Iаламан хазна ю Фатанга.

Къовсам: берийн беш я заманийн теш

"Йоккха атагIи ю Фатанга. Лаьтта лаьмнийн когашна 1300-1500 метр лакхахь, тхан хьукматна юкъайогIу иза", элира шен леткъамехь Фатанга юкъайогIучу ХIирийн къоман "Алания" паркан куьйгалхочо Гатцаев Марата.

Фатанга - лаьмнашна юккъехь лаьтта шера аре ю, оцу меттехь эзарнаш шераш хьалха боккха ишал лаьттина, боху Iилмано. АтагIи яьккхина ду шира чхьарнаш, пхи бIе сов бу уьш. Iаламан Iаламат иза хиларе терра, Iедало ларъеш а, Iалашъеш а, ю боху низамо. Цундела бакъо яц цигахь даьхни кхаба, иза гIишлошна дIаерзо, я охуш лело.

ХIинца Фатангех хилларг кхетош вац цхьа а. Муха йина цунах "бошмашлелорхойн долара майда"? Хьаькамашна ца карийна хаттарна дуьхьал жоп. Дац церан ала хIума. Дарбадан вахана цхьаъ, гайта документаш дац кхечуьнгахь, Фатангех лаьцна хаьттича, сихха телефон охьаюьллу вукхара.

Бошмашлелорхойн "Галауз" юкъаралле дIаделла Фатангин дакъа дайначу шеран гурахь, ГIадужу-баттахь. Хьукматан куьйгалхочо Миндзаев Iалихана чIагдарехь, цуьнга латта, Iаламан Iаламат ду, ларде, аьлла ца делла, беш ен а, кхио а дIаделла.

Миндзаев бакъ ву цхьана агIор. 13 шо хьалха арадаьккхинчу документо боху, латта бошмашна хьажийна ду. Амма Фатанга Iедало ларъечу Iаламан хазанийн могIараяьккхина Къилбаседа ХIирийчоьно 2008-чу шарахь.

Фатанга ларъеш яц

Оьрсийчоьнан низамаша бахарехь, Iаламан Iаламаташ бакъо ю долаяха, амма долахочо леррина ларъеш хила еза уьш. Аьлча а, бакъо яц царна тIехь гIишлош ян а, бошмашна уьш дIаерзо а.

Стохка аьхка Ираф-кIоштан администрацино, йохка, кхоже йиллира Фатанга. Амма Оьрсийчоьнан рееестрийн урхалло дихкира цхьаьнга дIаяла. ХIан-хIа, ца дихкира иза Iаламан Iаламат хиларна – цига ялина серло яц, газ яц, хи дац, аьлла, дихкира. Ткъа ца белира цул тIаьхьа кхо бутт а - бошмашлелорхойн "Галауз" хьукмате дIаелира атагIи. Муха иза нисделла ца хаьа шена, олу хIора хьаькамо.

Ур-атталла Оьрсийчоьнан реестрехь (Росреестр) а дац Фатанга хьаьнга кхаьчна кхета йиш йолу йоза.

"Оха зийна дерриг а, теллина тхайн документийн архив. Бахам низамца а балош, цуьнан доза къасто, реестре иза дIаязбан аьтто бац тхан цкъачунна – долахочо оьшу материалаш схьаялаза ю тхоьга", боху Росреестран республикерчу декъан куьйгалхочо Токаев Казбека.

Массанхьа а санна, Фатангех дерг шайна хууш дац, элира мехкан бахаман министраллерчу хьаькамаша а.

"Муха йина оцу меттехь гIишлош, хьан магийна, иза кхеташ дац. Дера еза уьш-м дIахьакха, цIанъян еза атагIи. Делахь а, уггаре хьалха талла деза, хьан магийна цигахь гIишлош ян. И таллам дIабахьа таханенна ницкъ берг цхьа прокуратура бен яц", жоп делира журналистан хаттарна пачхьалкхан бахаман а, лаьттанашца йолчу юкъаметиигийн а министра Тедеев Руслана.

Шаьш таллам болийна, цкъачунна жамI дан кийча дац, элира республикан прокуратурехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Путин велла дIаваллалц президент хила веза аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG