ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра хьал листа ца ларийна Матовников?


Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Матовников Александр а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Матовников Александр а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Загидова Марьям

Къилбаседа Кавказан федералан гонна коьрте Матовников Александр хIоттийна шо гергга ду. Оцу хена чохь иккхина ГIебарта-Балкхоройчуьрчу Кенделенехь конфликт, цо болхбечу беттанашкахь лецна Кхарачой-Чергазийчуьра АрашуковгIар, иза даржехь а волуш гIевттира протестан акцеш ГIалгIайчохь. "Кавказ.Реалиино" хаьттира эксперташка, муха мах хадабо цара керла хIоттийначу политикан векалерчу таронийн.

Массанхьа а - ницкъхой

"2018-чу шеран Мангал-баттахь лаккхарчу эпсаран даржашкахь Iийна эскархо (30 шарахь "Альфа" тобанехь – Федералан кхерамзаллин центран декъехь – Iийна Матовников, цул тIаьхьа лаьттина Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн Инарла штабан лерринчу дакъойн буьйранчин гIовс – редкацин билгалдаккхар) Къилбаседа Кавказе шен векал хьажорца президенто гайтира ша регион ницкъийн долара яккха дагахь воцийла"- боху ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин офисан куьйгалхочо Муцольгов Руслана.

"Ницкъхойн, лерринчу дакъойн олалла чIагIлуш ду пачхьалкхехь, доладо цо бизнесан а, политикан а. Шегарчу дарже Матовников хIоттор а дара и чIагIо Кремлна шоръян лаарца доьзна", Муцольговна хетарехь.

Цуьнан дешнашца аьлча, Нохчийчоьнан-ГIалгIайчоьнан дозанаш къастош айбинчу балхо эшийра регионера хьал. "Оцу тIехь Матовников хьалханчийн могIарахь ву. ЦIеххьана, ондда гIулчаш яьхча, ша даржехь чIагIлур ву моьттура цунна. Иза гайта воллура ша кхузахь воккха хьаькам вуйла. Амма оцу кепо цхьа эпсар кхечу эпсарна хьалха бехкала воьду хьал эккхийтина", боху "Яблоко" партин векало.

Экономикехь кхиамаш, я политикехь барт карор бу кеста, аьлла, паргIатбовла меттиг яц кавказхошна цкъачунна, аьлла ю Муцольговн прогноз. "Матовниковс дахарехь чIагIдендерг ницкъаллин га бен дац, ницкъаш андабахалур бу цуьнга, кхин хIума далур дац. Кадрашца тахана лелош йоллу "гома" политика дIалелар ю, Iедало ницкъхойн караделла царна девзаш а доцу даржаш: пачхьалкхан урхаллехь, бизнесехь, финансашкахь, иштта дIа кхин а", - элира Муцольгов Руслана.

Белхан декхарш а, эладитанаш а

Президенто Матовников Александрна тешийна полит-векалт массийтта хьовзамца Iоттаелла кху йоццачу хенахь, элира "РИА Дербент" агенталлерчу журналисто Бутаев Малика "Кавказ.Реалиига".

"Цул хьалха даржехь Iийнарш дагалаьцча, Кавказехь царна балеяьлларг яра терроран проблема. Тахана яц къайлах лела гIеранаш. Бакъду, Матовников Дагестане моссаза вогIу а айдо наха эладитанаш, эксперташ прогнозаш хIитто буьйлало, " - боху Бутаевс.

"Матовниковна шен балха тIехь нисъеллачу проблемех уггаре йоккханиг ю гIалгIайн протесташ. Цаьрца иза, вай мухха а дийцахь а, лара ца велла, ца ларавелла Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошца оццул тIекаре воллушехь. Суна хетарехь, могуьйтур дац цунна, нагахь санна Кавказера хьал цо цхьана хорша ца даладахь", боху Бутаевс.

Цунна хетарехь, Дагестанехь лелхаш хуьлучу конфликташна юкъа ца гIерта Матовников. "Республикера проблемаш цо ца хьейо, хIунда аьлча, Дагестанан куьйгалхо Васильев Александр ша а ву и санна эпсар, и санна дош лелаш стаг".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG