ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Зудаберашна, зударшна, пене а хIиттабой, еттара"


Севрюгин Игорь "Карара Хан" (Настоящее время")

Политикан тутмакхаш лаьттинчу Муртазалиевас а, Навальныйс а – набахтешкарчу дахарх лаьцна

14 сахьтехь, лай санна, вацош, сийсазвеш, етташ – иштта дуьйцу тутмакхера хьал. Кху заманахь хIора набахтехь бу, официало бахарехь, болх а, алапа а. Билггал хIун до лецначара набахтехь, муха беха, мел тоьа цигахь делла алапа? Оцу хьокъехь дийцира "Севрюгин Игорца суьйренаш" цIе йолчу Маршо Радион телехьожийлица Муртазалиева Зараа а, Навальный Олега а.

"Тегна цабевлларш "гIожмаш кIел" хьийсабора"

Муртазалиева Зараъна 2004-чу шарахь, Москох "Охотный ряд" базарахь эккхийтар дан йоллура, аьлла, 8 шой 6 буттий хан туьйхира. Цо тIе ца ийцира шена бехк. Нохчийн йоIанна цо ца дина зулам тIехьарчийна, бехира Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу а бакъоларъярхоша. Амма йоI набахте яхийтира. Шена тоьхна хан юьззина текхира цо. Иза лоцучу хенахь 20 шо дара цуьнан.

Набахтех мукъаяьлча, Франце дIаяхара Зараъ, политикан тховкIело елла цунна цигахь. Деношкахь Парижехь цуьнца къамел хилира Настоящее Время (Карара Хан) программин журналистан Северюгин Игоран.

- Тхан набахтехь, зударийн кхечу набахтешкахь а санна, хIуманаш тоьгуьйтура, де-буьйса доцуш, кхаа белхан ражехь. Тхаьш 8 сахьтехь болх бина, олий, куьйгаш яздора, амма 12-14 сахьтехь къахьоьгуьйтура.

Со хIуманаш тоьгучу фабрикехь яра. Дера бара бале лоцуш болх-м. Шира, хIаллакьхилла яра чархаш, лартIахь ца тегалора.

МоггIара лаьттара чархаш, йоккха чоь, болуш бара тхов – оха чийликаш буха хIиттадора, ладар тхаьшна тIе ца лешийта. Кест-кеста, болх беш лаьтташехь, лелхара тхан чархаш – тиша хиларна, тоькан серий дерзина хиларна. Кхеташ ду, чохь лаьтта хиш а, тIуьналла а яра бехке.

Чархийн могIаршна юккъехула тIехьовсурш лелара, карахь резаьнкин гIожмаш а йолуш. Уьш боцуш, бригадир а ма леларий тIехьожуш, болх сихбе, олий, мохь а тухуш.

- Алапа лорий шуна оцу балханна?

- Лора. Баттахь – со дика белхало ларалуш яра – 230 сом лора.

-Хьуна хIун эца иза тоьара?

- ХIумма а эца а ца тоьура. Жима туька яра, тIейоьду хьо - цигахь деккъа сабий, цергийн пастий. …Ца хилча ца долург тутмакхна луш ду аьлла яздина ма дарий – цергаш юьлу гIирс, саба, цхьа жима крем. Амма и дерриг а туьканара эца дезаш дара.

Оха куьг яздора кехаташна, тхайна саба, цергийн гIирс бели, олий, ткъа туькана доьлхура уьш эца. ТIаьххьара а тхан набахтин хьаькам Нецкин ша воьллира набахти чу {Нецкин Дмитрийна 2016 шарахь хан тоьхна алссам кхаъ эцарна – НВ}.

Ахь дийнан декхар кхочуш ца динехь, белхан зонера араволлуче духьалбаьхкина лаьттачу хьаькамаша хьо сацавора. Цаьргахь хьан, муха болх бина гойтуш тептар хуьлура.

Ахь дерриг де а, кхин а тIетуху хан а дийнан декхар кхочуш ца деш яккхинехь, бригадиро шен тептар хIоттадора, тегна цабевлларш "гIожмаш кIел" хьийсош – "дубинал кIел". Цхьа жима чоь яра иза, зудаберашна, зударшна, пене а хIиттабой, етта йолайора, жаннаш тIе, кIажошна, дегIа тIе еттара резаьнкин гIаж.

"Йиттина хилар набахтехь гучу ца даккхалора цкъа а"

Еттар а, лай санна, тутмакхаш бацор а гудоккхийла данне а дац набахтешкахь, тешна ву Навальный Олег. "Ив Роше гIуллакхца" доьзна цунна 3,5 шо хан туьйхира. Бакъоларъярхоша а, адвокаташа а иза политика бахьана долуш набахте хьажийна лору – цуьнан ваша Навальный Алексей оппозиционер хиларца доьзна.

- Ахь, Олег, цкъа хьайн интервьюхь элира, ахь ма-аллара карладоккху ас: "Набахтера дахар – могIарниг ду: гIаттар, дегI меттахдаккхар, яар, болх, делкъе яр, вижар, гIаттор". Мел хан йоьдура хьан балха тIехь?

— Хетарехь, 8 сахьтехь бора ас болх, бечу хенахь.

— Мах лорий барна?

— Лора дера.

— ХIун дора ахь?

— Ас хIумма а ца дора. Ас болх беш даьхначу сахьташна лора суна мах. Ас мелхо а юкъахбохура нехан болх, саботаж лелайора, анархи. Йоццачу хенахь библиотекехь болх бира ас.

— Ткъа бан хIун белхаш бара набахтехь?

— Нарышкинехь {Орел махкара №5 набахти - НВ} хIуманаш тоьгуш, дечигах йийбар еш бара тутмакхаш. Кибирчигаш еш хан а яра. Я набахтин кертахь цхьацца дора.

— Набахтешкахь Iийначара дийцарехь, белхан декхар кхочуш ца дечарна "дубинал" хIоттош хилла-кх. Хьуна-м ца узура и тайпа "тийтак"?

— Суна ца еттара. Амма долуш-м ду и хIума цигахь. Набахтига хьаьжжина ду иза. Цхьайолу набахтеш заманаш хьалха дуьйна цхьа оьшу болх беш схьайогIу, цара тутмакхашка буьззина бойту цигара болх. Нарышкинехь и хьал 2012-2013-чу шерашкахь лаьттина, дийцарехь, цигахь оцу шерашкахь дийнан декхар кхочуш цадинарг, еттий, Iаржавеш хилла.

— Хьан накъосташлахь, бевзачу тутмакхашлахь барий и хьал лайнарш?

— Сан къамелаш хилла оцу заманахь чохьбаьхкинчаьрца. Дийнан декхар кхочуш ца динехь, хьо лерринчу чоьне дIавуьгуш хилла, цигахь массара а еттий, гIибавоккхуш хилла, шолгIачу дийнахь ахь 200% кхочушдеш хилла декхар.

— "Массара а" – иза набахтин белхахоша бохург дуй хьан?

— Ду дера. Белхан хан чекх а яьлла, рогIера тутмакхийн тоба балха ялош, олуш хилла, "кху тобано вон къахьегна". Я кехаташа гойтуш хилла жамI. Ерриг а белхан тоба дIа а юьгий, ах-дийнахь етташ хилла.

— Масала, Мордоверчу зударийн колонехь (ас Муртазалиева Зараъца къамел дира) бархI сахьт ду балханна къастийна, амма тутмакхашка цхьана кехаташна буха куьйгаш а яздойтий, лаамехь бо бохуш, сов болх бойтуш хилла. Хьо волчу набахтехь дарий иштаниг?

— Дера дара. Балханна тутмакхаш тIетеIочохь массанхьа а лела иза, я и санна хIуманаш. Тутмакхийн метта куьйгаш яздан а ма яц хьаькамашна проблема. Тутмакхо мича эр ду, ша куьг ца яздина, хаьттина меттиг еъча а?! Шаверг а кхерийна латтош ма ву. Бан яздинчул дукха дера бо белхаш, уьш бан оьшу хьелаш а доццушехь. Дерг ду-кх иза.

— Ткъа муха къийса деза оцу харцонца? Тутмакхаш, шаьш чохь бохкучу ханна резахуьлу яздан, аьрзнаш кхехьийта, ткъа набахтера арабевлча, "бицло" къийса, олуш хезна суна. Цул сов, набахтера мукъаваьллачу стагна, дукха хьолехь, журналисташ ган а ца лаьа…

— Кхузахь кхетон деза цхьа хIума, стаг чохь воллучу муьрехь маьрша ву къийсавала, иза сов чIиркIе адам делахь, цунна яздина, лелаш долу низам дуьхьалтуху, амма иза а ву мел а низамех пайдаэцалуш. Ткъа набахтера мукъаваьлларг ша вехачу меттехь Iедална кIел хуьлу, цунна кест-кеста ша вуйла а хоуьйтуш. ТIеIаткъам набахтехьчул а атта бало цунна.

Орел гIалахь вара суна вевзаш цхьа "чохьваьллинарг". Цунна еттара чIогIа, бан болх ца лора меттигерчу Iедало. Ша араваьллачу набахтерчу къизаллах лаьцна цо муха яздо, бухахь цунна тIедазделла, луъург далуш, Iедал хилча, меттигерчу набахтийн урхаллина иза карон а, цунна таIзарш дан а атта хилча?

Цу тIе, и стаг юхачуволла хIумма а хала ма дац муьлххачу а полисхочунна. Патарма, я кIомал бухакхоьссичхьана. Цундела кхоьру-кх ша Iийначу набахтерчу харцонех лаьцна арздан.

Тутмакхийн агIо лаьцча, тоьшаллаш каро стенна ду хала? Ду, дешнех лаьтташ бен и тоьшаллаш дацарна. Цхьаъ делахь, йиттича, тIера сакхташ гучуьра довллалц, къайлавоккху хьакамаша тутмакх, шиъ делахь, цуьнан накъостий реза ца хуьлу дареш дан а, дерг ма-дарра дийца а.

"Цхьаммо а цхьанненна а ца йиттина" баха кечбина "шайн" тутмакхаш-тешаш а хуьлу набахтерчу хьакамийн, цара до-кх цаьргахьа "оьшшу" тоьшаллаш. Вайшимма къамел дечу кху муьрехь набахтешкахь етташ, Iазапехь латтош ву, шеко а йоцуш, массийтта бIе тутмакх. Амма вайн дан хIума-м дац.

— Тоьшаллаш карор – кхийтира тхо а иза йоккха проблема юйла. ХIара эфир кечъеш карон гIоьртира тхо, набахтешкахь сов къахьоьгуьйту, етта, доггIу алапа дIа ца ло олу нах. Ца карийра. Хьуна муха хета, набахтешкара и ирча хьал хийцадалийта аьтто буй вайн? Тоьшаллаш муьлханаш оьшу – уьш даха а муха дахалур дара?

— Со, цхьаъ делахь, шеко йоццуш тешна ву, иза далундоцург ду. И система дийна мел ю, эрна ду къийса. Ситемано ша яхйо шен хан. ТIехьожийла прокуратурашкахь а, депутаташкахь а ду. Церан ю набахтешка баха, уьш талла бакъо. Амма и нах а, зуламаш деш хьийза набахтера хьакамаш а, уьш берраш а цхьаъ бу, цхьа банда ю.

Тоьшаллаш… гулдалур ду, тутмакхашца цхьана, къайлах-къулах. Масала, хIун леладо хIуманаш тоьгучу набахтешкахь? Тоьгу контрафакт. Суна дагадогIу, Нарышкинехь, нбахтехь тоьгучу хIуманашна тIе цуьргаш летадора " Йина Петарбухахь", олий.

Гуш лаьтташехь кечъеш контрафакт ма ю иза. Амма иза цигахь хилла ала хьуна тоьшаллаш-м карор дацара! Хьан видео яккха а йиш яц, кехат ахь яздича, прокуратурано ша теллина, яздинарг бакъ дац, аьлла жоп лур ду. Цхьанненна а хIумма а карор дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG