ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессийн мур болабелла Краснодар-махкахь


Перевозчиков Валерий

"Хьаштйоцу хьукматашца" доьзна, жоьпе ийзабо юкъараллийн лидерш, экологаш, журналисташ

"Хьаштйоцчу хьукматийн болх лелор" цIе йолчу низамца жоьпе ийзо болийна нах. Оьрсийчохь оцу артикло карарчу ханна сингаттам баьккхинчу кхааннах кхуьй а ву Краснодар-махкара.

Деношкахь гIуда тоьхна йисина Iечу зудчунна, "Йиллина Оьрсийчоь" боламехь координатор лаьттинчу Антонова Янина. Дуьххьара "хьашт йоцчу хьукматийн болх лелорна" гIуда текхира "Къилбаседа Кавказан экологин ха" юкъаралло. Хаамийн гIирсашлахь дуьххьара юьйцучу атриклца жоьпе озийнарг ю Краснодарера "Маьрша Медиа".

Антонова Яна

Иттех де хьалха, сатоссуш, баьхкира берийн хирург Антонова Яна йолчу. ТуьтмIаьжигашкахь бара неI тоьхнарш. (ХIинца яц иза хьалхо координатор Iийна "Йиллина Оьрсийчоь", дIакъевлина). Оцу боламан симбол тIехь йолу материалаш яржийна Facebook машанехь, аьлла, шозза гIуда тоьхна ю иза кху тIаьххьарчу шерачохь.

"И керла низам кху махкан Iедало шуьйрра кхетадо, социалан машанашкахь ен репосташ а тIехь йохку "хьашт йоцчу хьукматашца" бинчу белхан могIара", элира Антоновас "Кавказ.Реалиига".

Дукха хан йоццуш юкъадаьлла долу и низам талхийначунна дуьхьал айдойла ду бехктакхаман дов. Ишта нисделла Антоноваца. 8 сахьтехь гергга хьийсира цуьнан хIусамах. Уггаре хьалха шегара а, шен кIантера а телефонаш дIаехира – дIабаьккхира шегара адвокат кхайкха аьтто, боху зудчо.

"Низамхоша шайн болх адамна дуьхьал ницкъ баккхарца беш белахь, оцу адаман бакъо ю адвокат декъавеха, бен башха а дац, бу я бац низамхой цIийнах хьовсуш. Доцца аьлча, цIийнах хьажар а, лацар а дац низамехь кхочушдина". Антоноваца леллачун иштта мах хадийра цуьнан адвоката Валявский Александра ша "Кавказ.Реалица" динчу къамелехь.

Талламчаша ша леечу муьрехь Антоновас пайдаэцна стеган ша-шена тIе ца лен йолчу бакъонах. Адвокаташ карарчу муьрехь тIаьхьакхиа гIерта, хIун бух бу Iедална иза лаца. Цкъачунна хууш дац хIумма а – иза лаца кхайкхош арахецна буьйр бен дац цаьрга гулданделлачу документашлахь.

"Цхьанхьа цхьамма тIедожорца айина истори ю иза, бакъонах я адаман хьекъало кхеточу хIуманах йозаелла а яц", боху Валявскийс.

"Йиллина Оьрсийчоь" боламехь болхбан йола а ялале евзира нахана Антонова цо Краснодар-махкахь берийн бошмаш совъяха еза аьлла йолийначу акцешкахь. Вуно гIоьртина хьал лаьтта махкахь берийн бошмаш ца тоарца. Евзира бахархошна Антонова Краснодарера мехала меттигаш, паркаш хьолахошна дIаекъарна дуьхьаляларца а.

Мухха а нисделлехь а, пачхьалкхера яда лерина яц юкъархо – дика хир ду, боху цо.

"Кеста хийцамаш буьйлалур бу, суна хетарехь. Вайн кху Краснодар-махка атта-м кхочур бац уьш, делахь а, Iедалний, бахархошний юкъа барт-кхетам бола тарло аьлла хета-кх", боху Антоновас.

Бехктакхаман 284.1 артикло шина шера тIера ялх шаре кхаччалц деш долу таIзар кхачо мега Антонова Янина.

"Къилбаседа Кавказан экологин ха"

Антонова йолчу ницкъхой баьхкинчу дийнахь дуьххьара "Хьаштйоцчу хьукматийн болх лелор" низамо кхачош долу гIуда туьйхира кхечу меттехь, амма оццу Краснодар махкахь, Майкопехь – административан кодексан 20.33 артиклца. ГIуда такха кхачийнарг яра "Къилбаседа Экологин ха" юкъаралла. Барам – 80 эзар сом. Ши шо хьалха социалан машанашкахь хаам арахецарна дира таIзар.

"Тхайн твиттере схьаэцнера оха журналиста Савельев Александра "Йиллина Оьрсийчоь" боламан сайтехь арахецна артикл. 2017-чу шарахь ду иза. Ткъа оцу боламан сайт-м къевлина ю", элира "Экологин хан" координаторо Рудомаха Андрейс.

Деношкахь, аьлча а, Антонова лоццучу дийнахь, цунна духьал айдечу девнан барамаш дIабахьа, "терроран тохархой" лоьцуш санна, герзашца, куьпна гобеш деара Iедал "Экологин хан" декъа тIе. Зудчуна дуьхьал гIаттийначу бехктакхамехь теш волу Савельев Александр лаца итта баьхкира ницкъхой.

Антоновас санна, Iедал резадацар шена тIехь лан Iеминчу Рудомахас дийцира оцу дийнах лаьцна.

"Тхоьгара дIадаьхна дерриг а документаш – кехатнаш а, электронан кепехь дерш а, дIаяьхьна телефонаш, сан долара ахча а даьхьна", дуьйцу Рудомаха Андрейс.

Шен хIусамах Iедал хьажначул тIаьхьа болх бойла доцуш йисина "Экологин ха" юкъаралла.

Рудомахина хетарехь, рогIехь ницкъхой баьхкина "Экологин хан" белхахой "Черниговское-Дагомыс" некъ ца биллийта арабевлла хьийзар а, "Путинан резиденци" олучу "Лунная Поляна" комплексе билла болочу некъанна дуьхьабовлар а дIадекха.

"Маьрша Медиа"

Краснодар-мехкан цхьана кхелехь луьстуш ду кхин а цхьа прецендент йоцу дов - "хьаштйоцчу хьукматашца" доьзна. Хаамийн "Маьрша Медиа" сайтан коьрта редактор Янюшкин Владислав ву жоьпе валийнарг.

Прокуратуро бахарехь, журналисто низам талхийна ша араяьккхинчу артиклах, Facebook-ера схьаэцна, "Йиллина Оьрсийчоь" боламан симбол йозарца.

Амма редакцино, ша бехке яц хIуманна а, симбол ша ца кечйина, ша артиклах бен жоп лойла дац, боху. Адвокаташ реза бац, масала, талламо "Йиллина Оьрсийчоь" Британера ю аьлла яздарна бехктакхаман кехаташна тIехь – иза Оьрсийчоьнан болам бу, низамо тIеэцна бацахь а, боху цара.

Яношкин Владислав ца кхета низамхойх: цара бахарехь, "Йиллинчу Оьрсийчоьнан" жигархойн суьрташ гойтийла дац, цаьргара интервью эца мегаш дац, оцу балхах "информаци яржор" эр ду шайн кепехь хьал тида луучара, цевуьйлу иза.

"Хаамийн гIирсех лаьцна низам ду лелаш, цо цхьана а дашца ца юьйцу "хьашт йоцу хьукматаш", боху Яношкина.

"Маьрша Медиа" редакцина хетарехь, ницкъхой харц бу, цара дуьхьало йо хаамийн гIирсанна информаци яржо, доьхку цунна шен уггаре коьрта бакъо дIакхехьа – халкъанна мехала йолу информаци яржор.

***

2017-чу шарахь Iедало "хьаштйоцчу хьукматех" ю аьлла къастийра Британехь низамеяьккхина йолу а, Ходорковский Михаилца йоьзна йолу Open Russia Civic Movement и OR (Otkrytaya Rossia) а структураш. Инарла прокуратуран векалша хаийтира, Оьрсийчуьрчу изза цIерш йолчу юкъараллашна зен хир дац, аьлла, амма хан ялале дIакъевлира "Йиллина Оьрсийчоь" сайт а, цунна тIаьххье "МБХ Медиа" портал а.

Ткъеха де хьалха "Йиллина Оьрсийчоь" боламо дIакъевлина ша-шен, Оьрсийчуьра шен жигархой зенах хьалхабахархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG