ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сетташ лела хан яц вайн, кхиар сихдан деза" масазлагIа боху Путина?


Шарахь цкъа Федералан Гуламе ша дечу рогIерчу дIахьедарехь Оьрсийчоьнан президенто 85% хан яйъира пачхьалкхера социалан а, экономикан а хьелаш довзуьйтуш, Iалашонаш билгалйохуш.

Коьрта Iалашонаш

“2003-2004 шерашка кхочуш меттахIоттийна хила деза бахархой дебийта оьшу хьал"

Оьрсийчохь тIаьххьарчу 25 шарах кхаа шарахь бен ца нисделла бахархойн терахь совдолуш (тIедина чкъор деллачу адамел а дукха хуьлуш). Цхьана шарахь хийца ца луш а лаьттина демографин "терза". Амма кхечу массо а шерашкахь лахлуш схьадеана и терахь.

Цу тIе, Росстато (Оьрсийчоьнан ститистикан урхалло) луш йолу прогноз хIара ю: тIедогIучу 15 шарахь баларш алсам лаьттар ду, тIекхуьу чкъор лахлур ду.

"…Оьрсийчоьнан коьрта проблема бераш дар лагIдалар яц, баларш тIех лакхара хилар ю ", боху Лакхарчу Экономикан Школин Iилман институтехь демографин дакъа лелош волчу Вишневский Анатолийс.

“Iедална лучу йоло доьзална бен Iаткъам байбан беза. Принцип кхеташ ю: алссам бераш – ял лахара"

Бераш долчу доьзалера Iедало йоккху ял лахъен некъаш хьийхира президенто. Амма бац и некъаш балхахь волчу вахархочунна тIедогIучу рицкъанах дIаоьцучу декъах (йолах) хьакхалуш а.

Алапах я хIума йоьхкина хиллачу санах 13% дIаоьцу Iедало 2001-чу шарахь дуьйна. Ткъа кхидолчу ахча-бахам дIасалелорца хуьлучу рицкъанах вахархочо Iедална охьадуьллу дакъа ду еа кепара - 9%, 15%, 30%, 35%. Амма пачхьалкхо дукха хьолехь дIаоьцу нахана хуьлучу ахча-бахамна тIера йиллина лелаш йолу 13%.

Дустар. Экономикехь, Кхиарехь Юкъарлолелоран организацехь лаьттачу, шайн цIахь тоьлла индустри йолчу 36 пачхьалкхо кхин кепаш лелайо бахархошкара ял йоккхуш: доьзалан хьал лах цадалийтар а, пачхьалкхехь юккъерчу барамехь ларалучу алапал цхьана а белхалочун алапа охьа цадалийтар.

Аьр вай, оцу 36 пачхьалкхехь бер доцчу могIарчу белхалочо охьаюьллу 15,7% ял. Амма мегаш дац оцу йоле гIеххьа бахам болчу наханна бечул бен стагна Iаткъам байта – даа-мала, доха, чу-аравала, садаIа ваха торуьйтуш хила еза цунна тIехь йоллу ял. Шо-шаре мел долу лахлуш ду оцу мехкашкахь йоккхучу йолан терахь 2000-лагIчу шарахьчул 0,4% лахара ду иза.

Юьйцучу 36 пачхьалкхехь Iедална шайн алапах 12,3% ял ло ши бер долчу зудчо а, майрачо а, нагахь санна цхьаннан алапа юккъерчу барамехь а долуш, шолгIачун алапа оцу бараме кхочуш дацахь. Кхин а лахара ю йоккху ял бераш алсам делахь.

“Нехаш миллионаш тоннашкахь ца IоIуьйтуш, лакхадаккха деза царех сурсаташ дар таханлерчу 8-9% тIера 60% хьалакхачош".

146,8 миллион стаг вехачу Оьрсийчохь IаьIачу нехийн барам, цхьана вахархочунна кхочучу терахье диллича, Европехь боллучул бу.

ДуьнентIехь адамаша шаьш гулйолуьйтучу нехех 70% латтах юхку – леррина йинчу полигонашкахь, хуьлда уьш нехаш юхку баьрзнаш я оьрнаш. Амма кеп-кепара ду хьал нехаш яхарца, ягорца, сурсаташка ерзорца.

Масална G20 юкъайогIучу пачхьалкхашкара хьал схьаэцча, цу юкъара 8 пачхьалкх ю "нехашлахь ехаш". Бакъду, Европан Берто (28 пачхьалкх) вуно боккха болх бина тIаьххьарчу 20 шера чохь нехех цIанлуш – тахана цо 77% нехаш ерзайо сурсаташка, аьлча а, оццул пайда бо царех шена.

Оцу тоьлла ларалучу G20 пачхьалкхашлахь дуккха а тIаьхьаюьсу нехаш яхарца Оьрсийчоь. Цундела тIех майра дина дIахьедар хетало тергамчашна Путина нехех лаьцна аьлларг – массех шо далале таханчул 7-зза эвсарбаккха безаш нисло нехаш йоху болх.

“Экономикан болар хIора шарахь 3%-на сихдеш йолу пачхьалкх хилла дIахIотта еза Оьрсийчоь 2021-гIачу шарахь, цул тIаьхьа и терахь дуьненахьчул а лакхара хила деза. Оцу Iалашонах вай цхьаммо а ца даьхна мукъа".

Росстато бахарехь, 2018 шарахь Оьрсийчоьно шен экономикан болар 2,3%-на чехкадаьккхина (лурчах и терахь 1,6 бен дацара). Амма и жамI делларг "шашах нисделла хьал" бен а дац, прогнозо ца юьту болар хьалахьадда доьду ала дегайовхо –экономикан болар кхушара 1,3% лахлур ду, боху дуьненаюкъарчу тергамчаша-экономисташа.

Нагахь санна Путина омран кепехь кхайкхош долу кхиамийн болар экономисташа ечу прогнозе дерзахь, дуьненаюкъарчу боларал кхузза лахлур ду Оьрсийчоьнан экономикан болар. Хиндерг оццул бодане гурш бац Путинна резабоцу политикаш, оппозици, бу дуьненан экономика тергалъен Iилманчаш – Дуьненаюкъара валютан фонд.

Ала деза, Путинан оптимизме ца кхочу Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министраллехь еха дегайовхо а –тIедогIучу 6 шера чохь болар дебаран % цо 2,7-ннал совъер яц боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG