ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мегар ма дац дерриг дика долуш санна лела"


Кесаева Элла: Путинна жоп дала ца лаьа пачхьалкхехь лелачух

Харжамаш тидамехь латтийра Бесланехь беллачу нехан гергарчара, царна гинарг иштта ду: Харцонца веана дарже Путин. Стенна хета шайна шаьш бакъ дийцира Кесаева Эллас "Кавказ.Реалиина".

- Харжамашкахь тергамбеш Iийра шу. ХIун харцонаш гира шуна?

-Бесланехь харжамийн 16 куп ю. Оха Iуьрре тидаме ийцира цхьатерра курткаш, куйнаш, кепканаш техкина кIентий, зудабераш. Уьш машенашкахь кхочура. Ца богIура жуларахь, цхьацца-шишша вогIура.

Юха духарш хийца хIиттира "актераш": курткаш, куйнаш дIа а даьхна, футболкаш юьйхира – цкъа сирла, тIаккха таьIна басахь юхура бедарш.

Хан кхетта нах а гира тхуна изза лелош: масала, 169-чу куьпахь зударий хьийзара, царна тIехьожуш вара гIалин администрацин векал. Изза зударий кхечира 168-чу куьпе – Коминтернан ураме. Цул тIаьхьа уьш кхечу каппашка хьаьлхира.

Зударша духарш хийцира, администрацин векало (кIунзал вара иза) коьрта тIе боьллира кепка. Харжамийн чоьнна чукхаьчча, арабевлира, духарш а хийцина, юхабаьхкира. Моьттур дара царна бедарш латтош йоккха туька ю.

" Кхаьжнех хIоз бинчу" кхечу кегийрхойн тобанна коьртехь а вара гIалин администрацера стаг.

Адам ца къастадаллал Iаржъелча, массо а Iуьргашкара гучудийла дуьйлира гIаларташ. Тхуна девзира уьш – дийнахь "хIоз хьийзийнарш" бара уьш. Буса, кхаьжнаш дагардечу хенахь, каппашна тIегулбелира и массо а аьшпашбиттархой. ШолгIачу дийнахь даржийра, харжамашка 84,5% нах бахана аьлла.

Оха динчу хьесапца, харжамашка а бахана, кхаьжнаш дIабелларш бац 30 %-тал сов. Суна бевзачара, дукхахболучара, шаьш деккъа дIа шайн кхаьжнаш Путинехьа чу ца кхоссийта бен ца дахара олу.

Массаьргара хезара цхьаъ: "Теракт хиллачул тIаьхьа муха мега цуьнгахьа таса?" Дукхахберш Грудининехьа бара.

Iедало кхаьжнашца шена луъург дийр дуйла хуъушехь, нах цец-акъ буьйлу: "Муха мега оццул яккхий харцонаш лело?" Йо, лелайо Iедало и харцонаш.

Тхуна гира каппашкахь жамIийн тептаршна тIе мухIарш детташ – уьш кхелан бакъонца бен делла йиш яц. Ткъа муьлхачу кхело вайна иза магор ду? Дерриг а Iедал иза доладерзийначийн карахь дац?! ДIахоьцур ма дац цара иза шайн карара.

- МогIара бюджетхой хьеборий Къилбаседа ХIирийчохь?

- Шайца итт-итт стаг валош бахка декхаре бинера уьш (балхара дIабохур бу аьллера). Бен а дац, хьан хьанна кхаж тосу, амма валаве хьайца 10 стаг, баьхна цаьрга.

Гергачаьрга, доттагIашка, бевзачу нахе доьхура Iедалан белхашкарчу наха шайца харжамашка бахкар. Система "Iехо" аьтто баьлларш бевза суна – уьш бахана кхаьжнаш дIабала, амма Путинна ца белла цара.

Ца кхетара и нах шаьш харжамийн жамI тодеш буйла!

- Ахь харжамаш чекхбевлча Путине кхайкхамбира. ХIун аьлла, стенна?

- Коьртаниг дац цуьнга алар. Коьрта ду халкъе харжамийн дийнахь лелларг дIадийцар. Бакъдерг хаа луучаьрга и бакъдерг дIакхачор ю тхан Iалашо. Адам Путинехьа дара ала гIерта прессехула Iедал.

Ткъа и 85-90% Iедало яздина терахь ду. Къилбаседа ХIирийчоь, доккхачу декъанна, ца яхна харжамашка.

Оха официалехь дош аьлла харц жамIаш шена кхаьчначу стаге. Харцонех лаьцна оха деккъа дIа интернетехула дийцинехь, цунна ала дара, шена ца гина, ша ца дешна, шена ца хаьара. Цундела оха экспресс-почтехула кехат дахьийтира-кх. Шега дIакхаьчначу информацех дойла цо шена луъург, кху системехь тхан дац кхин дан хIума.

- Харжамийн Коьртачу Комиссе, прокуратуре, кхеле яздойла ма ду…

- И комисси а, кхийолу хIуьцI-пIуьцалгаш а кхетамбоцчу нахана ю. Тхо дац юкъагIерта лерина.

Харжамийн Коьрта Комисси, кхел – лохотрон ю, эрна когаш беттаррий бен ца хуьлу цунах. И некъ оха цкъа бина чекхбаьккхинчех бу.

Тхоьгахь яьхна ю, бакъдерг гойтуш, видеош, суьрташ.

- Делахь а ерриг а партеша даредина-кх Путина толам баккхарх…

- Оьрсийчохь яц оппозицин партеш. Ю боху оппозици, оьшучу хенахь, дерриг а дика дара ала бен яц иза. Оха тхайна харжамашкахь тергамбан бакъо ехча, тхуна иза ца елира. Далош долу бахьанаш а дара беламе! Тхаьш журналисташ ду а моттийтина, чухьаьлхира тхо каппашка. Цигахь тхуна гира кеп-кепарчу партийн векалш "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехьа буйла.

- Партешкарчу наха харжамаш стенна ларбо, кхеташ ду. Ткъа хьуна иза оьший?

- 20 шарал сов Iедал шайгахь кхобучу жоьлкаша лелориг хаархьама. Церан некъ бевзаш хилча, атта ду дуьхьаллатта. Низаман гурашкахь, боху ас.

ЦIахь Iийнехь, суна хуур а дацара цара жоьлкалла муха леладо. Зуламех лаьцна чохь Iашшехь хазар цхьаъ ду - кхин ду гар. Бодашкахь тхаьш видео йоккхуш Iаш, тхуна ца хаьара кхаьжнаш таса богIу "гIуртхой" буйла тхаьш бохурш. Кхано тIаьхьа, бинчу балхе хьовсуш, тIаьхьакхиира. Оха сахилча дуьйладелла, буьйса юкъахъяххалц ехира видеош. Йиш хиллехь, бохур дара нахе, ма гIо гIуртехь дакъалаца.

ХIинца массара а Кемерово йо йийцаре. Амма ца хотту цхьаммо а, стенна хилла бохам. Хилла Бесланах жамI дина дацарна! Жоьпаллехь вац стагга а. Харжамашкахь гIурт лело арабевллачех а ма хьакхало иза.

И нах а, церан бераш а ду тIехьожучийн бехкенна дала тарлуш. Президент халкъо хоржийла лаьа тхуна. Путина тахана дийриг пачхьалкханна дуьхьал зулам ду – Iедал дIалоцуш ву иза. Шеко а яц иза низамехь вацарх.

Ша динчу зуламех жоп цадалархьама тийсало Путин Кремлерчу гIорторах. Коррупцех йозаелла система цуьнга цкъа а хийцалур яц. Шена тIера, шена гонах болучарна тIера волавала ма веза иза. Цунна-х ца оьший и болх!

Цундела, и сингаттамах, дегалазамах, талламех, реформех мел дуьйцург деса къамелаш ду, халкъ цуьнга ладоьгIуш Iа кху 18 шарахь.

ТIейогIучу заманашкахь Путинан хан леррина охкуш лелар бу нах. И саннарг кхин ца валийтархьама. ТIех сов Iедал ду президентан карахь.

- Дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна оьшург доккха хIума ма дац – мерза яа, кIеддачу бийша...

- МогIарчу нахана шайн карахь хIумма а дац моьтту. ТIаккха стенна хьехош ду хиндерг? Хьан берах жоп хьан лур ду тIаккха? Дера ду иза-м массарех а хьакхалуш. Мегар ма дац дерриг дика долуш санна, тап-аьлла тийна Iан.

- Халкъо наггахь гайта-м ма гойту ша реза доцийла, маьI-маьIIерчу Iедална. Путинна ца гайтахь а. Иза даима а ма вуй диканиг…

- Нах Бесланехь, Кемеровохь, кхечунхьа хилларг ца хилча, карзах а ца бовлу. Хенан йохалла кхетар хир бу-кх. ХIинца доллучунна а бехке Тулеев Аман во. Пропаганда Путин цIанвеш ю, цунна тIедожийта йиш яц цхьа а томмагI. Суна гергахь беха нах кхета бевлла дукха хенахь дуьйна а.

Черчила аьлларг сайн дешнашца олу ас: демократел, харжамел тоьлуш хIума ца кхоьллина адамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG