ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн-гуьржийн тIом болабелла де дагалоьцу нохчийн фотожурналисто


Гуьржийчоь -- Восток батальонан командир Ямадаев Сулим (юккъехь) Гуьржийчохь тIом боьдуш, Къилба ХIирийчоь, Марс.2008

Марсхьокху беттан 8-чу дийнахь Цхинвалехь а, цуьнна гонаха а доладелира тIеман тасадалар. Шина а агIор эскархошна а, маьрша бахархошна а юкъахь зенаш а хуьлуш, хилира и тIом, цхьана агIор Гуьржийчоь а йолуш, вукха агIор хIирий а, царна хьалхабевлла оьрсийн эскархой а болуш.

Оцу деношкахь цигахь нисвеллера вевзаш волу нохчийн сурташдахархо, журналист Царнаев Сайд-Хьусейн. Цуьнан дагалецамаш иштта бу.

Царнаев: «ТIом бохуш долу дош вайна девзина. Вайн цIахь хилла тIом а даима дагахь лаьтташ бу вайна. Цига (Цхвинвале) со кхачар цхьа цIеххьана нисделла дара. ТIаме воьду аьлла а ца ваханера со.

Журналисташ хиллехь а, оцу кхаа дийнахь цхьана тоьлан чуьра арадовла йиш а йоцуш Iийр тхо. Кху тоьлан чуьра тхо дийна арадевр дуй теша аьлла хетара. Кхо де даьлча, цу чуьра ара а девла, цхьана дийнахь болх бира оха. Суьйранна гуманитаран цхьа некъ а биллина цигара иштта арадевлира. Цкъа а дицлур доцуш денош ду уьш».

Оцу деношкахь со Несар-гIалахь вара. Хьой, Узаковий (Узаков Сергей ИТАР-ТАССан фотокорр) цига ваха новкъваьлла гира суна. Шу цига дахар ларамаза нисделла хIума дара, я редакцино гIо а аьлла ваханера? Цига дIакхаьчча шортта журналисташ бара бохуш ма дуьйцу?

Царнаев: «Тхойшиъ Цхинвали гIур ву бохуш волу дукха а хан яра. Цигахь Iаламан сурташ даха лууш вара со. Тхойшиъ цига иштта нисвалар, дийцича цхьа а тешар воцуш хьал ду. Цигахь дуккха а телехьожийлашкара а, яздеш болу а журналисташ бара. Иштта нисделлера иза дерриг».

Къилба-ХIирийчоьнний, Гуьржийчоьнний юкъаметтиг талха йолаеллера Товбеца-беттан тIаьхьарчу деношкахь. Цхьацца кхиссарш вовшашна йора шинна а агIоно. Цхинвали шен эскарш шортта тIеоьзнера Оьрсийчоьно.

Гуьржаша буьйсана гIаланна тIе яьккхий тоьпаш йиттина аьлла, цунна дуьхьал, хIета Оьрсийчоьнан президент хиллачу Медведев Дмитрийс омар а дина, болийра «машар хIотторан операци» олу шуьйра тIом. Гуьржийн эскарш юха а тоьхна, Тбилисин 40 чакхарма уллехь севцира оьрсийн эскархой, шайна юкъахь нохчийн салтех лаьтташ йолу «Восток» батальон а йолуш.

Цул тIаьхьа а хилла Царнаев Сайд-Хьусейн Цхинвалехь. И конфликт, бIеннаш шерашкахь уьйраш а, гергарлонаш а долуш лаьттинчу гуьржашна а, хIиришна а ша-шех хилла яц. Уьш леррина, хаа а хууш йохийна ю, цундела, хан оьшу уьш меттахIотто, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Царнаев: «Цул тIаьхьа а хилла со цигахь. 2010 шарахь хилла тIаьххьара, харжамашкахь. Питан а тесна, талхийна ю оцу шина къоман юкъаметтиг. Замано бен нисдийр доцу хIума ду царна юкъахь хилларг. Ехха зама яла еза. Ткъа политикаш хIинца лелош дериг эрна лелош хIума ду».

Гуьржийн-хIирийн конфликт аьлла цIе тиллина тIом 5 дийнахь лаьттира. Марсхьокху-беттан 16 дийнахь шина агIоно куьйг таIийра машар хIоттош бу аьлла.

Амма беха ца лаьттинехь а, Кавказехь баккхийн хийцамаш бина цо: Оьрсийчоьно йозуш йоцу пачхьалкхаш ю аьлла къобал йина тIеэцна Къилба ХIирийчоь а, Абхази а. Цунна дуьхьал, масех де даьлча, Гуьржийчоьно дипломатийн уьйраш хадийра Оьрсийчоьнца. Иштта, Гуьржийчоь Къилбаседа атлантикан тIеман альянсана юкъаяхаран гIуллакх а тIаьхьатеттина.

XS
SM
MD
LG