ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили Михаил дIахеца бохуш, эзарнийн акци хилла Тбилисехь


Гуьржийчоь - Саакашвили Михаил дIахеца бохуш, эзарнийн акци хилла Тбилисехь, 14ГIад.2021
Гуьржийчоь - Саакашвили Михаил дIахеца бохуш, эзарнийн акци хилла Тбилисехь, 14ГIад.2021

Иттаннаш эзарнаша наха дакъа а лоцуш, митинг хилла еарийн сарахь Тбилисехь, Руставерчу набахтехь латтош волу Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил маьршаваккха бохуш. Цунах лаьцна хаам бина "Новости-Грузия" аненталло.

Агенталло ларарехь, оцу акцехь дакъалаьцна 50 эзар гергга стага. "Коммерсанта" вагарвина 20-30 эзар стаг. DW-но (Немцойн тулгIе) яздо, Маршонан майда адамех юьзна хилла хиларх лаьцна. Митинган декъашхойх буьзна бара иштта Руставелин цIарах проспект а.

Саакашвилин фейсбукерчу агIонехь онлайн рожехь гойтуш яра и акци.

ГIалин кхеташонан гIишлонна хьалха сцена хIоттийнера йоккха экран а йолуш. Акцин цхьаболчу декъашхоша каралаьцна дара "Мишина - маршо!" а, "Политика бахьанехь хьийзор хилийта мегар дац" тIеяздина плакаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG