ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилина гIортор еш мацалла лаьцна гуьржийн журналиста


Гуьржийчоь -- Рустави, набахтина хьалха, 24ГIад2021
Гуьржийчоь -- Рустави, набахтина хьалха, 24ГIад2021

Вевзаш волу тележурналист, "Мтавари" телеканалан корреспондент Туманишвили Гигла мацалла хьега волавелла Гуьржийчоьнан экс-президентана Саакашвили Михаилна гIотор еш.

Туманишвили мацалла хьоьгуш ву Саакашвили латточу Руставерчу №12 набахтина уллехь. Журналиста доьхург ду гуьржийн хилла 3-гIа президент долахь йолчу дуккха а профилан клинике дехьаваккхар, хаам бо "Новости-Грузия" агенталло.

"Саакашвили Михаил кIелхьарваккха къийсам дIахьуш хилла ца Iа со. Цуьнан дахар кхерамехь ду, делахь а кхин а алсам кхерамна хьалха дисна вай дерриш а… Нагахь Саакашвили Михаил цхьанхьа а дехьа ца ваккхахь, иза Руставерчу набахтехь вехь, нисса дIаала лур ду соьга, вайн мохк дIабер бу вайгара, пачхьалкхалла дIадер ду вайн, иза лардан гIерташ вайх хIора а шега далург деш а къийсам дIахьуш велахь а", - дIахьедина Туманишвилис.

Руставерчу набахтина хьалха митингаш лаьтташ ю, Саакашвили дIахеца бохуш. "Мтавари" телеканалан журналиста Жоржолиани Нанукас шен студи схьайиллина цигахь.

Саакашвилин иттех агIончо четарш тоьхна набахтин пенашна гергахь, цара а долийна мацалла хьегар. Кхача ца бууш севцна Саакашвилин Iедалехь лаккхарчу даржашкахь хилла Iедалхой а, ницкъаллин структурийн куьйгалхой а, даржаца доьзна зуламаш дина аьлла чубоьхкина карарчу хенахь Гуьржийчуьрчу набахташкахь хенаш токхуш болу. Цул сов, Гуьржийчоьнан парламентан гIишлонехь мацалла хьоьгуш ю "Дроа" оппозицин партин лидер, депутат Хоштария Элене.

ХIокху муьрехь мацалла хьоьгучара доьхург ду Саакашвили госпитале охьавиллар.

***

Саакашвили къайлаха Гуьржийчу кхечира Гезгмашин-беттан 29-хь. ГIадужу-беттан 1-хь иза дIалецира Тбилисехь. Карарчу хенахь иза набахтехь чувоьллина ву Руставехь. Гуьржийохь цунна дуьхьалдаьккхина ду масех криминалан гIуллакх. Гуьржийчоьнан Iедалша масийттазза дIахьединера, шаьш лоцур ву иза, цо доза хадийнаул тIаьхьа аьлла. Ша лацар нийса дац аьлла хета Саакашвилина, ткъа шена дехкина бехкаш харц кхоьллина ду аьлла хета цунна.

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан лоьраша дIахьедарш до, цуьнан могушалла галйолуш хиларх лаьцна. Саакашвили мацалла хьоьгуш ву ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG