ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн Iаьрбийчоьнна ракеташ йохкар къобалдина Америко


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто хаам бина, Америко Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхана "хIаваъ-хIаваъ" олучу классан 650 миллион долларна ракеташ йохкар къобалдина хиларх лаьцна, шайн мохк тIехь пилоташ боцчу т1емайолучу аппаратех ларбан цаьрна оьшуш йолу.

Оцу сацамо аьтто бийр бу саIудахошна шайн йолчарна тIе кхузаманахьлера юккъера геналла йолу AIM-120C 280 ракета а, цуьнца богIу гIирс а эца, аьлла ду бинчу хаамехь.

Пачхьалкхан департаментан векло дийцарехь, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкха хIинцале а пайда эцна ю и ракеташ, саIудийн а, шайн махкахь болчу америкахойн а ницкъашна кхераме йолу тIехь пилот воцу тIемайола аппараташ йохош. Пилоташ урхалла деш йоцу аппараташ хецара Йеменера.

Пачхьалкхан департаментехь билгалдаьккхина, ракетех пайда эца мегаш цахилар, лаьттахь йолчу Iалашонашна тохарш деш.

Ракеташ йохкар "буьззинчу барамехь догIуш ду администрацино дош даларца, Йеменера конфликт дIаерзош дипломати лелор ю аьлла а, ткъа иштта, ГIажарийчоьно гIортор ечу хуситаша стигалхула дечу тIелетаршна дуьхьало ян Саудийн Iаьрбийн пачхьакхан аьтто бан а", аьлла хьастано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG