ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салтий тIеоьзна Теркайисте


Нохчийчоь -- ТIемалой лаха боьлхуш бу Оьрсийчоьнан эскархой, 27Марс2012

Теркйист кIоштан регIан даккъашка эскархой дIа стенна оьзна ца хууш саготта бу бахархой.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:48 0:00
Линкана тIе

Жимма а тидаме волчу воьду-вогIучунна ган йиш а йолуш, шайн гIагIдилличу машенашций эскархой дIа а оьзна, цара доладеш лаьттина масийтта сохьтехь Теркйист кIоштан регIа даккъаш, IамтIа-кIотаррий, Калауссий цIерш йолчу ярташна гергахь. Бахархоша дийцарехь оцу тIаьххьарчу эвлара вахархо оьрсийн эскархочунна карх тапча кхетта лаза а вина.

Кху бетта 24-чу дийнан Iуьйранна цкъа иза велла аьлла а делира,амма тIаьхьо де делкъанга лестича хабар дIачадаьржира иза даьIахк ца лоцуш чов хилла висна аьлла. МогIарера бахархой бу регIан даккъашка эскархой тIетаттарх дуьйцуш. Бакълена адам кхераделла ду Курчалой кIоштехь санна Теркаца лецарш дIадахьарна.

Вахархо: «Го стенна лаьцна хилла-м хаац. Хаац вахабхой леца лаьцна хир бу го, ца хаьа. Сийсара сарахь билггал хилла уьш цигахь кху сохьта ала-м хаац».

Вахархо: «КIоштера цхьаъ лаза а вина,салтичо герз а тоьхна. ТIе а вахана лийначух тер аду-кх оцу Калаусера стаг,шу стенна даьхкина,аш хIун леладо бохуш. Зераш дан бохкий бохуш хабарш а ду. Бахьа меттиг а йоцуш дукха ма бу уьш. Болх бийраш хила гIерта хир бу-кх».

Вахархо: «Деллахь салтий цигахь хилар баккъа-м ду. Калаусера канал тIекхаччалц эскархо бу. Оцу чоьхахьа санна цхьа дан гIерта хир бу-кх. Хаам хаац».

Iедалехь болчара официалан хIара а иза а ду аьлла юкъараллехь дIа а кхайкхийна бахархой сапаргIат цабахаро эскархой хьокъехь деш долу хабарш,ладегIам совбоккхуш, дебадо. Оьрсийн эскархой техника а гуш, Горагорск юьртахула регIа дукъ хадийна схьавеъна Ризван.

Цо а бакъдира Калаус эвларчу стагна герз кхетта хилар. Делахь а иза а вацара къастам боллуш, хууш а я ларамаза, и герз муха кхетта ала хIуттуш.

Ризван: «Ши-кхо де а ду уьш цигахь болу. Билггал хууш дац уьш хIун дан гIерта. Суна ган а гуш яхара 6-7 БТР-й, 3-4 «Урал» машенашший. Лазийнарг дарбанан цIийнехь ву боху. Цара хIуъу а дича а цаьрга жоп доьхур доций-м хаьа суна».

ХIара ду аьлла хилла хIума а доцуш шайн кIоште салтий тIетаттарх цецбевлла бу бахархой. Нехан са а ца дууш, хааме стенна ца доккху те уьш кIоштехь гулбаран бахьна бохуш хеттаре буьйлу нах. Иштачех цхьаъ ву Закаев Мохьдан а.

Мохьдан: «ХIун ду мила ду-м ца хаьа. Нехан сагатдо-кх. Цхьаъ дан гIерташ хилча нехан са ца гатдо агIо ян мегаш ма яра. Хаийтинехь ишта сагатлур ма дацара бахархойн…»

МогIарерчу бахархойн сагатдар кIаргдан,марсадаккха,леррина арадаьхча санна, ХIирийн мехкан Мазалк гIалара схьа а дуьйлуш, Теркан даккъаш тIехула хаддаза хехкаделла кху бетта 24-чу дийнахь, дукха хена дуьйна а хаадаланза хилла, беркеманаш а.

Кху дечке беттан 24-гIа де суьйренгахь лестича, шайн техникций ярташна юххе охьабалийна а карийна цхьаболу эскархой. Цунах дуьйцуш ву пенсехь волу вахархо Мовлди.

Мовлди: «Дера Бена-юртахь а, ЧIулга юьрта юкъахь къаьхьаде эскарш ду-м боху. ХIун леладо-м ца хаьа, лоьхуш хир бу-кх».

Шайн кIоште дIаоьзна эскархой а, карзахе тIехула хьийзина беркеманаш а доцуш,теркахойн сагатдийриг ду,отпуск олучу рогIерчу мукъаденошкахь болу ницкъаллин структурийн декъашхой юха балха тIе дIабехна хьаькамаша.

Цхьаболчу полисхоша къаро ярца, уьш сихаллехь дIабехар бахьна цхьаъ ду-ярташкахь зер-талламаш бар. Хилларг хIун ду, лохуш берш муьлш бу,цаьргара хIун даьлла? Цу а, кхечу а хеттаршна цкъачунна жоьпаш доцуш ду.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG