Иркутскерчу гарнизонан тIеман кхело арахь даккха ши шо хан кхайкхийна эскархочунна Албаков Рамзанна, салтийн баккъаш тIехь "ГIалгIъайчоь" яздарна. Маж йошучу чопанца язъйина хилла Албаковс салтийн баккъаш тIехь, царна кхерамаш а туьйсуш. Царна юккъехь суьрташ даьхна, уьш социалан машане дехкина хилла цо, хаамбина кхелан пресс-гIуллакххоша.
Албаков бехкевина, уставехь магийна йоцу юкъаметтигаш лелорна а, интернетехь гамо гIатторна а, дийцина "Тайга.инфо" ресурсе кхелехь.
"Медиазонас" тергойина, Албаковн цIе кхелан картотекехь хьулйина хилар, муьлхачу даржехь иза хилла а хоуьйтуш дац.
Нохчийчохь Гуьмсан кIоштан кхело бехкбиллира меттигерчу вахархочунна Саиев Адамна, экстремистийн материалаш "ВКонтакте" олучу машанахь яржорна. Бардан Муцураев Тимуран иллеш зорбане даьхнера цо социалан машанехь.