ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Салтийн нанойн Комитетехь" дIахьедина, Украинерчу тIаме Къилбаседа Кавказернаш бигина хилар


Сепаратиcташа доладечу Донецкан кIоштан Волноваха гIалара нах бехачу меттехь оьрсийн гIагIдиллина транспорт, тIеяздина "Z" элп долуш. Украина, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 11-гIа де
Сепаратиcташа доладечу Донецкан кIоштан Волноваха гIалара нах бехачу меттехь оьрсийн гIагIдиллина транспорт, тIеяздина "Z" элп долуш. Украина, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 11-гIа де

Оьрсийчуьрчу тIемалойн наной (контрактхойн а, ханйиллина эскаран гӀуллакхдечеран а) бакъоларъярхошка буьйлу, шайн берех лаьцна хаамаш ца кхачарна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина Салтийн нанойн Комитетан хьалханчас Голуб Светланас. Цо бахарехь, хIора денна кхочу ишта кхайкхамаш, шен декъехь Къилбан а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара дIабигначу тIемалойн доьзалшкара латкъамаш а болуш.

"Кхайкхамийн барам дукха боккха хиларна тхан аьтто ца болу и хаамаш системе а берзийна, царна анализ йан. Наноша дIахьедо, шайн бераш еххачу хеначохь зIене ца довлар, ткъа масех меттехь кхоччуш билгалдаьлла ду, дIабигнарш Украинехь хилар – иза дийцина цигара цIабаьхкинчу цаьрца тIамехь хиллачара. Цхьана тIеман декъехь 20 гергга стаг ву аьлла хаам бу", - дийцина Голуба.

Украинхошца ша зIене йала гIортарх лаьцна хаамбина бакъоларъярхочо, амма цуьнан кхайкхамаш жоьпаш доцуш дисна.

Оьрчийчоьнан Iедалша харцдина хан йиллина эскаран гIуллакх дийраш Украине бигар. Оьрсийчуьра зударий Зазадоккху-беттан 8-чу денца декъалбеш шен къамелехь президента Путин Владимира билгалдаьккхира, хан йиллина эскаран гIуллакх дийраш луларчу махка тIаме хьийсор бац, аьлла. Амма шолгIачу дийнахь Кремль декхаре хилира уьш оцу тIамехь дакъа лоцуш хилар тIелаца – Путина Коьртачу тIеман прокуратуре талламан кехаташ хьажор тIедиллира.

  • Оьрсийчоьнан тIеман Министралло цкъа бен ца дина беллачийн терахь олуш дIахьедар – Зазадоккху-беттан 2-хь. Цара бахарехь, хIинцале хууш ду 498 стеган кхалхар. Шемарчу тIамехь диъ шарахь дакъа лоцуш вийнарг 116 стаг ву, боху официалехь. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчоьнна тIелеташ – 67 стаг. Нохчийчохь дуьххьарчу тIамехь шина шарчохь федералхойх велларг, тайп-тайпанчу хьостанашца а догIуш, 4 103-на тIера 5 042 кхачалц тIемало ву.
  • Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь Украинана чугIоьртира. КхолгIа кIира ду тIом боьдуш. Оьрсийн эскархоша кеман тохарш дина Днепрехь, Лецкехь, Ивано-Франковскехь а. Украинан агIоно хаамбина инарла-майоран Колесниковн кхалхарх лаьцна. Путина Юххерчу Малхбалера шайн лаамера тIемалой Украине хьовсор къобалдина. Украино хаамбина, Оьрсийчоьнан кеманаша мехкан дозана йистехь Iуьллу Белорусерчу Копани-эвлана тIе тохарш дина, аьлла. Киево дIахьедина, и кеманаш Украинан агIонехьара схьадаьхкина хиларх лаьцна, дуьйцург ду Беларусь Украинаца девне яккхархьама дина питана. Иштта Украинан агIоно дуьйцу, оьрсийн эскарша гуманитаран коридорана тIе тохарш дина, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG