ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Санитарин диктатурина" дуьхьал акцеш хилла Францехь


Иштта дуьхьалонан акцеш хилла Францехь иттаннаш гIаланашкахь
Иштта дуьхьалонан акцеш хилла Францехь иттаннаш гIаланашкахь

Францехь иттаннаш эзарнаш нах акцешка арабевллера санитаран кехаташ даларан система юкъаяьккхарна дуьхьал, хаам бо Свобода Радионо. Марсхьокху-беттан 7-хь хилларг йоьалгIа демонстраци яра оцу пачхьалкхехь "санитаран диктатурина" дуьхьал дIаяьхьнарг.

"Евроньюс" телеканало бинчу хаамца, дуьхьалонан акцеш хилла Францехь 150 гIалахь. Иза жоп ду, коронавирсца къийсам дIабахьаран керла барамаш юкъабаха Францин Конституцин кхеташоно бинчу сацамна делла долу.

Оцу сацамца а догIуш, пачхьалкхехь доьхкуш ду бахархошна культуран меттигашка а, спортан комплексашка а баха, вакцинаци йина хиларан сертификат я карахь COVID хьакхаелла ца хиларан тест а йоцуш.

Низамо бакъо ло балхара дIабаха вакцина тоьхна боцу белхахой.

Оршотан дийнахь дуьйна талламца чекхволуьйта раж юкъайоккхуш ю Францехь кафешкахь а, ресторанашкахь а, махбаран центрашкахь а, ткъа иштта геннарчу гIаланашка дIасалелачу цIерпошташна тIехь а. Бахархойх цхьа дакъа вуно дуьхьал бу керлачу дехкаршна.

Дуьхьалонан акцеш хиллашехь, иштта дехкарш пIераскана дийнахь юкъадаьхна Италехь. Талламца чекхволуьйта раж хIоттийна культуран а, спортан а меттигашкахь а, ресторанашкахь а, юкъараллин тарнспорта тIехь а. Iедало дIахьедина иза оьшуш хиларх лаьцна дешаран шо мелла а кхерам боцуш дIадоло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG