ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара нохчийн полисхой цIа бахка тарло кеста


Chechen police
Chechen police

Шемарчу Палмире хьажийна 150 сов Оьрсийчуьра сапёр, хаамбира тIеман Министералло. Цаьрца цхьаьна минаш лаха Iамийна жIаьлеш а ду. Палмирехь цара зуьйр ю керла сапёрш ларбан лерина костюмаш а, минаш лоьху керла гIирс а, дIахьедира Оьрсийчоьнан ницкъийн инженерийн эскаран куьйгалхочун когаметта волчу Алахвердиев Руслана. Хьалхара сапёрийн тоба Шема дIакхаьчча кIира хьалха. Цу юкъана, зазадоккху-беттан 17-чу дийнахь Нохчийчуьра Шема хьажийна тIеман полицин баттальон цIа ерза еза, аьлла дийцира РБК-ка тIеман министераллан хьосто, хоуьйту echo.msk.ru портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG