ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовхь Iазап хьегарх даредина бакъонашларъярхошка Къилбаседа Кавказерчу а, Оьрсийчоьнан къилберчу а бахархоша


Гайтаман сурт

Саратовн кIоштарчу набахтин туберкулезан дарбан цIийнехь гIело хьегарна хьалхо латкъамаш бинчу тутмакхашца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан (СПЧ) декъашхоша масех Iуналлин инстанце кечдеш кехаташ ду. Бакъонашларъярхоша къамелаш динчу хенаш йиттинчарлахь бу Краснодаран кIоштара а, Къилбаседа Кавказера а бахархой.

"Юкъараллин тергамчийн комиссига (ОНК) а, меттигерчу омбудсмене а, адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчуьнга а, Инарла прокуратуре а, таIзар кхочушдаран федералан урхалле (ФСИН) а дIакхачон кехаташ ду оха кечдеш. Цара массара а, шайгарчу бакъонийн гурашкахь, толлур ду уьш, хьокъалладерг тIеоьцур ду. Цхьацца кхачамбацарш хIинцале девзаш ду, кхиндерш а оха гучудаьхна. Иштта, тхайн кехаташ тIехь хьоьхур ду оха- хIун дан деза, оцу тайпаниг кхи ца хилийта", - дийцина Кавказ.Реалиига СПЧ-н декъашхочо Бабушкин Андрейс.

ГIело хьегийтарх а, магийна боцучу барамашца шайна Iаткъамбарх а латкъамаш тIечIагIбина хеттарш динчара. Бабушкина дийцарехь, бакъонашларъярхоша 200 сов стаг тIеэцна, шайлахь Краснодаран кIоштара а, Дагестанера а, къилберчу кхечу регионашкара а бахархой болуш.

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь депутаташ болчу Гаджиев Iабдулхьаькима а, Умаханов Сайгидпашас а кехаташ дIахьийтина Оьрсийчоьнан юстицин министралле а, ФСИН-е а, Саратовн кIоштарчу туберкулезан дарбан цIийнехь гIело латторах Gulagu.net проекто зорбане яьккхинчу материалан хьокъехь. Iазапаш хьегийтинчарлахь бу Дагестанера бахархой а. Хьийзийначу махкарчу тутмакхех лаьцначу информацех комментарий йина яц Нохчийчохь.

Саратовн кIоштарчу ФСИН-н номер 1 йолчу туберкулезан дарбан цIийне хьисийначу тумакхаша масех шерашкахь аьрзнаш дора, шаьш хьийзош хиларх а, гIело латторах а.

Юьйцучу дарбан цIийнехь завхозаша а, санитарша а балха эцначу тутмакхаша бала бохьура, ФСИН-н а, ФСБ-н а белхахойн тIедахкаршца, кхечу хан токхучучаьрга, и дерриг а видео тIе дIа а яздеш.

ГIадужу-беттан юьххьехь йиллинчу хьосташкахь видео гучуелира Саратоврчу тутмакхийн ОТБ-1 дарбан цIийнехь а, кхин а масех Оьрсийчоьнан регионашкарчу колонешкахь а гIело латтош гойту. Материал ара а яьккхина, Gulagu.net проектан жигархошка дIакхачо аьтто белира тутмакх хиллачу программистан Савельев Сергейн.

Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Савельев а, цунна тIаьххье Gulagu.net проект вовшахтоьхна Осечкин Владимир а федералан лехамашка велира. Бакъду, эххар а прокуратуро юхаийцира хьалхарниг лаца бина сацам.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG