ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовн кIоштахь "Кадыровн векална" таIзар дина – иза бехкевина ахчанаш дахарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Марксовскан кIоштахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал ву ша бохуш леллачу Дукаев Рустаман хьокъехь бина сацам Саратовн кIоштан кхело хийцаза битина. Колонехь даккха итт шо хан кхайкхийна цунна, яздо Кавказ.Реалиино.

Бехктакхаман гIуллакхан материлашца а догIуш, Саратовн кIоштарчу Маркс гIалахь "Совесть" коллекторийн агенталла ю бохуш, вовшахтоьхна хилла зуламхойн тоба бизнесхошкара даккхий ахчанаш дохуш. Кхел йинчара лелийнарг бахьана долуш хиллачу зенийн мах хадийна талламо 21 миллион сом.

"Кхеле хIиттийначара цига (агенталлин офисе – билгалдаккхар.) балош хилла совдегархой, цигахь лерринчу хIусамчохь уьш кхерош герз гойтуш, гIело латтор ю царна а, церан доьзалашна а бохуш, кхерамаш туьйсуш, ницкъ беш а хиллера, псхихологин тIеIаткъам беш", - чIагIдо Саратовн кIоштан прокуратуро.

Оперативан барамаш дIахьочу заманчохь компанин офис чохь карийна "хьелаш хIитточу бертан кехатийн цIена бланкаш, кхочушдийриг санна цу тIехь билгалваьккхина ву бизнесхо Дукаев, кхечаьргара ахча эцарх кеп-кепарчу нехан цIарах тоьшаллаш-кехаташ, Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхочун векалан йоллу бакъонаш йолчу Дукаевн цIарах, кхечу нахаца нисделлачу "къовсамечу", "девнечу" хьелашкахь гIо дар доьхуш бина кхайкхамаш, пневматикан ши топ а, электрошокер а, телескопин чхьонкар а.

Саратовн кIоштарчу Марксовскан гIалин кхело кеп-кепара хенаш йиттина Яковлев Анатолийна а, Марцин Андрейна а, Дукаев Рустамна а, Детхаджиев Саид-Мохьмадна а, Березин Русланна а. Йина кхел бакъо йоцуш ю аьлла, таIзардинчийн адокаташа апелляци чуелла. Кху деношкахь Саратовн кIоштан кхело дина арз юхатеттина.

  • "Совесть" коллекторийн агенталлин нуьцкъала ахчанаш даьхначийн бехктакхаман гIуллакх айдира 2018-чу шарахь, тIаьхьо дийца даьккхира ялх шарахь Саратовн кIоштахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал лаьттинчу Азиев Турпала дарж охьадилларх. Цуьнан метта Кадыров Рамзана дIахIоттийра Саратовн кIоштахь веха бизнесхо Байтарбиев Асламбек.
  • Нохчийн зорбанан гIирсаша хаамбора, йохкаран, экономикан, Iилманийн-техникан, культурин уьйрийн гурашкахь, Нохчийчоьнан арахьара зIенаш субъекташца а, Оьрсийчоьнан федералан гонашца а кхиош, чIагIъеш "Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалаллаш хиларх".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG