ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн "ДНР-хь тIеман декъера дIавахарна ши шо хан тоьхна Соьлжа-ГIаларчу контрактхочунна


GROZNY, RUSSIA
GROZNY, RUSSIA

Мобилизаци йоьдучу йукъанна тIеман гIуллакхех идарна аьлла ши шо колонехь даккха тоьхна Соьлжа-ГIалахь контрактхочунна Андриенко Вячеславна. Ишта сацам бина гарнизонан тIеман кхело.

Сацамца а догIуш, сепаратистийн "ДНР-хь"(Украинан Донецкан кIошт. – Ред. билг.) тIеман декъера дIавахана иза, тIаккха Ростовн махкарчу шен доьзале йухавирзина. Ши кIира даьлча контрактхо полисхошна схьакарийра – тIаккха Корниенко комендатура кхачийра, цул тIаьхьа Нохчийчу а - цигахь йара цуьнан тIеман тобанна куп тоьхна меттиг.

Сацам хIинца низамехь чIагIбина бац, цунна латкъам бан аьтто бу.

Оьрсийчохь мобилизаци йолайелчхьана Бехктакхаман кодексера тIеман дакъа дIатасарх лаьцна тIечIагIйинчу артиклаца 536 гIуллакх кхаьчна Оьрсийчуьрчу кхелашка зазадоккху-беттан чакхенгахь долчу хьолаца. "Медиазонан" хаамашца, оцу артиклашца йина кхелаш наханна ца йовзуьйтуш латтайо, кхелийн сайташка ца хIиттайо.

  • Хьалхо хаам бора, Адыгейра контрактхочунна Акопян Гургенна пхи шо, ахшо туьйхира оцу бехкаца колонехь даккха. Амма цо кхелехь дIахьедира, тIеман дакъа ша дIатессира, кхаа баттахь долу шен контракт чекхдаьлча.
  • Соьлжа-ГIаларчу кхело мотострелкован батальонехь хиллачу контрактхочунна Гереев Курашна ахшо туьйхира арахь даккха. 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо дIатесира дакъа, амма йухавирзира гезгмашин-беттан 24-хь.
  • Шен лаамца тIеман дакъа дIатасарна бехкевира Сочерчу гарнизонан тIеман кхело контрактхо Кондратьев Александр, пхи шо, ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. "Леррина Iалашонаш чекхйохучу йукъанна" эскархочо тIеман дакъа дитина, аьлла дуьйцу сацамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG