ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Севастополера спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилла лаам хиларх дIахьедина Нохчийчохь


Гайтаман сурт

Севастополерчу спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилларх информаци зорбане яьккхина нохчийн хаамийн гIирсаша. Барт хиллера иштта, схьадийцарехь, Севастополерчу делегацин Куьрчала кIоштан администрацица хиллачу цхьанакхетарехь.

"Вайн хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах спортан школан цIе хийца лаам хиларх хаийтира хьешаша. Кху заманан йоллу пачхьалкхан исторехь висинчу вайн къоман хьалханче боккха ларам хилар ду иза", - далийна Куьрчала кIоштан администрацин куьйгалхочун Ирасханов Асламбекан дешнаш «Чечня Сегодня» агенталло.

Аннекси йинчу ГIирмин а, Севастополан а зорбанан гIирсашкахь а, иштта, цIе тилла лиъначу меттигерчу номер 7 йолчу спортан школан сайтехь а информаци яц цунах лаьцна, ур-атталла Нохчийчу бахарх лаьцна а.

  • Стохка дIакхайкхийнера, Боснера а, Герцеговинера а кхо гIала Нохчийчуьрчу гIаланашца вежаралла долуш хир ю аьлла. Дийцарш хилар бен кхин гена ца дахара и дIахьедар. Цул совнах, Сараевн мэро хаамбира, вежараллех лаьцна цхьана а кепара официлехь процедураш шайгахьара хилла яц аьлла.
  • Сербихь дош деллера Кадыров Ахьмадан цIарах цхьахболу урам хилийта, иштта реза хилира цуьнан цIарах КъорIан Iамош школа ян а – Оьрсийчуьра ахчанах. ХIетте а, иштта школа ярх инициатива цаьргара яра аьлла, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци Сербихь бакъ ца йира.
  • Къилбаседанерчу Македонихь йолчу паркана Кадыровн-воккхахволчун цIе тилла а тIелецира. Боснихь, хьалха дуьйна Боснин а, Герцеговинан а хилла кIошт, Кадыров-ден цIе тилларх дийцира, ткъа Кадыровн-кIентан цIе – тIайнна.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах тIай ду Санкт-Петербургехь. 2016-чу шарахь елира цунна цуьнан цIе, бахархой дуьхьал боллушехь.
  • Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош 300 урам бу республикехь, Соьлжа-ГIалара коьрта майда а, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, «Новая газето» Чиллан-баттахь хаамбарца, шен ларми чохь дуккха а нах байина Росгвардин полк а. Президентан цIарца Ахмат-Юрт аьлла, хийцира иза ваьхначу эвланан цIе а. Цул совнах, махкахь футболан а, латархойн а клубаш ю, иштта, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна Америкерчу финансийн санкцйин тептаре язйина Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Соьлжа-ГIалин урамашкахь дIадиттина карадо Кадыровн портреташ.
  • 1995-чу шарера 1999-чу шаре кхаччалц къобалъязчу Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин муфтий вара Кадыров Ахьмад. Цул тIаьхьа оппозици а ваьлла, федералан эскаршна тIетайра иза. 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хаьржира иза, амма 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлжа-ГIалахь йинчу кIелонехь вийра.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG