ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Север-Ахмат" керла полк кхолларх дIахьедина Нохчийчохь


Соьлжа-ГIала. Архивера сурт
Соьлжа-ГIала. Архивера сурт

Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан тIеман министраллина юкъайогIу "Север-Ахмат" полк вовшахтохар дирзина, аьлла дIахьедина. Цо бахарехь, полкана юкъа эцна Шемарчу а, Украинерчу а конфликташкахь дакъа лецна хилла "корматалла йолу бIахой".

Кадыровн официалерчу телеграм-каналехь арахецначу видео тIехь гуш ду, дIахIиттийначу полкан эскархошлахь Нохчийчоьнан МВД-н патрулан постан сервисан а, сиха реакци яран тобанан а бIахой хилар, корматалла йолу эскархой а, иштта маьршачу бахархойн духар доьхна нах а – хетарехь, шайх "лаамхой" олурш бу уьш.

Керлачу полко хIун лелор ду хууш дац. Эскархой кийча бу "дIа а бахана, атта Киев а, НАТО-н пачхьалкхаш а схьаяха", иштта цо хьехна, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь хIаваэрчу тохаршна дуьхьало яран системаш хIиттор, Шелан кIоштан танкийн декъехь база а йолуш. Иза оьшу, цо бахарехь, "юхатохаран тактикан мераш" хилийта.

Нохчийчохь керла батальонаш кхолларх лаьцна хиира товбеца-беттан чекхенехь – оцу хенахь йиъ тоба кхолла планаш яра: "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" а. Хууш ду, оцу гIуллакхехула жоьпаллехь нохчийн парламентан хьалханча Даудов Мохьмадца хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, йиссина йолу кхоъ батальон а схьагулйина ю, амма царна юкъабогIучу эскархойх лаьцна дуьйцуш дац. Цуьнан декъашхойн терахь батальонерчул а масийттаза алсам долу "Север-Ахмат" полкан кепехь кечъяр стенна оьшуш дара а хууш дац.

Дагадоуьйту, керлачу батальонашна юккъехь къаьсттина нохчий бен хир бац, аьлла хьалхо дIахьединера. Царна лерина ремонт йан езаш яра Хан-ГIаларчу керлачу гIишлонна – муьлхачу белхашна оьшуш ю царна иза хууш дац.

  • Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора.
  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а 101 стаг "бехкзуламе хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиино теллира, украинхойн агIоно арахецна долу Нохчийчухала тIаме хьийсийначу "лаамхойн" тептар. Лаамхошна юккъехь дуккха а берийн дайш бара, кегийрхой, конспирологин теорийн агIончаш, лартIахь болх ца карорна тIом бан бахнарш а – пачхьалкхан пропагандех уьш тешар а, Украинерчу тIамехь шайн даймохк ларбеш хиларх тешар а ю оцу массочу нехан юккъера билгало. Лазийначу а, кхелхиначу а эскархойх лаьцна церан гергарчара дийцира.
  • Хьалхо хиира, ГIалгIайчохь "гIалгIайн" герз кхийсаран тоба кхолларх лаьцна – шайх лаамхой олучарах лаьтташ хир ю иза, тIеман декхарш дIадахьаран контрактана кIел куьйг яздийр ду цара. Оцу тайпа тоба кхолларх лаьцна дIахьедира ГIалмакххойчохь а, Дагестанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG