"ДжихIад" цIе йолу операци Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу дийнахь, марсхьокху-беттан 5-хь митингаш хIиттийна нохчаша Австрехь, Германехь, Польшехь, Францехь - Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь оьрсийн эскарш Соьлжа-ГIалара арадохуш дIайаьхьна тIаьххьара операци йу иза. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедало а, Нохчийн Ичкери республико а Хаси-Эвлахь барт бира.
Австрин коьртачу гIалахь митинг дIайаьхьира нохчаша марсхьокху-беттан 5-хь, дийина Кавказ.Реалиин сайте нохчийн йукъаралхочо Дунаева Розас. Бараман декъашхошкахь Ичкерин байракхаш а, федералхошна дуьхьало латтийначу турпалхойн суьрташ а дара. Цаьрца бара украинхойн жигархой а, шайн пачхьалкхан а, "Аьтточу секторан" а байракхаш лаьцна.
"Оцу тIамехь беллачийн иэсана сий дина оха. Украинхойн жигархоша толам баккхарца декъалдира тхо. 27 шо хьалха жимачу Ичкерино импери эшийнехь, амма хIинца шайн эшна хила бакъо йац, бохура цара тхоьга", - дуьйцу Дунаевас.
Митингехь бистхуьлуш бара Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь дакъалецнарш.
- Марсхьокху-беттан 6-22 деношкахь хилира Соьлжа-ГIала йоккхуш летарш. Масхадов Асланан, Яндарбиев Зелимханан, Исмаилов Исланбекан, Закаев Ахьмадан, Гелаев Русланан, Умаров Доккан, Басаев Шемалан а куьйгкIелахь хиллачу ичкерин ницкъаша лецира Соьлжа-ГIалахь оьрсийн тIеман ницкъаш, тIаккха гIала дIатаса дийзира церан. 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийн Ичкерия республикана а юкъахь Хаси-Эвлахь бертан дийцарш дира. Оцу документана куьйгаш йаздарца официалехь бирзира хьалхара тIом.
- 90-чу а, 2000-чу а шерашкахь Оьрсийн Федерацино Нохчийчохь лелийначу зуламашна оьрсийн а, дуьненан а йукъараллин къора хиларо а Iадаво, бохура шина томех лаьттачу "Нохчийчоьнан хьокъехь Дуьненайукъара трибунал" монографин автор Дмитриевский Станислава.
- 2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-хь Украинан Лаккхарчу Радо Нохчийчийн республика Ичкери Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта хилар тIелецира.