ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн лаамца Нохчийчуьра Украине бахначех хаамбина Кадыровс. Цуьнан тоьшаллаш дац


Украина, Мариуполь, 2022 шо
Украина, Мариуполь, 2022 шо

Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бан махкара шайн лаамехь вовшахкхеттачарех керла батальон Украинан дозана тIе кхачарх хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Телеграмерчу шен каналехь яздина цо цунах лаьцна.

"Керла тIебаьхкинарш тIелецира сан хьомсарчу ВАШАС Делимханов Адама (Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентера депутат – Редакцин билгалдаккхар.)", - яздина Кадыровс. Цо бахарехь, шайн лаамехь Украине бахначара дIахьедина, "вайн даймехкан хьаштийн дуьхьа тхайн вежарийн агӀонах агӀо а тоьхна, шаьш тIемаш бан хьаьгна хиларх".

ТIеман хьалхарчу деношкахь Нохчийчуьра эскархой бахийтарх лаьцна цхьа маьIна долу хаам Iедалхошкара бацара. ТIаьхьо Кадыров волавелира денна нохчийн ницкъахойх лаьцна публикацеш зорбане яха, иштта кест-кеста конфликт марсайоккхуш, кхайкхамаш а беш. Пачхьалкхан суверенитет ларъечу нохчийн батальонийн декъашхошна кхерамаш туьйсуш, къамелаш дора хьаькамо.

Хьалхо Украинан кхерамзаллин сервисо (СБУ) хаамбира, Зазадокху-беттан 4-чохь Беларусехула Нохчийчуьра отряд кхаьчна, 1200 стаг юкъахь волуш аьлла. Цуьнан декъехь бара "Север", "Юг" тIеман батальонаш а, "Ахмат-Грозный" ОМОН а. Оцу тобанан урхалла деш вара мехкан куьйгалхочун ницкъаллин блокехула волу гIоьнча Мартынов Даниил.

Украинан къайлахчу сервисаша дIахьедира, Оьрсийчоьнан пачхьалкхана тIелатарехь дакъалоцуш хилла Нохчийчуьра бIе эскархо верах. Иштта Украинан тIеман ницкъаша бакъ ца дира, Луганскан кIоштара Рубежное гIала схьаяьккхина аьлла, Кадыровс дина дIахьедар.

Цкъачунна цхьана а кепара хууш дац, шайн лаамехь вовшахкхетта, Украине хьажийначарлахь маса стаг ву. Иштта къастанза дуьсу, муьлхачу тIегIанехь кечбина бу уьш, муха вовшахтоьхна уьш тобанашка.

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн жигархошна а, политологашна а хетарехь, ша шена пиар ярхьама пайдаоьцуш ву Кадыров Украинерчу тIамах, ткъа Кремло пайдаоьцу "майрачу кадыровхойх", Киевна тIеIаткъам беш а, пачхьалкха чохь пропаганда ярхьама а.

Украинхой эскаршкахьа тIемаш беш болу, шайн лаамца вовшахкхеттачу къобал язчу Ичкерин агIончаша билгалдоккху, Оьрсийчоьно авиаци артиллери, хIордан флот лелочу хьелашкахь, кадыровхой коьрта ницкъ хуьлийла дац конфликтехь.

  • Чиллан-беттан 24-чохь Украинан дозана тIе чугIоьртира Оьрсийчоьнан эскархой президентан Путин Владимиран омраца. Iалашонаш а лоьцуш, шайн бахархойн инфраструктура хIаллакъярна Москва бехкейо Киево. ТIеман объекташна бен шаьш йетташ яц бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан агIоно.
  • Кадыров Рамзана кест-кеста видеош хIиттайо махкарчу эскархойх лаьцна, украинхойн тIемалошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъян, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчашна а кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бо конфликт кхин а тIе чIагIъян. Украина Iалашъечу тIемалоша а, нохчийн батальонийн декъашхоша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнехьара агрессин символ санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG