ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шеконе схема". ХIун нийса дац кадыровхочун кIант украинхойн тIеман лоьраца "хийцарца"?


Саидов Адам, украинхойн журналистан Золкин Владимиран каналехь еллачу интервью юккъера скриншот
Саидов Адам, украинхойн журналистан Золкин Владимиран каналехь еллачу интервью юккъера скриншот

Украинхойн парамедик Паевская Юлия ("Тайра"кхайкхаме билгало ю цуьнан) 20 шо долчу нохчочуьнца, Украинан вахархочуьнца Саидов Адамца (Гриценко)- Нохчийчоьнан куьйгалхочун аннекси йинчу ГIирмерчу векалан гIовсан Саидов Мурадан кIантаца, хийцарх лаьцна социалан машанашкхаь дуьйцу масех де а ду. Йийсарера маьршаяьккхинчул тIаьхьа Паевскаяс видео дIаязйира Украинан президентана Зеленский Владимирна баркалла олуш, Саидов стенгахь ву хIинца а хууш дац. Нагахь санна, билггал цуьнца хийцинехь, Саидовна веран кхерам лаьтта, хета бакъонашларъярхошна.

Саидов хийцарх дуьххьара дIахьедира, карарчу хенахь тIеман корреспондент санна болх бечу, Оьрсийчоьн Хьалхарчу каналан журналисто Куксенкова Иринас. Мангал-беттан 18-чохь шен телеграм-каналехь цо дийцира, Тайра Украине ма-кхаччара Запорожьехь нохчо лаьцначуьра дIахецначу "шеконечу схемех" лаьцна. Саидов Мурада а, цуьнан накъоста, аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векало Хачукаев Iийсас а жима стаг Оьрсийчу кхачориг 25 миллион сом делла кхин тIе а. Журналистан дешнашца, хьаькамашлахь коррупци хиларан тоьшалла ду иза.

Украинхойн парамедиках Саидов хийцар Кавказ.Реалиина тIечIагIдина Запорожьерчу, жимстаг леллачу Исламан центрерчу маьждиге вогIучо а. Оцу юкъанна Украинан официалан хьосташ цкъачунна тапъаьлла Iа – редакцино хийцарх лаций вистхилар дийхира СБУ-н пресс-секретаре Дехтяренко Артеме, амма цо жоп ца делира. Кехат дахьийтира Кавказ.Реалиино СБУ-н куьйгалхочун Баканов Иванан цIарах, материал зорбане йоккхучу хенахь цуьнгара кхин жоп ца хилира.

Къомах лаьцна яц хIара истори, коррупцех лаьцна ю

Запорожьен кIоштарчу Украинан Къоман полицин коьртачу урхалло а дуьхьало йира Саидов Адамах лаьцначу хьолах дийца, телефонехула хаамаш шаьш ца бо аьлла.

Къайлах хийцина хила тарло бохучу хаамо къийсамаш гIаттийна Оьрсийчоьнан пропагандийн зорбанан гIирсийн журналисташлахь. Масала, "Комсомольская правда" радион журналисто Фридрихсон Наданас дIахьедира Саидовх лаьцна истори а, 25 миллион сом а – украинхойн информацин-психологин операцийн центро "нахаладаьккхина" ду аьлла. Иштта Куксенкован хьостанех шеконаш кхоллаелла ца Iаш, хьалхо Къонахаллин мидал Хьалхарчу каналан журналистана яларх а цхьаьна ю цуьнан.

"Йоллу республикан авторитет йохорна а, питанан дарна а" масех де даьллачул тIаьхьа Куксенкована бехкаш дехкира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Журналистан дешнашца, хьаькамо цIеххьана телефон туьйхира цуьнга, йа Саидов а, йа Хачукаев а юкъара вац Паевская Украине дIакхачорца аьлла.

"ХIара истори къомах лаьцна яц, коррупцех лаьцна ю… Ткъа шарахь ас болх бен сан хьосташ шаьш бохучунна тIера ца бовлу, цара чIагIонаш йо Гриценко Адаман гIуллакх лелийнарг Украинан таллархойн Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс, полковник Усов Дмитрий вара бохуш. Запорожьехь лаьцначуьра цо маьршаваьккхира боху Гриценко, Тайра Украине кхаьчначул тIаьхьа…", - яздо Паевскаяс.

Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

"ТIехьожучун" воI

Саидов Адам хийцарх хаам бакъ ца бира Нохчийчоьнан Iедалхоша, информаци зорбане яьккхина ши де даьллачул тIаьхьа. Оцу кепарчу дIахьедарца вистхилира ша Саидов Мурад. Кадыров Рамзанан официалан телеграм-каналехь зорбане яьккхинчу видео тIехь цо дIахьедо, Гриценко "Украинан вахархо ву, хIинццалц схьа лаьцна латтош ву иза" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздира, "украинхойн нацисташ" дIасахийцар – шен бакъо яц аьлла. Иштта цо кхерамаш тийсира, хийцарх лаьцна яздечу журналисташна, хуушшехь Оьрсийчоьнан эскарех лаьцна харцдерг даржор аьллачу Iедалан къепехь бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду аьлла.

Кадыровхошца цуьнан уллора юкъаметтигаш хиларна украинхойн къайлахчу сервисаша Саидов Адам лаьцна латтош ву бохуш, Зазадокху—баттахь Нохчийчохь хааме даьккхира – пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь иштта репортаж арахийцира.

Саидов Мурада бахарехь, лачкъорах лаьцна цунна хиинера кIентан ненера, кIиранах Iийнера хьаькам, шен кIант волу меттиг ца хууш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедожийра украинхойн Iедалхошна, СБУ-н белхахой тIаьхьабевлла лела нохчий дIахеца аьлла.

Цхьа хан яьлча ша Саидлв Адама бакъ ца дира ша лачъор – цо интервью елира, дукха хьолахь лецначу Оьрсийчоьнан эскархошца къамелаш дIаяздеш волчу украинхойн журналистана Золкин Владимирна. Цу къамелехь "Кадыровн цIарах Мелитопольна тIехь терго латториг ву" олу кIентан да.

Украинхойн ницкъахоша ша лацар бакъдира Саидовс – цуьнан дешнашца, "мел а кхерамзалле йолчу меттиге" иза дехьаваккхархьама а, кехаташ таллархьама а дина хIума дара и. Жима стаг тешна вара, шен билггал кхерам латтарх: "Со вен тарлора, шайн бахархошна [Нохчийчоьнан]" харц информаци кхачорхьама", - боху цо.

Стенгахь хилла Адам, лоьчкъийлехь мел хан яьккхина, билгал ца даьккхира цо. Къамел дерзош шен нене вистхилира иза: "Со дика ву. Сайн аьтто ма -белли, телефон тухур ю ас, хIинца жимма кхераме ду".

Саидов-Гриценко вина украинхойн Запорожьехь, карарчу хенахь Запорожьерчу Классикан университетан юриспруденцин факультетехь кхозлагIчу курсехь доьшуш ву иза. Кавказ.Реалиин корреспондентан аьтто ца белира сайтехь билгалъяьхначу телефонан номершца организацин белхахошца зIе таса.

"Эладита" йа бакъонца боцу барт?

Нохчийн бакъоларъярхочо, юристо Янгулбаев Абубакара украинхойн а, Оьрсийчоьнан а агIонашкарчу хьасташна тIетевжина, хаамбира, Саидов волчу меттигех лаьцна бIостане хаамаш кхочу шега аьлла. Цуьнан дешнашца, украинхойн Iедалхой бистхила беза официалан дIахьедарца, нохчо Саидов хийцарх лаьцна лаьттачу хаттаран йист йоккхуш.

"Оцу кепара хийцар низамца догIуш дац. Армин бакъо яц конфликтехь дакъалоцуш боцу могIарера нах леца а, уьш йийсарехь латто а. Адам- украинхойн вахархо ву, тIемало вац. Къоман билгалонца шен вахархо кхечу къомах волчуьнца хийцаро украинхойн агIонга дуккха а хеттарш нисло. ТIехула тIе хийцаро Адаман дахар а, могушалла а кхерамна кIел хIоттайо, Кадыровх лаьцна цо дина шога дIахьедарш бахьана долуш", - дуьйцу Янгулбаевс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Кадыровхочун воI хийцарх йолчу версих со ца теша, иза ишта делахь а, цхьа лартIахь доцург ду хIара

Дуьйцург ду, Охан-баттахь украинхойн журналистана еллачу интервьюхь Саидовс баьхнарг. Масала, "Кадыров Ахьмадан некъ" бу элира цо "къизаллин а, кхероран а некъ", ткъа шаьш кадыровхой – "тилла" адамаш ду. 900 эзар стаг хъаьжначу интервьюхь Саидов Адама кхайкхамбо нохчашка Украинана дуьхьал тIаме ма гIо аьлла.

Нагахь санна, Гриценко билггал нохчийн Iедалхойн кара дIавеллехь, шина тайпа некъ го цунна и хьал эгIаран: меттигерчу хаамийн гIирсаша дуьхьал пропаганда еш, пайдаоьцур бу цунах, йа кадыровхоша вуьйр ву иза, украинхойн къайлахчу сервисашна тIе а тоттуш. "Хийцаран" формато а цхьаьна хеттарш дуьту цунна, тIамехь дакъалаьцна а воцу, йийсарехь хилла а воцу шайн вахархо цхьана агIоно дIавелча.

Осмаев Адам
Осмаев Адам

Нохчийн лаамхойх вовшахкхеттачу Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонан хьалханчана Осмаев Адамна хууш а ца хиллера Саидовн хьолах лаьцна. Делахь а, цо тIечIагIдира, оцу кепара дIасахийцаран формат тIеман практикехь йолуш ю аьлла. "Суна хаарехь, Украинан бахархой хьалха а хуьйцура, амма церан шайн лаамца дора и", - элира цо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

ХIара истори бакъ яц аьлла, дийцира шейх Мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан информацин декъан куьйгалхочо Чеченский Богдана Кавказ.Реалиига.

"Стенна оьшу Оьрсийчоьнна Украинан вахархо, муха хуьйцур ю цара йийсархо, шен ненаца вехачу, Украинана Оьрсийчоь тIелатарна дуьхьал волу украинхойн вахархо? Журналисташа дуьйцу эладита ду хIара", - тешна ву иза.

Орлов Олег
Орлов Олег

Изза хьажам бу адамийн бакъонаш Iалашъяран "Мемориал" центран Кхеташонан декъашхочун Орлов Олеган. Кадыровн рожах лаьцна критика йина украинхойн вахархо дIавалар, цунна хетарахь, цхьана а агIор тида логика йоцург ду.

"Кадыровхочун кIант хийцарх юьйцучу версих со ца теша, нагахь санна, и бакъ делахь, цхьа лартIахь доцург ду. Цо хьал чолхе доккхур дара, резабацар а гойтур дара патриоташ олучийн а, иштта тIемаш бечу дакъойн а. Оьрсийчоьнан агIор тIехсов сонта къайле лелочу хьелашкахь, хаа а хууш, йина дезинформаци хила а тарло, Оьрсийчоьнан "патриотике" юкъараллин юкъаметтигаш кхин тIе а иръян", - дийцина бакъоларъярхочо Кавказ.Реалиица къамелехь.

  • Адаман да Саидов Мурад вевзаш ву криминалан дIадахнарг долуш. Доккхачу декъанна, иза лаьцнера аннекси йинчу ГIирмехь 2019-чу шарахь, нуьцкъаша ахчанаш дахарна бехкевина. Саки гIаларчу ресторанехь лецира иза, цу чохь леташ нах бу аьлла, цхьаммо полици анониман хаам бинчул тIаьхьа. Зорбанехь хаамбарехь, кхайкхина баьхкинчу ницкъахошна карийра, нохчийн бизнесхочунна Алиев ИбрахIимна йетташ болу герзашца нах. Радиостанцин хьастийн хаамашца, дов даларан бахьана хиллера бизнесан дакъа шега схьало аьлла, Саидовн тIедожорна Алиевс дуьхьалояр. Иштта, публикацехь яздарехь, лаьцначаьргара даьккхинера герз а, патармаш а. ДIасавалар а доьхкуш, Охан-баттахь арахийцира СИЗО-ра Саидов.
  • Украинхойн парамедик Паевская Юлия а, цуьнан машен лелориг а Зазадоккху-беттан 15-хь Мангуш эвлахь йолчу блокпостехь лецира, Мариупольна 15 километр генахь ю иза. ТIаьххьарчу бархI шарахь Паевскаяс хьалхара лоьрийн гIо латтадора Донбассерчу эскархошна а, маьршачу наханна а, иштта уьш дарбан цIийне дIа а хьовсабора. Бутт сов хан яьккхира цо йийсарехь, оцу хенахь и йолчу меттигах, цуьнгарчу хьолах лаьцна хIумма а ца хаьара цуьнан гергарчу наханна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG