ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелтерна полисхой тIелеттачул тIаьхьа Дагестанехь дуьхьал бу бехктакхаман гIуллакх доло


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

ХIинжа-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу Талламан декъан талламхо дуьхьал ву бехктакхаман гIуллакх доло, Дагестанерчу "Марем" кризисан тобанан жигархоша бинчу латкъамашца доьзна. Кавказ.Реалии портало бо и хаам. Мангал-баттахь лачкъийна Тарамова Хьалимат шайн петарехь къайлаяьккхина хиллера жигархоша.

Нуьцкъаша петар чу иккхинера дагестанхойн полици, шога дуьхьало а еш, "Марем" группин волонтераш арабаьхнера цара, цул тIаьхьа Тарамова дIаеллера цуьнан дега.

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" декъан куьйгалхочуьнга Аламов Мохьмаде кхаьчначу протоколехь яздина ду, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан "Ницкъбеш, шегарчу бакъонел сов валар" а, "Стеган хӀусаман бехкелла" а бохучу артиклашкахь бехкзуламан гIуллакх доло бух бац талламан аьлла.

Динчу омрехь ишта боху, Смирнова Ирадин а, Килясханова Майсаратан а, Анохина Светланин а догIмаш тIехь кеп-кепара лазийна меттигаш хааелла, цхьаерш ирачу хIуманца йина чевнаш ю. Ду цу юкъахь полисхойн мукIарло дар а, цара чIагIдо, "ламеш тIе охьа а буьйшуш, охьанехьа чухехкалора" зударий аьлла.

Кхелахь жигархойн адвокат хIоьттинчу Аламовс тIетоьхна, оцу сацамна шаьш латкъам бийриг хилар.

Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Шен цIера едда, ХIинжа-ГIаларчу бакъонашларъярхойн шелтерехь хьулъелла йоI, лачкъийра кадыровхоша Мангал-беттан 10-чохь. Тарамова лачкъош кадыровхошна гIо деш бара Дагестанера бакъоларъяран органийн белхахой.

Петар чохь хилла дукхахболу зударий нуьцкъаша арабаьхнера цара. Тарамова а, цуьнан доттагI а полици кхачийра, цул тIаьхьа Нохчийчу дIайигира Хьалимат.

Ша цIера ядале хьалха видео дIаязйинера Тарамовас, ша лехамашка ма ло аьлла, дехар деш. Делахь а, Соьлжа-ГIала ша дIайигинчул тIаьахьа дIахьедира цо, доьзалехь ша хьийзош яц аьлла.

Оцу юкъанна нохчийн зорбанан министро Дудаев Ахьмада бехк бакъонашларъярхошна тIететтира, Тарамова лачкъийна йигинера цара аьлла.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьне дIадийхира Мангал-баттахь, лачкъийначу нохчочун Тарамова Хьалиматан гIуллакхца доьзна документаш.

Марсхьокху-баттахь кхин а керла цхьацца хаамаш Iорабевлира Тарамовех лаьцна. ЦIера ядале хьалха кхаа баттахь Подмосковьерчу Invia Elite клиникехь латтийнера иза, гомосексуалах "дарба лелош", иштта, цунна тIехь КъорIан а доьшуш, "жинаш лаьхкинера".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG