ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха гIортарна пхи шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна


ДаIишхойн могIарех дIакхета Iалашонца Шема дIаваха гIоьртинчу Нохчийчуьрчу вахархочун Яхъяев Iелин хьокъехь сацам бина Къилберчу тIеман кхело. Шогачу хьелашкарчу колонехь даккха пхи шо хан тоьхна цунна, яздо ТАСС агенталло.

Талламан версица, Шема кхача шена гIо дан стаг лоьхуш хилла цо 2019-чу шарахь социалан машанашкахь, ткъа 2020-чу шарахь шен тIедахкарш динчу цхьана герзашца лелачу тобан декъашхочуьнца къамеле ваьллера иза.

ТIаьхьо ахча карийна Яхъяевна, оьшу кеманна билеташ а эцна, шеца къамел динчуьнга дIахаийтина цо, ша Шема ваха новкъавала дагахь хиларх, амма лаьцна иза.

  • Хьалхо яздора хаамашкахь, 2015-чу шарахь Шемахь йолчу террорхойн организацех дIакхета гIоьртинчу Дагестанерчу вахархочунна Ибрагимов Зурабана колонехь даккха ворхI шо хан тоьхна аьлла.
  • Ростов-ГIаларчу Къилбан гонан тIеман кхело кололнехь даккха 11 шо кхайкхийра 27 шо долчу Магомедов Батырна, хьалхара кхо шой, ахшой набахтехь а доккхуш, хаамбира кхелан пресс-гIуллакххоша.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG