ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара бераш цIа далорца хьарамлонаш лелийна аьлла, шеконаш ю "Кадыровн бакъонашларъярхочух"


Нохчийчоьнан Iедалхоша Иракъера цIа ялийна шо кхаьчна йоI
Нохчийчоьнан Iедалхоша Иракъера цIа ялийна шо кхаьчна йоI

Дагестанера яхархо Эрэжебова Дженнет а, кху шеран Зазадокху-баттахь кхелхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан декъашхо Саратова Хеда а йоьзна хила тарло, Шемара а, Иракъера а бераш цIадалорца лелийначу хьарамлонашца. Масех шарахь Эрэжебовас а, Саратовас а ахчанаш гулдеш хилла бераш цIа далон, амма оцу юкъанна билггал беш болх ца хилла цу тIехь, чIагIдо РЕН ТВ телеканало.

Карарчу беттан 7-чохь канало репортаж арахецна, ХIинжа-ГIалахь дIаяьхьначу лерринчу операцех лаьцна, цу чохь дуьйцу Эрэжебован цIийнах талламбарх. Керлачу хаамашкахь гойту цIийнах хьовсуш а, полисхоша шеконашка эцначуьнца къамел деш а, цо чIагIдо, "криминалехь долу цхьа а хIума лелийна дац" ша бохуш.

Эрэжебован йоI а, нуц а, пхи беран бер а хилла Гергарчу Малхбалехь, тIаьххьара цаьрца зIе хилла цуьнан 2016-чу шеран Лахьан-баттахь, хIетахь даIишхойн куьйгакIел хиллачу Иракъерчу Мосулера.

РЕН ТВ-н версица, Дагестанерчу зудчо масех тоба лелош хилла мессенджерашкахь, Гергарчу Малхбале берашца дIабахначу церан гергарчарна орца кхачор ду ша бохуш, чIагIонаш а еш. Царна гIо кхачош тIелаьцна хилла бераш схьалаха а, уьш даймахка дерзо а. Цкъа хьалха пхи эзар сом доьхуш хилла цо, цул тIаьхьа хIора баттахь охьабилла безаш хилла и мах. Ткъа оцу юкъанна, Шемахь а, Иракъехь а берийн хIусамашкахь а, мухIажарийн каппашкахь а хила тарлуш долу бераш баккъал а лоьхуш ца хилла.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша бераш даймахка далийна меттиг нисбелча, юкъаралхочо шен къинхьегам лоруш хилла.

Оцу схемехь "гIоьнан" гарант санна хьалхаяьлла хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан герггара бакъоларъярхо лаьттина Саратова Хеда, чIагIдо телехьожийлан сюжетехь.

"Кавказехь гоьяьлла бакъонашларъярхо яра Саратова Хеда. Талламан версица, иза хилла Иракъера а, Шемара а бераш цIа далош гIо дийр ду а бохуш, ахчанаш вовшахтохуьйтург", - дIахьедо федералан телеканало.

Эрэжебова Дженнетан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхах а, оперативан барамех а карарчу хенахь Дагестанан бакъоларъяран а, талламан а органийн сайташ тIехь информаци яц. Комментарий эца аьтто ца белира шеконеэцначуьнца а.

"Шемахь Оьрсийчуьрчу берийн проблема билггал йолуш ю, дукха хьолахь, кехаташ дац церан, ткъа дайн-нанойн цIа бохкийла дац, хIунда аьлча, террорхойн организацешкахь латтарна царна яккхий хенаш кхачайо. Гергарчех, йа дех-ненах цхьахволчунна (йа дас, йа нанас Шема дIадигина хилла бер) бераш кIелхьардаха лаахь, атта теша уьш курхалчех. ТIемаш лаьттачу меттигашкара церан цкъа а аьтто хир ма бац бераш кIелхьардаха, оцу берийн документаш цахиларна", - дIахьедина Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара.

Нохчийчохь шен 55 шо долуш кхелхина республикан куьйгалхочун гонерчу адамийн бакъонашларъяран кхеташонан декъашхо Саратова Хеда. Охан-беттан 7-чу дийнахь инстаграмехула регионан информацин, зорбан министра Дудаев Ахьмада бинчу хаамца, Саратова кхелхина "ехха цомгуш Iийначул тIаьхьа".

Кавказ.Реалиин хьостанаша дийцарехь, иза елла коронавирусах кхетта цамгар чолхе яларца.

2018-чу шарахь тIемаш лаьттачу Иракъан а, Шеман а дозанаш тIехь юьсуш яра Оьрсийчуьра ши эзар гергга зуда а, бер а.
Кху шеран Охан-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан кеманахь Шемара даймахка далийра шина шарера ялхийтта шаре даьлла 44 бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG