ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу тIемашкахь хиллачу Дагестанерчу вахархочунна набахтехь даккха 13 шо тоьхна


Къилбан тIеман гонашкарчу кхелан сацамца а догIуш, Шемахь тIемаш бина ву аьлла, бехк тIечIагIбинчу Дагестанерчу вахархочунна Айвазов Азаматна колонахь даккха 13 шо тоьхна, хьалхара шиъ набахтехь а токхуш.

Кхелахошна къаьстина, 2015-чу шарера схьа дуьйна Шеман дозана тIехь даIишхойн тобанехь дакъалаьцна хиларх кхеле хIоттийначо. Айвазовна тIедиллинера, 2016-чу шарахь, шен нана а Iехийна, герзашца вовшахкхеттачу тобанийн декъашхойн банкан реквизиташ еллера цо. Дерриг а оцу чоьташ тIе даьккхинарг ду цо 377 500 эзар сом.

2021-чу шеран Чиллан-беттан 8-чохь Оьрсийчу юхавеача лецира иза бакъоларъяран органийн белхахоша. Сацамна Апелляцин тIеман кхелехь латкъам бан бакъо ю.

  • Ростов-ГIаларчу тIеман кхело набахтехь даккха 12 шой, цхьа буттийн хан туьйхира, террорхойн организацехь хиллачу Дагестанерчу вахархочунна Абдулмеджидов Шемална.
  • Дагестанан Агульскан кIоштарчу вахархочунна Аликберов Салимханна пхи шо кхайкхийра, террорхошца юкъарлонаш лелорна.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG