ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен гергарчаьрга видеокхайкхам бертаза байтина, боху Абдурахманов Тумсос


Блогер Абдурахманов Тумсо
Блогер Абдурахманов Тумсо

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна луьра критика ярца вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос хаам бина, шен гергарчаьрга шаьш цхьаммо а лецна цахилар хьокхехь видеокхайкхам бертаза байтина бу аьлла.

"Дождь" телеканалан эфирехь (Оьрсийчоьнан Iедалаша иноагент лаьрра ю иза, амма ша телеканал реза дац цунна) Абдурахмановс тIечIагIдина видео тIехь берш баккъалла а шен гергара нах хилар. Цо иштта тIе тидам бахийтина, къамелдинчерах цхьаъ набахтехь чувоьллина хиларна, видео дIаязъян иза цигара араваьккхина леррина валийна хиларна а.

Абдурахмановас дийцарехь, цунна тоьшалла ду шен гергарчуьнан хатI – иза вуно гIелвелла а ву, юьхьтIехь верриг а ваьлла а ву, хьалха цкъа а маж лелийна вацахь а. Блогеро дийцарехь, карарчу хенахь набахтехь латтош ву цуьнан гергара пхи стаг, ткъа церан хьал муха ду хууш дац.

"Ялх стаг шайн-шайн цIахь ву, амма цаьргара паспорташ дIадаьхна", - элира Абдурахмановс, шега нохчийн Iедалшна критика яр сацаде бохуш хилар тIе а тухуш.

  • Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.
  • Соьлж-ГIалахь хиллачу пресс-конференцехь Кадыровс лач хьахийра критикийн гергарнаш лечкъийна хиларх, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "блогерша а, бакъоларъярхоша а вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.
  • Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь Кадыровс боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.
  • Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. Нах лечкъор талла аьлла, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъара а бакъонашларъярхой президенте Путин Владимире бовларх лаьцна иштта комментарий йина министро.
  • Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG