ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хIусамненан гергарнаш лачкъорах дIахьедина нохчийн оппозицин блогеро


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедина шен хIусамненан гергара ши зуда лаьцна йигарх: цуьнан нана Шаидова Равза а, йиша Айбазова Асият а. Блогера дийцарехь, Астраханехь бевзаш боцчу наха шен цIера лаьцна Шаидова, ткъа Айбазова полицин декъехь, хьалхо цига тIекхайкхина хиллера иза.

Абдурахмановс билгалдоккху, хIинца а Нохчийчохь лаьцна латтош хиларх шен цIийнах лачкъийна бигина хилла пхи гергара стаг. Хаам тIечIагIбеш кхечу йозуш йоцчу хьасташкара информаци яц Кавказ.Реалиин. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера комментарий эцар ца нисделла.

  • Кху беттан 22-чохь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбинера телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйира, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.
  • Германехь вехачу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран (ингалсан маттахь Human Rights Center Ichkeria) директоро Арцуев Аслана дIахьедира, нохчийн ницкъхоша Нохчийчохь бисинчу шен гергарчех виъ стаг дIавигина аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо бекхам бийр бу "бага оьзда йоцчу" наха мел дуьйцучунна бохуш, йоца видеороликаш хIиттийна нохчийн хьаькамаша шайн социалан машанашкахь. Инстаграмерчу шен агIонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыров чIагIонаш йо, шен критикийн йисина хан "кIезиг ю" бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG