ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен кIантехь Iазап латтийначу дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кест-кеста шен кIантана етташ хиллачу Нохчийчуьрчу дена дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Шела-кIоштан вахархо дIалаьцна, иза чохь вуьтуш сацамбар ду дийцаредеш аьлла, хааам бина REGNUM интернет-ресурсо, регионерачу прокуратуран пресс-гIуллакххошна тIетевжаш.

Доьзалехь ницкъбеш хиларх кху шеран байначу баттахь кхаьчна информаци шен лерринчу тергоне эцнера мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Талламаш бинчул тIаьхьа гайтинчу жамIашца бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан сацамбира прокуратурано, кхиазхочуьнгахь Iазап латторна.

"Къаьстина, 39 шо долчу стага денна бохург санна шен кIантана етташ хилар, цуьнан дегIана, психикана а чевнаш еш", - яздо прокуратуран информацехь.

Иштта бинчу талламахь гучудаьлла, доьдучу шарахь масийттазза административан жоьпалла цунна тIедожийна хилар, шен ден декххарш эвсара кхочушдеш цахиларна.

  • Алтай Республикехь 38 шо долчу нанна кхело таIзар кхачийра Охан-баттахь, цо шен йоI етташ лелорна. ЙоI дIаяьккхира доьзалера.
  • Хьалхо хаамаш баьржира ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь ворхI шо долу Ажигова Iайша заьIап ярх лаьцна. Несарарчу дарбан цIийне йиллира иза, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, гангрена а йолуш. Москварчу Рошаль Леонидан берийн хирургин институте кхачийра йоI, дIадаккха дийзира аьтту куьг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG