ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен майрчун кIентан берашна тIехь гIело ярна десте шеконашка лаьцна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

53 шо долу Нохчийчуьра яхархо бехкейо шен майрчун кIентан берашна тIехь Iазап латторна: цуьнан кегийрачу кIантана а, йоьIана а етташ, царна кхераме долу молханаш моьлуьйтуш хилла цо.

Талламна хетарехь, дайначу шарахь бехкеечо "шен майрчун кIантехьа болчу цабезамна, кест-кеста дегIан а, синан а бала хьоьгуьйтуш хилла цо" цуьнан диъ а, кхоъ а шераш долчу шина бере: царна етташ, кхерамаш туьйсуш, сийсазбеш, ялх шо кхачанза долчу берашна магийна доцу мера чу туху молханаш моьлуьйтуш хьийзина иза.

Берийн могушалла талхаран бахьана гучудаккха аьтто баьлла, церан нанас камера а латийна, дIахIоттийначу телефоно цигахь хуьлург дIаяздарна, дуьйцу Нохчийчухула йолчу СКР-о. Бехкеечун хьокъехь гIаттийна бехктакхаман гIуллакх кхеле хьажийна кхин дIа листа.

  • Хьалхо Соьлжа-ГIалара яхархо бехкейора шен майрчун хьалхара зудчух диссина берашна къизачу кепехь еттарна. 10 шо долу йоIанна а, цуьнан 8 шо долчу вешина йина хиллера и гIело.
  • 2019-чу шеран Товбецан-баттахь ГIалгIайчуьра ворхI шо долу Ажигова Iайша дарбан цIийне ялийра, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, шира чевнаш, гангрена а йолуш. Цуьнан аьтту куьйг дIадаккха дийзира. Цуьнан ден йишас Ганиева Маккас йина цунна и чевнаш. ЙоьIан ден йиша, цуьнан цIийнда, МВД-н экс-белхахо Марзиев Iийса бехке лаьрра берана тIехь гIело ярехула долчу гIуллакхехь. Ганиевана юккъерчу рожан колонехь даккха 6 шо туьйхира, Марзиевна – шиъ, ах шо туьйхира шогачу рожехь даккха.
  • Къилбаседа ХIирийчохь бехктакхаман гIуллакх диллира республикан Моздокан кIоштан вахархочунна, жима берана тIехь гIело ярна шеконашка а лаьцна.
  • ГIалгIайчоьнан прокуратурано таллам болийра, гIаръяьккхинчу видео тIехула – цу тIехь гуш ю, Троицкан хьекъална эшначу берийн цIийнехь-интернатехь кхиош волчу кIентан са дукъош йолу йоI.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG