ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен ненан петаран неIарна тIера сийсазе плакаташ Нохчийчоьнца доьзна бакъоларъярхочо Каляпина


Каляпин Игорь

Лахарчу Новгородехь бакъоларъярхочун Каляпин Игоран 84 шо долчу ненан петаран а, цIа чу воьдучу а неIаршна тIехь бевзаш боцчу наха провокацин йозанаш тIехь долу плакаташ дитина. "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллинчу, адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонан декъашхочо Каляпин Игоря Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь хилларг доьзна нохчийн ницкъхоша бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лацарх лаьцна ша динчу дIахьедаршца.

"ЦхьамаьIна долуш оцу историца бен доза йиш яц. Цхьа а кхин конфликташ сан яц. Меттигерчарна, Лахара Новгородерчарна, хууш ду, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетехь" со болх беш воцу биъ бутт хан юйла. Шеко а йоцуш, цигара [Нохчийчуьра] кхаьчна иза оцу гIуллакхна тIехула ас йина комментарий бахьана долуш, нохчийн ницкъхошна цхьана агIор сан тIеIаткаъм бан гIортарца, Мусаева маьршаяккхархьама", - дIахьедина Каляпина Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Фейсбукехь зорбане даьхна бакъоларъярхочо плакатийн суьрташ а, видеокамераша дIаяздинчийн скриншоташ а, цу тIехь гуш ву уьш йитина стаг – цуьнан юьхь ерриг аьлча санна дIакъевлина ю Iаьржачу медицинан маскица. Плакаташ тIехь яздина ду: "Каляпин Игорь террорхой Iалашбеш ву! Эхь ду арахьарчу агентана! "Каляпин Игорь арахьара агент ву! Германин а, США-н а грантех даймохк боьхкина цо".

"Ойла хила тарлора, дIоггара кхин хьекъал доцу бераш ду харцахьа лелаш аьлла… Амма видеокамераша лаьцна нах, хIуммаъ а тинейджерийн хенара бац. Со кхетарехь, наношца къийсам латточу Кадыровн [Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан] гIуллакх дехаш ду, тола а тоьла", - плакаташ тIерачу йозанех лаьцна дийцина Каляпин Игоря.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь бакъоларъярхочо билгалдаьккхина, Дечкен-беттан 29-чохь плакатийн дуьххьара тергам хиларх шен йоьIан а, невцан а. Карарчу хенахь цара полици дIахьедар деш ду.

  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара. ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла.
  • Иза лаьцна йигичхьана йозуш йоцу, бакъ информаци хилла яц инсулинах йоьзна диабет йолчу цомгашчу Мусаева Заремерчу хьолах лаьцна. Кеп-кепарчу бахьанашца цунна цкъа а тIебитина бац адвокаташ.
  • Шена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха аьлла, нохчийн омбудсменан Солтаев Мансура бинчу кхайкхамна жоп делла Каляпин Игоря. "Эхо Москвы" радиостанцин колонкехь бакъоларъярхочо хьаькаман дешнаш "мотт тохар а, харц маьIна долуш а, шен формица инзаре гIалаташ долуш" ду элира. Цул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбира, "террорхойн агIончаш" Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а лаца аьлла. Нохчийчоьнан урхалхочо бахарехь, нохчашна тIехь ахча доккхуш бу уьш, "сценареш кечъеш, шайн персонажийн лерехь ала дезарг а, лелар а хьоьхуш". Жоп лучу Каляпина дуьстира Кадыровн лелар пхи шо кхаьчначу бераца.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG