ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена дуьхьалболчийн гергарнаш лечкъорна ша юкъара вац аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан

ХIора шарахь журналисташца хIотточу пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, шен критикийн гергарнаш лечкъорна ша юкъара вац аьлла. Daily Storm гIирсан корреспондента Кашеварова Анастасияс деллера царех лаьцна хаттар.

Шен гергара нах ницкъхоша бигарх дIахьединчу блогеран Абдурахманов Тумсон цIе ца йоккхуш, Кашеваровас аьлла цуьнах "нилха маж йолу европхо".

"Нагахь санна, цхьаъ делахь а (нах бар. - Редакцин билгалдаккхар.), оха хаза а хеташ лохур бу. Амма цхьа бакъ ду, шен доьзалан сийна, къаьсттина зударийн, тIекховдахь - нохчочо цкъа а гечдийр дац. Уьш кхета беза, сан доьзалан, ненан,йижарийн, хIусамненан, йоьIарийн сий цара хьадийнехь, - ас дуй буу, муьлххачу а кхеле, трибунале хIуттур ву со, амма ас иза дуьтур дац. Цунах уьш кхеташ хила беза!", - дIахьедина Кадыровс.

Регионан куьйгалхочо бахарехь, уьш бигина хила тарло "цара (блогерша.-Редакцин билгалдакхар.) сийсазбинчарех цхьаммо".

"Зударех лаьцна дийцар магийта йиш яц. Ткъа цара дукха дуьйцу. Цара аьшнашбинчу нахах цхьаммо дIабигина хир бу церан зударий а, йижарий а, шайн зударшна тIехь цара дийр ду бохург царна тIехь кхочушдан", - жоп делла Кадыровс.

Цо бехкебина оппозицин блогерш, "дозанал а арахьа бехачу ницкъхойн доьзалшна тIаьхьа бевлла леларна".

  • Кху беттан 22-чохь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбинера телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйира, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.
  • Германехь вехачу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран (ингалсан маттахь Human Rights Center Ichkeria) директоро Арцуев Аслана дIахьедира, нохчийн ницкъхоша Нохчийчохь бисинчу шен гергарчех виъ стаг дIавигина аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо бекхам бийр бу "бага оьзда йоцчу" наха мел дуьйцучунна бохуш, йоца видеороликаш хIиттийна нохчийн хьаькамаша шайн социалан машанашкахь. Инстаграмерчу шен агIонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыров чIагIонаш йо, шен критикийн йисина хан "кIезиг ю" бохуш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG