ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена критика ечарна юха а кхерамаш тесна нохчийн куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бекхам бийр бу "бага оьзда йоцчу" наха мел дуьйцучунна бохуш, йоца видеороликаш хIиттийна нохчийн хьаькамаша шайн социалан машанашкахь. Инстаграмерчу шен агIонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыров чIагIонаш йо, шен критикийн йисина хан "кIезиг ю" бохуш.

"Делаца дуй буу ас, хьаштдоцург дуьйцучийн, хIара дуьне духур делахь а, церан кIезиг хан йисина, царна тIе тхо кхочур ду", - боху регионан урхалхочо.

Бекхам бан а ца ларош, ша валарна кхоьру, боху Кадыровс, иштта, "бекхам ца беш уьш битахь, шен тIаьхьенна а къинтIера вер вац" ша бохуш, чIагIонаш а еш.

"Вайн даймохк, вайн къам, дин, гIиллакхаш Iалашдан деза вай, оцу тIехь массара а кхахьега а оьшу", - дIахьедина Кадыровс.

Видеороликна йинчу комментарехь Даудов Мохьмада яздина, ша аьллачу дашах жоп дала дезар ду хIораннан а: "Бакъволчу нохчочо гуттар а жоп дехна шен сина тIекхевдинчуьнгара. И ламаст хилла а ду, хир долуш ду, вайн халкъан доьналла долуш, майра кIентий мел бу", - аьлла, комментарий йина парламентан спикеро Кадыровн дIахьедарх лаьцна.

Нохчийн телехьожийлехь гайтинера Кадыровс дIахьедар ден кхеташо, телеканалан инстаграмерчу агIонехь зорбане яьккхира цигара видео, амма де-буьйса даьллачул тIаьхьа дIаяьккхира. Оцу кхеташонехь Кадыровс бехкбаьккхина Туркойчуьрчу Кёрфез гIалахь Дудаев Джохаран цIарах парк схьаелларна, иштта оцу барамехь бистхиллачаьргара а.

Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь хилла Ичкерин заманахь тIеман министр лаьттина, тахана парламентан депутат волу Хамбиев Мохьмад а. Парк схьайоьллучохь хиллачу нохчашна критика йина цо, ма-дарра аьлча, цара цкъа а бина тIом а бац, Дудаев Джохар "бIаьрга вайна а вац" аьлла.

Соьлжа-ГIалин мэрина тIедиллина Кадыровс оцу кхеташонехь, Эрдоган Реджепан идеологин мостагIийн цIераш тахкар объекташна. Доккхачу декъанна, регионан куьйгалхочо хьахийна, велла дIаваллалц хан тоьхна Туркойчохь набахте хьажийна Курдойн белхан партин лидер Оджалан Iабдулла а, 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIоьртина аьлла, Эрдогана бехкевен туркойн яздархо, юкъаралхо Гюлен ФетхуллахI а. И цIераш ехира шен дIахьедарехь нохчийн муфтийс Межиев Салахьа а.

"Гоьваьлла политикан гIуллакхдархо Гюлен ФетхуллахI туркойн халкъан бакъволу патриот, ткъа Оджалан Iабдулла политикан тутмакх лара тарло" республикехь аьлла, дIахьедира Межиев Салахьа а.

Кадыровс и кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа масех нохчийн блогеро дIахьедира, Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша лачкъийна бигарх.

  • Кху беттан 22-чохь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбинера телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйира, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG