ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена йина кхел къовсар ца нисделла криминалан нохчийн къуьнан Солтаханов Бай-Iелин


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ПхоьалгIачу Новосибирскерчу апелляцин кхело хийцам боцуш йитина Нохчийчуьрчу вахархочунна Солтаханов Бай-Iелина йина кхел, ницкъахойн версица, криминалан авторитет йолуш "къуьнан" статусехь ву иза. Кху шеран Охан-баттахь таIзар кхайкхийнера цунна.

Солтаханов Бай-Iела бехкевора, тутмакхийн элас Шалинский Ахьмада (Домбаевс) хIоттийна а волуш, криминалан тобанашна юкъара девнаш дерзош, криминалан авторитетийн бюджет юзарх, криминалан ламасташ чIагIдеш жоп луш хиларна. Оцу тIехула шогачу хьелашкахь йолчу колонехь даккха бархI шо хан тоьхна цунна.

Ша кхеле хIоттийначо бехкаш тIе ца лоцура, талламхойн жамIаш нийсонца дац бохуш. Ша бакъхиларх тоьшаллаш далочу цо дIахьедира, шен зуда а , доьзал хилар, ткъа иза криминалан ламасташца догIуш цахиларх а.

Хьалхо а кхел йина ву Солтаханов Бай-Iела: 2006-чу шарахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело колонехь даккха 13 шо хан кхайкхийра цунна, шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш деш хилла цо. Мел лахара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицехь а, антитерроран центрехь а белхаш бина Нохчийчуьра нах а болуш. Мехкан кеп-кепарчу кIошташкахь 30-зза талорийн тIелатар дира цара. Зулам дечу заманчохь милицехь стажер вара Солтаханов.

  • Солтаханов лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шеран Дечкен-баттахь хаамбора, вола а ца луш висина иза, хуттаргаш лозуш, цунна катоьхна операци ян еза аьлла. ХIетте а, дуьхьал хилира иза дарбанан цIийне охьавилла. Цуьнан метта "чIагIйинчу рожан зоне" дехьаваьккхира Солтаханов. Цул совнах, лаьцнарг латточу камери чуьра йовхо а дIаяьккхинера.
  • Тутмакхан хIусамнанас Солтаханова Миланас Зазадокху-баттахь дIахьедира, полицин талламан декъан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу шена, аьлла. Цо бахарехь, набахтехь йоккхур йолу хан лахйойла лаахь, цуьнан майра бехк тIеэца декхаревора полисхочо. Иза ца дахь, берриг а доьзал чубуллур бу, бохуш.
  • Солтаханова Милана тешна ю шен цIийнда бехке вацарх. Цо бахарехь, лацале иза балха хIоьттина хилла официалехь, дагахь хилла шен бизнес схьаелла а.
  • Зорбанан гIирсийн хаамашца, Шалинский Ахьмад воьзна ву Кадыров Рамзанан гонаца, Туркойчу а, Европе а дIабахначу рожан критикашна тIелетарш кечдеш а хиллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG