ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

212 стаг лачкъийна хIокху аьхка. Нохчийчохь ницкъ баран хроника


Нохчийчоь (архивера сурт)

Нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-канала дийцарехь, кхун аьха республикехь лачкъийна лаххара 212 стаг. Кавказ.Реалиино зорбане яьхна цу тайпа кхоллам хиллачу цхьаболчу нехан истореш.

Мангалан-баттахь Чири-Эвлана ницкъаллийн структурийн белхахоша го бина, кегийрхой лецна хиларх лаьцна хаам бира 1ADATа. Верриг а дIалаьцнарг вара 17-20 шераш долу 10 стаг.

Оццу баттахь Хьалха-МартантIехь лачкъийра 100 гергга меттигера вахархо. Рейдаш яхйелира цигахь цхьана кIиранах. ДIабигнарш бара 20 шаре кхаччал хан йолу кегийрхой. Тешаш дийцарехь, жимачу нехан кампанешна юкъа питанчаш бахийтина хиллера, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонерчу нахана а шаьш реза къамелаш цаьрга дайта.

Мангалан-бутт чекхболуш лачкъийна дIавигира Соьлжа-ГIалара 25 шо долу вахархо Яхьяев Мохьмад а, 17 шо долу Баталов ЯрагIи а. Хьалхарниг, цхьаболчу хаамашца, латтош ву Гуьмсерчу РОВД-хь, шолгIаниг ву – Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштарчу полицехь.

Цул сов, юкъараллин жигархоша дийцарехь, Стигалкъекъа-баттахь хьалхо лачкъийна дIабигнера вежарий Халиков Мохьмад а, Мансур а. Дийцарехь, и шиъ латтош ву Гуьмсерчу полицехь.

Аргунерчу полицин хьаькаман Байсултанов Юсупан инстаграмехь видео гучуелира "кегийрхой нийсачу некъах бохучу интернет-хьастан аудиторех" болчу кегийрхошца "профилактикан къамелаш" дина шаьш аьлла.

Хетарехь, уьш хилла 1ADAT канале дIаязбелла. ТIаьхьо и ролик дIаяьккхира. Камерина хьалха хIиттина кортош охкийна лаьтта кегийрхой муьлш бара хууш дац. Цера дийзира гуш-хезаш бехк ца биллар деха, шаьш социалан машанашкахь яздинарг бахьана долуш.

Лоьраш лечкъор

Мангалан-беттан 21-хь 1ADAT-а хаам баржийра Соьлжа-ГIалахь ницкъаллин структурийн белхахоша поликлиникан коьрта лор Сугаипова Тамила лачкъийна дIайигна хиларх лаьцна, нуьцкъала вакцинаци ярах адамаш кIелхьара даьхна йолу.

1ADAT-а дийцарехь, дархойн дехаршца цо вакцина тухучу метта витаминаш а тухий, кехат луш хиллера вакцина йина аьлла. Полисхоша, лаьцна дIа а йигна, ницкъ а бина, йийцийтина хиллера цуьнга ша "вакцинаци" йинчу нехан цIераш. И нах, 1ADAT-а дийцарехь, схьа а карийна, царна баккъалла а йолу вакцина тоьхна хиллера. Оцу процедурех чекхваьллера 50 сов стаг.

Лор лаьцна аьлла даьржинчул тIаьхьа ши де даьлча дIахецнера Сугаипова. Оццу хенахь хиира цуьнца цхьаьна полицино дIайигна хилар оццу поликлиникера кхин а 9 белхахо.

1ADAT-н хьасто дийцарехь оцу зударшна а ницкъ бина хиллера. Иштта лачкъийна дIавигнера Гуьмсан кIоштан дарбан цIийнехь болх беш волу лор Хакалиев ИсмаьIил.

Блогер вар

Мангалан-беттан 24-хь 1ADAT-а хаам бира нохчийн коьртачу гIалахь оьзда боцуш лелаш хьеший хиларх лаьцна видео яьккхинарш лачкъийна дIабигна хиларх лаьцна. Видео тIехь гуш бу Путинан проспектехь малар мелла Iуьллуш волу турист а, газонах туалетах санна пайда оьцуш йоллу зуда а.

Товбеца-бутт чекхболуш тIепаза вайра видеоблогер Магомадов Аюб. КадыровгIара бехачу эвлан цIе хийцарх лаьцна ша яьккхинчу видеохь цо аьллера: "ХIокху эвлан цIе ю Ахмат-Юрт, ца хаьа 20 шо даьлча цуьнан цIе хIун хир ю" аьлла. Кхин а цо ша къасто воллу аьллера "Нохчийчоь Оьрсийчохь баккъалла а уггар кхерамазаллин регион ю я яц бохург".

Дукха хан ялале телеграм-каналехь видеоблогеран хаам гучубелира ша цхьаммо а лаьцна вацара, цхьана-шина дийнахь машанехь вацара ша аьлла. Марсхьокху-беттан 10-хь 1ADAT-н администраторша дIхьедира, и хаам Магомадовгануьцкъаша байтинера, ткъа блогер кадыровхойн карахь ву хIинца а аьлла. Амма тIаьхьо хиира, кехаташ дIа а даьхна, иза дIахецна хилар.

Кеманна тIера охьавуссуш лачкъор

19 шо долу нохчо Мурадов Дауд лачкъийра Францера департацин рейсаца Москва кхаьчча. Ницкъ бича цо даре динера ша террорхошна гIо деш вара аьлла. Карарчу хенахь иза чувоьллина латтош ву Лефортовохь. Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоха мегаш ю цунна.

Куршлойн-эвлахь лачкъийна Айрбеков Мохьмад. ТIечIагIбина боцучу хаамца, цо реза воцуш къамел дина хилла лаккхарчу даржехь волчу цхьана кадыровхочух лаьцна. Юкъараллин жигархошна хетарехь, Айрбеков латтош ву Куршлойн-эвлан РОВД-хь.

Вагийна некъа йистехь

Масийтта дийнахь лийхира гергарчара а, юьртахоша а Йоккхачу АтагIара хене ваьлла вахархо Мусаев Султан. Хууш ду Мангал-беттан 30-хь иза некъа йистехула эвлан кешнаш долчу агIор воьдуш гина хилар. Сарахь воккха стаг цIа ца веъча доьзало лаха волийра иза.

Дукха хан ялале цуьнан даьгна дакъа карийра. Iедалехьа болчу социалан машанашкахь яздора, и стаг некъах воьхна хиллера, вохвала цIе латийна а хиллера цо, амма ларамаза ша ваьгнера бохуш.

Амма гергарчарна хетарехь, цунна тIе машен тоьхна хилла, ткъа дина зулам хьулдан цуьнан дакъа дагийна зуламхоша.

Марсхьокху-бутт болалуш Соьлжа-ГIалахь лачкъийра меттигера вахархо Закараев Iусман. Иза хилира Iедалан белхахоша цуьнан мобилан телефон теллинчул тIаьхьа. Закараевна ницкъ бина хиллера, хаам бо жигархоша. о

Оцу кеппара лар йоцуш вайна полисхоша телефон теллинчул тIаьхаь Шелара Талхигов Iильман. Цуьнан кхоллам муха хилла хууш дац.

Товбеца-беттан 25-хь лачкъийна 21 шо долу Мусаев Муслим. Мичахь ву иза хууш дац.

Марсхьокху беттан 24-хь лар йоцуш вайна Ставрополера Нохчийчу вогIуш хилла Хьалха-МартантIера 3 стаг. Церан цIераш йоцург царах лаьцна кхин хууш хIумма а дац. Уьш бу 23 шо долу Жансаев Шапа а, Атуев Ислам а, Ислам а (фамили хууш яц). 1ADAT-хь болчу хаамца, уьш латтош бу Грозненски кIоштан УВД-н кертахь.

Цхьа де хьалха нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана хаам баржийра Нохчийчохь лаьцна хилар хькъехь шен да а, ваша а - 75 шо долу Халитов ГIани а, 46 шаре ваьлла Халитов Рамзан а. Цул сов, лачкъийна Москвахь веха цуьнан жимах волу ваша Халитов Хьусайн а.

***

Кавказ.Реалиин корреспонденто кехат яздинера Нохчийчьурчу МВД-н зорбан сервисе, адамаш лечкъорах а, кхел ца еш ницкъ барх а лаьцначу хаамашна комментари яхьара аьлла. Материал зорбане йолуш жоп даланза дара.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG