ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши де а ду Нохчийчу дIайигина бакъонашларъярхочун нана шен доьзалца зIене ца йолу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дечкен-беттан 20-чохь суьйранна дуьйна Мусаева Заремин- бакъоларъярхочун, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран ненехь Мусаева Заремехь долчу хьолах а, цуьнан бакъонан статусах а хууш дац цуьнан гергарчарна.

ШолгIачу кIанта Янгулбаев ИбрехIима бахарехь, Зарема зIене яьлла яц шен доьзалца, Нохчийчохь бехачаьрца а цхьаьна. Тахана, шоьтан дийнахь, Мусаевана тIекхача Iалашо ю церан адвокатан.

Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура шен аккаунтехь йигинчуьнца дIаязйина видео зорбане яьккира Дечкен-беттан 21-чохь.

Къамел оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь до Мусаеваца. Омбудсмено дош ло, лор хьоьжуьйтур ву аьлла, иштта хоьтту иза схьаялийна полисхой муха бара цуьнца. Мусаевас дуьйцу, дика бара, амма инсулин цахиларна (лаьцначун диабет ю, шен цIера иза дIайигинера чохь лелочу кIархашца а, духарца а, молханаш схьа а ца оьцуьйтуш) хIума яа йиш яцара шен, тIаккха иза юьгуш боьлхучура молханаш ийцира шена аьлла. Иштта боху цо, талламхочо шогалла ца лелийра шеца.

"Видео тIехь гучу хьолехь хуьлу нана шекар лакхадаьлча, дегI доьхна, ледара хуьлу иза. Гуш ду, цунна тIе лор ца витинийла, гIад дайначу хьолехь ю иза. Оцу чолхечу хьолехь суна цкъа а гина яцара иза", - дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте Янгулбаев ИбрехIима.

Дечен-беттан 20-чохь суьйранна нохчийн полисхой ду шаьш аьллачу наха Лахарчу Новогородерчу федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, адвокатна а, суьдхочунна а, цуьнан йоIана а, хIусамнанна а йиттина хилла. Цул тIаьхьа диабет а, коронавирус а йолу Мусаева Зарема бертаза машена хаийна, гIаличуьра арабевллера уьш.

Дийцарехь, курхалла лелорца долийначу гуллакхна тIехула тешаш санна хеттарш дан Нохчийчу Янгулбаев Сайди а, Мусаева Зарема дIадига бакъо хиллера цаьргахь. Янгулбаев Сайдин федералан суьдхочун статус хиларна, полисхоша лаьцна йигира цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Лахара Новгородера бертаза Нохчийчу дIайигарх лаьцна шен телеграм-каналехь яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Оцу доьзале сатуьйсуш меттиг бу набахтехь йа лаьтта бухахь", - дIахьедира Кадыровс.

Кадыровс чIагIдо, Соьлжа-ГIала дIакхачийна Мусаева Зарема "полисхочунна тIелеттера, бIаьрг баккхаза ваьлла иза" бохуш: "Цо хIинцале а шена чохь яккха хан яьккхина".

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист вара Янгулбаев Абубакар. Дахначу шеран ГIуран беттан 28-чохь Янгулбаев Абубакаран хIусамах хьоьвсира, дIаяьккхира техника, иза ша Пятигорскерчу полици дIавигира. Ша дIахецначул тIаьхьа цо дийцира, терроризм къобалъярца доьзначу цхьана бехкзуламан гIуллакхна т1ехула хеттарш дан вигинера ша аьлла.

Цуьнга хеттарш дина хиллера оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца иза воьзна вуй хьовсуш. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцинера, хьалхо Нохчийчохь шен гергарнаш полисхоша дIабигарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG