ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шина гIанта тIехь Iар". Нохчийчуьра а, Казахстанера а Iедало стенна ца дуьйцу Кадыровн хIолламашна тIелатарх


Кадыров Ахьмад ву шен кIантаца Кадыров Рамзанаца. Архивера сурт
Кадыров Ахьмад ву шен кIантаца Кадыров Рамзанаца. Архивера сурт

Казахстанерчу Малая Сарань эвларчу Кадыров Ахьмадна лерина иэсан тIулг бохийна бевзаш боцчу наха – цигахь вина ву таханалерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун да, республикан Оьрсийчоьнехьа хилла волу президент. Цунна леринчу шолгIачу хIолламна а хилла зен –"йамартхо" олу дош гучудаьлла цу тIехь. Казахстанерчу Iедало комментари ца йо хиллачунна, ца гуш санна Iа Нохчийчохь а. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа бахарехь, оцу хиламан ший а агIо тIаьхьалонийн зенаш жимдан гIерта.

ТIелатарна жоьпаллехь бу аьлла шаьш нохчийн 1ADAT боламо. Оппозицихоша арахецначу видеош тIехь гуш ду, вевзаш воцчу стага варзап йетташ Кадыровна лерина иэсан тIулг бохош. ШолгIачу видео тIехь "йамартхо" боху дош ду хIолламна тIехь цIенчу басарца йаздина.

1990-чу шерашкахь йозуш йоцчу Ичкерин муфтий вара Кадыров Ахьмад, тIаккха Кремлан агIо лецира цо, 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президент а хIуттуш. И дехьавалар маршонан некъахь болчу къийсамна йамартвалар санна лору иза оппозицихоша.

2012 шеран аьхка схьабиллира Кадыров Ахьмадна лерина иэсан хIоллам. Цуьнан автор ву Карагандара вахархо Такиров Жаик – журналисташка бохура цо, йерриг харж шена тIелаьцна ша, амма ца дийцира, исс тонн болчу оцу хIолламан мах мел бу. Цхьадерг чекхдоккхуш цунна гIо дина Карагандара нохчийн-гIалгIайн этнокультурин "Вайнах" цхьанакхетараллерчу доттагIаша.

Политик шена гIенаха гича дагадеара шена, воккхахволчу Кадыровна лерина хIоллам хIоттон, дийцина цо. Билггал стенах лаьцна дара шен гIан, ца хьахийна Карагандарчу вахархочо, амма чIагIдо цо "Къам дезар, Делах кхерар" бохучу дешнийн маьIнаца вехаш вара Кадыров. И дешнаш ду тIе басарш диттинчу хIолламна тIе йаздина. И дукха боккха а, беза а хиларна, жигархойн аьтто ца баьлла и тIулг бохон, дийцина Кавказ.Реалиин сайте хилларг девзачу стага.

Малая Сарань эвлахь Кадыров Ахьмадна лерина хIоллам дIабелларан барам. 2012 шеран марсхьокху-бутт
Малая Сарань эвлахь Кадыров Ахьмадна лерина хIоллам дIабелларан барам. 2012 шеран марсхьокху-бутт

"Боккха хIоллам скверехь лаьтташ бара, дитташ ду цигахь доьгIна, гIанташ ду дехкина. Жигархошна Кадыровна "совгIат" дан лиъна, амма кхетта уьш – шайн ницкъаца и хIоллам шайга бохалур боцийла, леррина техника йеза цигахь. Цундела баллонаца долу басар тоха дагадеана царна", – аьлла къамелдинчо.

Цо тIетоьхна, Казахстанехь кадыровхой и динарш лаха гIиртира, амма цкъачунна аьтто ца баьлла церан, хIунда аьлча, оцу меттигна уллохь камераш йац.

Кавказ.Реалиин редакцино журналистийн хеттарш дахьийтина Казахстанерчу МВД-га, мехкан Iедалан къаьмнийн йукъаметтигийн комитете а, оцу хиламна комментари йоьхуш. ХIара текст арахоьцучу хенахь ницкъахошкара, йа хьаькамашкара тхоьга жоьпаш кхаьчна дац. Казахстанерчу полицино элира, хIолламаш дохийна, амма официалехь таллам болорах лаьцна хIумма ца дийцина цара.

Ден даймохк, деден каш

Казахстан – иза нохчийн исторехь къаьсттина агIо йу. 1944-чу шарахь кхуза а, Киргизе а ах миллион гергга нохчий, гIалгIай дIабохийра. Казастанан къаьмнийн Ассамблейн хаамашца, тахана махкахь 30 эзар гергга нохчо ву вуьссуш: дIабохийначех дукхахберш 1950-чу шерашкахь йухабирзира, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийча.

Кадыров Ахьмадна лерина болу хIоллам бохоро цхьа а резонанс ца йира Казахстанехь, ур-атталла нохчийн диаспорехь а, дийцина Кавказ.Реалиин сайте меттигерчу нохчийн йукъараллин гIуллакххочо. Кхерамазалла ларйархьама, шен цIе ца йаккхар дехна цо.

Тийна Iар ду Кадыровна оьшург, пачхьалкхашна йуккъехь дов ца эккхийта

"Оцу кепара "реакци ца хилар" доьзна, ду йукъаралла къовлайелла хиларца, паргIат дIахьедарш дан кхоьру адамаш, хIунда аьлча хIора стаг шех жоп делла ца Iаш, ша схьаваьллачу цIийнах жоп луш ву. Тхоьх дукхахберш Нохчийчу оьху. Казахстанехь цхьана нохчочо вукхуьнга хаьттича: "Хьо цIахь маца хилла?", цигахь йуьйцург Нохчийчоь йу, уьш кхечу пачхьалкхан бахархой балахь а. Шайн историн даймахкаца йоьзна йу тхан диаспора, Европерчу нохчел а чIогIа. Цуьнца доьзна ду Кадыровгхьа критика йан кхерар а", – дуьйцу къамелхочо.

Амма диаспоран куьйгалла Казахстанан Iедална а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца а йукъаметтигаш ларйеш ду, "шина гIанта тIехь Iан лууш". Ичкерин йозуш ца хиларан агIончаш дукха бац меттигерчу диаспорехь, оцу кепарчу наха шайн йукъараллина куьйгалла дийр ду аьлла а ца хета шена, билгалдоккху жигархочо.

Резабацарш кхуьуш ду

Казахстанерчу Iедало Кадыровн культ кхоллар магор дацара, амма меттигерчу кегийрхошна Кадыров Рамзан вуно "чIогIа стаг хета, гIагIдиллинчу машенахь волу, дехьа-сехьа "Мерседесаш" йоькъуш, кхачамбацарш луьстуш, кхетамца вехаш волу", дуьйцу диаспоран векало. Цо бахарехь, къаьмнашна йукъахь дов ца хилийтархьама дош ца олуш дуьту хилларг Казахстанерчу а, Нохчийчуьрчу а Iедало.

"Жимачу къаьмнийн хьокъехь вуно экаме политика йу Казахстанехь. Маловодный эвлахь хилла девнаш ду хIинца а коьртехь (Алматинскан кIоштахь 2007 шарахь нохчашна а, казахашна а йукъахь иккхина дов ду дуьйцург. – Ред. билг.). Йерриг проблемаш кузана кIел а кхийсина, хьал паргIат долуш санна Iар атта ду Казахстанан Iедална. Иштта Кадыровна а атта ду дош ца олуш Iар, къаьмнийн йукъарчу конфликте и хьал ца далийта", – дерзийна къамелахочо.

Цо бохучунна реза ву Европехь йолчу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" цхьанатохараллин куьйгалхо Сулейманов Джамбулат. И тешна ву, Нохчийчоьнал арахьа Кадыровн ражца резабацарш сих-сиха гучудевр ду. Политико мах хадорца, Украинера тIом болабелчхьана кхуьуш ду нехан духьал хилар, церан са кхачийнарг дара "Ахмат" тобанан дуккха а эскархой Клещеевка эвлахь байъина боху хаам – официалерчу Соьлжа-ГIало тIе ца лоцу иза.

Кадыров Ахьмадан цIе лелош болу Махачкалара урам, Дагестан
Кадыров Ахьмадан цIе лелош болу Махачкалара урам, Дагестан

Сулеймановс бахарехь, Нохчийчуьра Iедал Казахстанехь Iиллачун хьокъехь дист ца хуьлуш Iар масех бахьнаца доьзна ду.

Царах коьртаниг – Кадыров Рамзан муьлхха а хаамашна сихонца реакци йан де долуш вац. Уггар хьалха шен могушалла бахьанехь, амма иштта Украинерчу тIамехь ледара хьал шайн хиларна а, къам реза ца хиларна а. Хьалхо цуьнан ка йолура верриг кхерамехь латтон, амма тахана хьал хийцалуш ду", – аьлла Сулеймановс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллица эшамаш бу боху хаамаш чиллан-беттан йуьххьехь дуьйна гучубуьйлура. Кадыров цомгаш хиларх, йа наркотикех воьзна хила тарло, бохуш дIахьедира Закаев Ахьмада. Зазадоккху-баттахь немцойн Bild таблоидо, Закаевна тIетевжаш дийцира, политикан жаннаш могуш йац, аьлла, йистинчу йуьхьца иза гучуваьлча. Абу-Дабера нефролог Ибрагимов Ясин М. Эль Шахату Соьлжа-ГIала варах лаьцна а дийцира сайто. Кадыровн могушалла эшна хиларан кхин цхьа билгало йу, "Новая газетина" хетарехь, цуьнан берашна зорбанашкахула жигара пиар йар а. Амма ша могуш ву, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Казахстан йоцург а

Хьалхо эксперташа масийттаза дIехьедира, воккхахволчу Кадыровн "динан битамашца" йолу культ кхолларх лаьцна. Масала, цуьнан цIарах йу иза дуьненчу ваьлла ЦIоьнтара а (Ахмат-Юрт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а. Санкт-Петербургехь тIай ду, "Донречфлотан" теплоход, лоьман седарчийн гуламера седа, маьждигаш, хьуьжарш, дешин, дезачу а тIулгех йина орден – Нохчийчоьнан лакхара совгIат, иштта кхин дIа а. Дукха хан йоцуш, "Ахмат" ур-атталла тIурнене хьалахийцира – ишта цIе тиллина нохчийн хьалхарчу микроспутникна.

Кадыровн цIарх урамаш Израилехь бу. 2014 шарахь шен ден цIарх маьждиг диллира кхузахь Кадыров Рамзана. 2021 шарахь зорбанаша дуьйцура, Серберчу бусулбачу наха Нохчийчуьрчу Iедале дехар динера, шайна хьуьжар йелла аьлла – Кадыров Ахьмадан цIарх хир йу бохура иза, амма и хаам харц бира Балканашкарчу бусулбачу наха.

Санкт-Петербургера Кадыров Ахьмадан цIе лелон тIай
Санкт-Петербургера Кадыров Ахьмадан цIе лелон тIай

Казахстанехь кхиъна йолчу нохчийн йукъаралхочунна Дунаева Розина хетарехь, оьрсашкахьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан иэс ларйо бохург нуьцкъаха кочадуллуш ду. Цо бахарехь, Путинан раж йоьхча, Кадыровн цIерш лелош долчу дерриг урамийн, йартийн, объектийн цIерш йуханехьа хуьйцур йу.

"Со тешна йу, нохчаша маршонехьа дIахьош болу къийсам тIелоцург хиларх Казахстанера бахархоша. Царна хаьа, нохчий шайн латта тIе муха кхаьчна, хIинццалц уьш цигахь стенна беха а. Кадыров Ахьмадан хIолламца хилларг – иза йуьхь бен йац. Дукха ца Iаш уьш массанхьа а йохор цу", – дIахьедина Дунаевас.

Марсхьокху-баттахь Кадыров Ахьмад вина 72 шо кхачарна лерина Нохчийчохь а, Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а иттанаш даздаран барамаш хIиттор бу. Цунах лаьцна дуьйцу регионан куьйгалхочун а, правительстван а администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа тIечIагIйинчу планехь – барамаш йерриг Оьрсийчухула дIахьор бу, оцу рогIехь йу нохчий кIезга беха гIаланаш а.

  • Кадыров Ахьматан культ хьалайоккхучу барамашкахь сих-сиха берашка а дакъалоцуьйту. Масала, цуьнан Ахьмат-йуьртарчу доьшийлашкахь горгали тIаьххьара бекачу деношкахь а, цуьнан цIарахчу Соьлжа-ГIалара дешаран центрехь а. Берашка хIораза а хестабойту мехкан куьйгалхочун доьзал. Берашка ламасте йирзина ши эшар локхуьйту: цхьаъ Ахьматна, важа - цуьнан кIантана. Эшарш даимна хийцина хуьлу, амма шайн чулацамца хьалхалернаш санна хестамех, баркаллех лаьтташ.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIуш, цIерашца Нохчийчохь керла йиъ батальон - "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" вовшахтохарх дIахаийтира стохка мангал-баттахь. Уггар хьалха кхоьллинарг "Север-Ахмат" йара – полке кхачалц шорйира иза тIаьхьо. Кадыровс дийцарехь, оцу дакъошка йазвина ву кхо эзар гергга стаг – уьш берриг а Нохчийчуьра бахархой бу. Воккхахволчу Кадыровн цIе лелош йолу батальонаш Украинерчу тIамехь, Болгородан мехкан доза лардарехь а дакъа лоцуш йу. Хьалхо уьш ЧВК "Вагнеран" гIаттамхоша дIалаьцначу Ростове новкъабевлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG