ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина кIентан доттагIаллех лаьцна книга йохка дихкина Нохчийчохь


Зорбан министр Дудаев Ахьмад
Зорбан министр Дудаев Ахьмад

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министр Дудаев Ахьмад вистхилла, республикехь Мирай Мединин "Синтонимы" книга йохкар дехкар тIедожош.
Книги тIехь дуьйцу шина кIентан доттагIаллех, магин школехь цушиннан дешарх. Дудаевна хетарехь, книго пропаганда йо "нохчийн гIиллакхашца а, ламасташца а догIуш доцу оьзда воцуш лелар". Инстаграмерчу шена агIонехь видеокхайкхамбеш вистхилла министр.

Мирай Медина къона втор ю, фэнтезин а, янг адалт (кхиазхойн литература) жанрехь язъеш. Цуьнан прозехь цхьаьна ю фантастикан сюжеташ а, ЛГБТ-х лаьцна йиллина диалог а, абьюз а, буллинг а.

Нохчийчоьнан Iедалхой кест-кеста тIаьхьабуьйлу республикерчу ЛГБТ-н векалшна. Цунах лаьцна информаци яра, Европан кхерамзаллин, цхьаьнаболхбаран организацина (ОБСЕ) лерина Австрин эксперта Бендек Вольфгангана арахецначу рапортехь. Республикехь ЛГБТ-нах лоьцуш хиларх информаци тIечIагIйира Бендека, массо а хаамаша "къаьсташ" а, "юхатохалур боцуш" а бара аьлла, билгалдоккхуш.

Нохчийн гейшна дуьхьал йолийна кампани махкарчу Iедалан позици хилла ца Iаш, федералан Iедалхойн а цхьана ю элира цо. И нах хьийзорна жоьпалла Кадыров Рамзанна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а тIехь ду элира цо.

2021-чу шеран Охан-беттан 19-чохь 29 дуьненан пачхьалкхо шайн арахьарчу политикан урхаллийн сайташ тIехь хьийхира, Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла лелар дуьненаюкъаралло талла деза аьлла. ЛГБТ-юкъараллийн бакъонаш йоллу пачхьалкхашкахь, иштта, Оьрсийчоьнан Нохчийчохь а, Iалашъян кхайкхамбира ООН-н Инарла ассамблейн сессихь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена: "Вай дерриш а гIовтта деза ЛГБТ-н векалийн бакъонаш Iалашъян, кхера а ца кхоьруш, маьршша уьш бахийта".

Кху шеран Зазадокху-баттахь Евроберто санкцеш дуьхьал ехира Оьрсийчоьнна, ЛГБТ-н юкъараллаш а, Iедалхойн критикаш а хьийзорна. Дозанаш деттар хьакхаделира Устрада-гIалин хиллачу полицин хьаькамах Катаев Аюбах а, "Терек" СОБР-н командирах Висмурадов Абузайдах (Патриот) а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG