ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шишани Муслим тIамца юхатоха кечлуш ву "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тоба


Шишани Муслим (Маргошвили Мурад)
Шишани Муслим (Маргошвили Мурад)

Шемарчу Идлибехь куптоьхна волу нохчийн джихIадхойн тIемалойн командир Шишани Муслим (Маргошвили Мурад) кечлуш ву шена тIелата мегаш йолу меттигера тIемалойн тоба тIамца юхатоха. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто юкъатоьхна ву иза террорхойн тептарна.

Шишани вен везаш хиларх лаьцна къамелаш даржийнера дукха хан йоццуш "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанан куьйгалло (Оьрсийчохь терроран вовшахтохаралла лаьрра ю иза), дийцина OGN TV YouTube каналан автора Iабдул-Керим Билала. Шемарчу конфликехь хуьлург дика девза журналист ву иза.

Абдул-Каримна хетарехь, Шишанин дуьхьалончаш дуьйцу иза уьйраш латтош ву Оьрсийохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" тобанца бохуш, нохчийн командира иза масийттазза харц дина доллушехь. Оцу кеппара хаам гучубаьлла, джихадистийн тобанех лаьцна яздечу Паращук Джоаннин твитерехь.

Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь вина нохчо ву Шишани Муслим. Цо дакъалаьцна Нохчийчохь Оьрсийчоьнца хиллачу шолгIачу тIамехь. Иза командир ву "Джунуд аш-Шам" тIемалойн тобанан. И тоба а йихина ю Оьрсийчохь.

  • "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобан декъашхоша ГIадужу-бутт болалуш дIалецира Шишанин Идлибера штаб-хIусам. Амма цхьа де далале цо маьрша яьккхира иза.
  • 2018-чу шарахь Шишанис кхайкхам бинера Шемарчу оппозице, цхьаьнакхета деза вай аьлла. Цу кепара цо юхатоьхнера ша Туркойчоьнна гIо деш Шамарчу курдашна дуьхьал хиллачу операцехь дакъалаьцна бохург. Болчу хаамашца, Шишанин тобанехь нохчий боцурш дуккха а бу курдийн къомах болу тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG