ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школаш болхбан юьйлаелла Афганистанехь, амма дешархой-йоьIарий а, хьехархой-зударий а чу ца битина


Юккъерчу школашкахь Афганистанехь доьшу зудабераш школа чу ца дитина кху беттан 18-чохь. "Талибанан" боламерчу Афганистанан керла урхалхоша омра дина школе бахка кIенташна а, хьехархошна -божаршна а магош.

Малхбузено гIо латтийна Iедалхой бохийначул тIаьхьа байначу баттахь оцу исламистийн тобано дош делира, 1996-2001-чу а шерашкахь шаьш латтийначу рожал а кIеда куьйгалла лелор ду шаьш аьлла. ХIетахь школе ца лоьлуьйтура йоьIарий, ткъа зударшна дихкина дара деша а, болх бан а.

Делахь а, кху беттан 17-чохь дешаран министралло дIахьедира, кхана-лама юккъера школаш схьайоьллур ю пачхьалкхехь юха а, божаршна хьуьжарш а санна аьлла. Зударий -хьехархой а, йоьIарий-дешархой а хьахош бацара цара шайн омрехь.

Юьхьанцара школаш пачхьалкхехь деша юьйлаелла, кIентарий а, йоьIарий а шаьш-шаьш доьшуш бу, цхьаболу зударий-хьехархой а шайн белхан меттигашка юхабаьхкина.

Коронавирусан пандемина тIехула масех баттахь къевлина лаьттинчул тIаьхьа Афганистанера юккъера школаш юха а схьаелларна шаьш реза хиларх хаийтира ЮНИСЕФ-о шайн дIахьедарехь. Амма агенталло дIахьедо, "Iаламат саготта" шаьш хиларх зудебарийн дешарх хиндолчунна.

"Тхуна коьрта ду, массо а йоьIарийн, кхиинчу зудаберийн а цхьаьна, юха а шайн дешар карладаккха таро хилар. Цундела тхуна оьшу хьехархой-зударий", - аьлла ду хаамехь.

Дуккхахболу афганхой Iадийнера, стохка тIалибаша дIакхайкхийча, университеташкарчу мехкарийн деша таро хир ю, амма, божарех къастийначу классашкахь, нагахь санна, цара никъаб а, абайа а лелор елахь аьлла.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG