ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь нека массарна а Iамо деза аьлла хета Германерчу кхелана


Бусулба спортхо ю Австралехь нека деш къовсадаларшкахь дакъалаца кечлуш.
Бусулба спортхо ю Австралехь нека деш къовсадаларшкахь дакъалаца кечлуш.

Германерчу лакхарчу кхело бинчу сацамца, школашкахь некан даран урокашкахь дакъалаца декхарелахь ду дерриг а бусалба зудабераш. И сацам кхело 11 шо долчу цхьана дешархочо шена буркини  а тоъалла бусулба духар ца хета аьлла бинчу латкъамна дуьхьал тIеэцна бу.

Немцойн Карлсруэ гIаларчу лакхарчу конституционан кхеле латкъам хьажийнарг Майн тIера Франкфурт гIалара 11 шо долу бусалба дешархо яра. Аьлча, хетарехь, цу берана тIехьа лаьтташ долу цуьнан да-нана, официале латкъаман кIелахь куьг таIийнарг и жима йоI елахь а. Берана ца тайнарг – ша доьшуш йолчу ишколехь спортан урокехь нека дан Iаморехь шен дакъалаца дезар.

Цунна хетарехь, цу урокехь духуш долу духар цуьнан динца – исламца а, ткъа иштта ислам дино зударшна доха магийначу духаршца а цхьаьна ца догIу. Ткъа ишколерчу хьехархоша шена лелон магош долу, лерина бусалбачу наха бусалба зударшна кхоьллина долу луьйчуш тIедуху духар, шех буркини олуш долу, доллу дегI а, мас а хьулйеш долу, 11 шо кхаьчначу беро тоъалла хьалял, аьлча а, динан бехкамашца догIуш ца леринера. Цундела некаIаморан уроке ца оьхуш, духьал яьллачу йоIана 6 хIоттийнера спортан хьехархочо, аьлча а, Германехь ишколехь хIоттон йиш йолчох уггаре а вуо балл.

Оццу ишколерчу кхечу бусалба зудбераша лелош долу и духар а дацаре далла динах хаамаш 11 шо кхаьчначу беран боцийла а, иза хьийзош берг цуьнан доьзалера баккхийраниш буйла а массарна а кхеташ дара. Кхеташ дара иза иштта хьалхарчу инстанцешкахь йоьIан латкъамна негативе жоп деллачу немцойн кхелахошна а.

Амма Франкфуртехь шина кхело ша некадаран уроках паргIат йита йогIу, шен динан хьежамаш бахьана долуш аьлла йоIа бинчу латкъаман шайна тоъалла бахьанаш ца го, ахь буркини лелон йиш ца хиларна аьлла деллачу жоьпах тоам ца беш, 11 шо долу бер а, цуьнан да-нана а Карлсруэрчу Конституцин кхеле яьллера, цуьнга цу къовсамехь тIаьхьарлера тIадам хIоттабайта.

ХIинца кхело и тIадам хIотта а бина, цу берах хьакхаделла ца Iаш, массо а Германехь ишколашкахь доьшучу бусалба берашна а прецеденте болу сацам тIе а эцна.

Лакхарчу кхелахошна хетарехь, Германехь бусалба зудберийн кхоччуш таро ю, нека Iаморан урокехь дакъалаца, шайн дино яздечу духарий кеп а ца хьошуш.

Конституци ларйархоша шайн сацамехь билгалдаьккхина, беро шен латкъамехь тоъалла бахьанаш ца дахкадо, доллучу дуьнентIехь а бусалба зударша некадеш лелош йолу буркини бусалба динан духарийн бакъонашца йогIуш йоцуш ша хIунда лору я ша иза лелон реза хIунда яц бохучун бух балош.

Цара иштта йоьIан тидам тIебахийтина цо ша шен латкъамехь нека дечу хенахь хIара аьлла лелон билгалдаьхна духарш бусалба динехь дац, аьлла яздина хилар. Ткъа уьш дацахь, буркини вуно чIогIа магош хила декхар лерина кхелахоша.

Цул совнаха, 11 шо долу латкъамхочо, гарехь, хIинцалца схьа хьалхарчу инстанцийн кхелаша шен делла жоьпаш кхачам болуш дешначух тера дац, иза церан чулацамах кхета а ца гIуртуш, лакхарчу инстанце яьлла, аьлла хетаделла конституцин кхелахошна.

ХIунда аьлча, хьалхарчу инстанцешкарчу кхелаша лерина анализ яйтинера бусулба динан эсперташка, буркини исламехь зударшна магийначу духарех ю я яц бохург толлуш.

Ткъа вукхара дина жамI- и буркини ша тегна кIади а, тегаран башхалла а бахьана долуш тIадийча а дегIана тIелеташ йоцуш, зудчуьн дегIан кеп билгалйоккхуш а йоцуш, динан бехкамашца дукха чIогIа дика йогIуш ю аьлла дара. Цу жамIана дуьхьал яккха цхьа а аргумент латкъам бинчу берана я, ма-дарра аьлча, цунна тIехьа лаьттачу нахана ца карийнера.

Кхело иштта тидаме эцнера латкъам бинчу йоIа доьшучу ишколехь иза хилла ца Iаш, иттанашкахь кхин а бусалба бераш доьшуш хилар а, кхечу бусалба зудбераша некаIаморан урокехь буркини лелош хилар а. Цундела хIинцачул тIаьхьа латкъам бинарг а декхарийлахь йина кхело цу урокехь дакъалаца.

Цхьаццаболчу бусалба дай-наноша шайн бераш некаIаморан уроке ца дохуьйтуш, царна ницкъ бар шуьйра даьржина ду Австрехь. Маршо радиога Линц гIалин яхархочо Сайпиева Тумишас дийцира ишттачу наха шайна а, берашна а бечу тешнабехках лаьцна. Кхин хIуммаъ дацахь, хIора аьхка нека дан ца хаарна хи чу а оьхуш, леш болу нах доккхачу декъехь бусалба нах хуьлу кху Европехь, цIахь -м тешна а нохчийн цу бахьанца дукха баларш хуьлу бохуш дуьйцу цо.

Сайпиева Тумиша: „Низамаш кхара вайга хуьйцуьйтур дац. И некаIаморан урок математика а, ингалс меттан а ерш санна урок ю, иллаъ-биллаъ бер даха дезаш. ТIаьхьалонан ойла ца йо цхьаболчара. Масала, 2 нохчийн доьзал бевза суна, дас-нанас и шайн зудбер цу уроке дохуьйтур дац, аьлла, дуьхьал даьлча, ишколо берашна Iуналла дечу хьукмате хаам а бина, и бераш дIадаьхна.

И цхьа бахьана-м хилла Iийна хир дац цигахь, амма и хьукмат цу уроках бахьана а хилла, ахка йолаелча, цунна кхин а дуккхаъ хIумнаш карадо. Иза хета суна къа – Дала шен велла волу доьзалхо, шех бала а, бахьана а дина, шегара Iедале дIаваккхийтар а, цуьнга иза лелавайтар а. Ткъа некаIаморан уроке 11 шо долу бер, тIехула тIе тIехь йоьхна буркини а йолуш, дахийтар хIун къа ду?

Вай кхеран махкахь хилар сиха дийло вайна. Вайнах а, кхинболу бусалба нах а кху Европе схьакхаччалца кхеран массо а низам а, Iадат а мегаш хуьлу, веша тIеэцале и низамаш лардан кийча а хуьлу вай, делха а доьлхуш. Амма тIеэцна девлачул тIаьхьа лортIехь Iен ца хаьа-кх“.

Цу юкъана хIинца Карлсруэрчу конституцин кхело бусалба зудбераша некаIаморан урокехь дакъалаца дезаш хиларх бинчу сацамна гонахьадерг цхьаъ хилла ца Iа кху деношкахь Германехь ислам динца доьзначу дийцарех.

Немцойн канцлеро Меркел Ангелас кхо де хьалха шен партин цхьаьнакхетарехь йистхуьлуш дуьххьара официале дIахьедар дина, бусалба зударша юхькъовлуш лелош йолу никъабаш низамо магадечу массо а меттехь ехка еза, аьлла, уьш Германехь лелачу Iадаташца а, мехаллашца а цхьаьнайогIуш ца хиларна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG