ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь берашкара ахчанаш лехьор сацон гIерта Нохчийчуьра Iедалхой


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, мехкан вице-премьеро Усмаев Вахита дIахьедина, школашкахь берийн дайшкара-наношкара ахчанаш гулдарна дуьхьал болх чIагIбийр бу шаьш аьлла. Дешархошкара ахчанаш дахар – шога низам дохор ду аьлла цо.

"Меттигаш нисло, юккъерчу доьшийлашкахь ахчанаш доьху шайгара бохуш, дешархоша латкъамаш беш. Бахьанаш тайп-тайпана хуьлу – школехь кир-сир дан, классаш кечъян, хьехархошна совгIаташ дан. Елаш яхар магийта мегар дац, шога юкъарадоккхур ду оха и кхачамбацар", - аьлла Усмаевс.

Нагахь санна, шайн берашка ахча да аьлла, меттигаш нислахь, маса шайга дIахаийта аьлла, мобилан телефонан номер дIакхайкхийна цо, йа имейл тIе, йа социалан машанерчу шен аккаунтехь язде а аьлла.

Иштта, Нохчийчуьрчу дешаран а, Iилманан а министралло инстаграмерчу шайн агIонехь а цхьаьна кхайкхамбина дайшка-наношка, школашкахь шайгара ахчанаш лехьош хилахь, хаийта аьлла.

Кест-кеста хаамаш кхочу Нохчийчуьра, цхьацца бахьанашца школаша шайгара ахчанаш доху боуш. Масала, Ойсхарарчу бахархоша латкъам бинера, шайгара школан хьехархоша ахчанаш дохуш хиларх а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна. Кавказский узел агенталло яздира цунах лаьцна, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.

Нохчийчуьрчу хиламех лаьцна шайга бакъ болу хаамаш кхачон "Никх" ("Улей") проект юкъаяьккхира нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Церан Iалашо яра, махкара цхьаъ лачкъийна вигинехь, бюджетан белхахошкара бертаза Кадыровн Ахьмадан Фонде ахчанаш сецош меттигаш нислахь, цунах лаьцна шуьйрачу гонашкахь Iорадккха.

Дуккха а меттигаш нислора школехь хьехархошкара ахчанаш сецорах, дайшкара-наношкара бертаза елаш гулъярх бахархоша социалан машанашкахула хаамаш дIасакхоьхьуьйтуш, амма хIоразза а камерана хьалха а хIиттош, шаьш баьхнарг юхаэца декхаре бора уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG