ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо хьалха Нохчийчохь лазийначу Краснодарерчу омонхочунна компенсаци кхачийна


Кхел, Фемида. Гайтаман сурт
Кхел, Фемида. Гайтаман сурт

Чоьхьарчу министраллин вовшахтоьхначу ОМОН-н тобанан милцо-латархо хилла волчу Сулин Андрейна 2000-чу шерашкахь Нохчийчуьрчу тIамехь чевнаш а йина, могушаллина зен дарна пособи елла.

Краснодаран мехкан кхелехь листина долчу гIуллакхан материалашкахь ма-дийццара, милцо хилла волу Сулина Гуьмса йоьдучу коврана хадеш хилла. Каргалинская эвлана уллохь тIемалоша автоматашкара, гранатометашкара тохарш дина хилла коврана. Федералхоша дуьхьало йина. Цхьайолу граната Сулинна уллохь иккхина, тIеман комендатурин декъерчу лоьраша минан-эккхийтаран чов а, коьртан хье чухула лазийна чов а билгалъяккхина цуьнан. ЗаьIапхочун шолгIачу тIегIан билгало елира цунна тIаккха.

Къилбан федералан гонехула йолчу МВД-га шена компенсаци кхачор доьхуш арз дира цо, амма уьш дуьхьал хилира – цо билгалдаьккхина долу ахча хьехош дац нормативан акташкахь, аьллера хьукматехь. Лаккхарчу кхелан сацамна, кхечу инстанцешна тIе а тевжаш, реза цахиларан арз дира Сулино, амма МВД дуьхьал хилира и тIеэца.

2021-чу шеран товбеца-баттахь Краснодаран Октябрьскан кхело сацамбира, Сулинна компенсаци догIу аьлла, амма мехкарчу кхело 2021-чу шеран гIадужу-баттахь юхаийцира и сацам, ахча дала дуьхьал а хуьлуш. 2022-чу шеран охан-баттахь йоьалгIачу кассацин кхело гIуллакх керлачу листаре хьажийра. ТIаккха цуьнан арз къобалдира, тIамехь лазийна волчу милцочунна 300 эзар сом кхачийра.

  • Нохчийчохь Украине боьлхучу "лаамхошна" "страховка" а, кхо миллион сом а лур ду аьлла, нагахь санна, тIамтIехь лазийна хIума хилахь. Делахь а, кхелан практико гойту, тIамехь дакъалаьцнарш дукха хьолахь шерашкахь тIаьхьабевлла лелар, ур-атталла кега-мерса социалан ахчанаш а цхьаьна далийта. 1990-чу а, 2000-чу шерийн юьххьехь а Къилбаседа Кавкзерчу контртерроран операцешкахь дакъалаьцна пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара иттаннашкахь бахархой бу таханналц кхелаца къийсамаш дIахьош.
  • Нальчик гIалин кхело дуьхьало йина Геграев Далхатана 10 эзар сом компенсаци яла, 2002-чу шарахь Нохчийчохь йинчу тIеман чевнах. Цул совнах, цкъа кхачош долу ахча сецорна МВД-н пенсхочо тIедожийнера ГIебарта-Балкхаройчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а, Росгвардин урхаллина а, номер 6779 йолчу Хьалха-МартантIерачу тIеман декъана а 1,8 миллион сом.
  • Нохчийчохь шолгIа тIом болчу хенахь федералхоша Iазапехь латтийна волчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна компенсаци кхачо реза ца хилла республикан Лаккхара кхел. Тимирбулатов Михидис шена 1,5 миллион сом дехнера моралан зен дарна, психологин а, дегIан а могушалла меттахIотторан Iалашонна.
  • Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан эскарийн карах кхо шо долу Загудаев Султан кхалхар – бер делира Серноводское олучу эвлахь, 1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш динчу тохаршкахь. Компенсаци хIоттийра Загудаева Натальина вийначу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира иза. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG